Йоккхачу Атаг1а Культурин ц1ийнан куьйгалхочун балха хьажийнера со 1965-чу шарахь. Ас сайца лелош журнал дара, башха кхолламаш болчу нахах лаьцна яздеш.
Сан 1ер-вахар Юсуп-Моллин гергарчу нехан кертахь нисделлера. Суна дагадеара айса яздеш хилла журнал а, сайна Йоккхачу Атаг1ара Эсамбаева Анас дийцинарг а. Иза 1983-чу шарахь кхелхина.
Д1аяханчу заманах лаьцна дукха дуьйцура цо. Халонаш, харцонаш лайна а, гина а, доьналлица царах чекхъяьлла а яра иза. Цуьнан ц1ийнда (Эсамбаев Махьмудан воккхахволу ваша Муц1ул) 1938-чу шарахь, 1уьйранна пхи сахьт долуш, тоьпаш тоьхна вийнера, харц мотт бина, беа а бехк боцуш.
Анас дуьйцурш дукха дара. Куьзга санна ц1ена, оьзда, бусалба стаг яра иза. Ша яллалц бусалба дин ц1ена лелийна а, Далла 1амал йина а яра. Иштта ца хуьлийла а дацара. Дешначу нехан ц1ийнах яра иза, Юсуп-Моллин шича, Жабин йо1.
Вуно кхетаме, хьекъале хилларг, дика дагадог1уш яра иза, цо ма-дийццара ас яз а дина.
Анас дуьйцура:
– Тхоьга ши ж1айхо веара говрашкахь. Сан х1етахь ворх1 шо дара. Шаьшшиъ, х1ума кхаьллина, парг1атваьлча, цара Юсуп-Молле шаьш деана г1уллакх дийцира. Цо бохура шайн махкахь вехаш волчу стеган ши зуда ю. Цхьаъ мискачу нехан ю, хаза хиларна ялийна, важа хьал долчу нехан ю. Шина а зудчо х1ора шарахь зудабераш до, х1инца а церан уьш хилахь, ша уьш кех бохур бу аьлла майрачо. И х1ума шайна хезча, хьал долчу наха шайниг ца йохаяйта бер схьаоьцучу зударшна кхаъ белла хилла, нагахь мискачу зудчун божабер хилахь, иза шайчунна улло дилла аьлла. Ши зуда парг1атъяьлча, цхьа бер гуттар а ца соцуш доьлхуш хилла, иза къечу зудчун божабер хилла. «И бер соьга дакхадайтийша, соцур дацара теша и доьлхучуьра» – аьлла зудчо. Цуьнга д1аделла долу бер, накха а биъна, д1адижна. Юха а иштта д1адуьжуш хилла бер. Т1аккха къечу зудчо аьлла, и бер шен долуш санна хета шена, цуьнгара болу мохь шен кийрара болуш санна хета, и бер шен ду.
Дийцаре, къийсаме даьллера и г1уллакх. Зудчун бала кхочу нах массанхьахула леллера бакъо лоьхуш, амма дан х1ума доцуш биснера. Т1аккха уьш Йоккхачу Атаг1а Юсуп-Молла волчу хьовсийнера. И г1уллакх шега дийцича, цо: «Иза хала хуур дац. Шина а зудчуьнгара шура яккха зударша х1ума тоьгуш п1елгах буллуш болчу шина т1ари чу, Мизин терзанца оза, шура еза йолчун божабер ду».
1919-чу шарахь, Деникинан эскарша т1емашца Чехкара-Г1ала йохийча, цигахь бехачу г1алг1азкхийн х1уманаш лечкъо буьйлабеллера гуонахарчу ярташкахь беха нохчий. Т1аккха Юсуп-Моллас, и г1уллакх ч1ог1а хьарам ду аьлла, д1акхайкхийнера. И хезначара, шаьш схьаэцна долу х1ума цуьнан жимачу маьждигна хьалха деана охьадиллинера. Г1алаг1азкхий Юсуп-Моллина хьалха гора х1уьттура, бохура Анас, баркалла бохуш.
Жимачу Атаг1ахь цхьа г1уллакх къасто вовшахкхета безаш хиллера дешна нах. Юсуп-Молла цига кхача хьевелча, цхьамма аьллера: «Вай кхин хьоьжур дац цуьнга, вай ваьш къасто деза и г1уллакх».
Т1аккха вукхо аьллера: «Вай къастам-м дийр дара и, амма Юсуп-Моллас дохор ду-кх, собар де вай?!
«Цунна хуург ца хууш дац вай а, г1уллакх чекхдаккха деза», – аьлла хьалхарчо.
Шайн г1уллакх чекхдаьккхина уьш арабовлучу хенахь, салам а луш: – «Кхуза схьавог1уш, новкъахь т1аьхьа а кхиъна, наха юхаверзийна масла1атна вигнера со, нахана юккъе доккха зулам дужуш дара. Делан лаамца и д1адерзийна вог1у шуна со…», – элира схьавеанчу Юсуп-Моллас.
Цара шаьш дерзийна г1уллакх д1адийцинера, т1аккха Юсуп-Моллас аьллера: «Нийса дац-кха аш динарг».
Юсуп-Моллас вай динарг дохор ду баьхначо аьллера: «Ас шуьга ала-м элира, Юсуп-Моллас дохор ду». Т1аккха Юсуп-Моллина хуург ца хууш-м дац вай аьллачо Юсуп-Моллина, шена кхин ала х1ума ца карийча, аьллера «Шу нах делахьара шун Йоккхачу Атаг1ахь ши маьждиг а хир дацара, шинхьа рузба а хир дацара, аьлла. (Барт бац шун ала г1иртина иза).
Юсуп-Молла и гена ца далийта, забарца д1адерзийнера: «Х1ун дийр ду т1аккха? Жабраил-Малико т1ам тоьхнначохь бен маьждиг а, я рузба дан а йиш яц. Тхан юьрта ши т1ам тоьхна хилла-кх цо».
Оцу хенахь чоьхьаваьллачу Соип-Моллас (цо хьехна хилла Юсуп-Моллина) аьлла, хиъна 1ачу Юсуп-Моллина белша т1е куьг а тухуш: «Маржа Юсуп-я1, 1илманан х1орд бу-кх хьо».
Хала ду динах лаьцна яздан а, дийца а, къаьсттина хала ду д1аяханчу хенахь хиллачу 1еламнахах лаьцна яздан.
Амма и г1уллакх тесна дита йиш цахиларна а, вайн истори хиларна а яздо ас. Оцу 1еламнехан 1илманца бен хир бац вайн кхиамаш а вайн толам а.
Вайн Пайхамара (1. с.в.с) аьлла ду ма боху: Дуьне 1еламнехан 1илманций, паччахьийн 1едалций лаьтташ ду».
Цхьана дийнахь со вара Анаг1еран кет1ахь цуьнца хабар дуьйцуш лаьтташ. Сира холхазан кач болу сийна, еха пальто а юйхина, холхазан лекха куй а тиллина, вог1уш Таьмбин 1усман вара (товш, ц1ена стаг вара иза, маттана говза 1еламстаг а вара).
Ша Анина т1екхаьчча, г1иллакхехь вистхилира иза: «Ас дешначу Къуръанор, Ана, айса къуьйсу долу х1уманаш ас х1инца бен ма ца нисди, Юсуп-Моллина жайнаш сайгахь хилар бахьанехь». Ша леш (Дала гечдойла цунна), и жайнаш долчу нахе дюха а дерзийна 1усмана).
Юсуп-Моллас яздина жайнаш вайна пайдехь хир дара, дешначу, ц1еначу стага уьш гочдича.
Х1окху нахах халкъана, хьанна ц1е туху ахь, Юсуп, шега аьлча: «Изновр а, Нохи а, 1усман а, Таьмбин 1усман а», – аьлла, 1усманна т1е куьг тоьхнера Юсуп-Моллас.
Царех 1еламнах хир буй хиънера Юсуп-Моллина. Уьш х1инца цхьа а дийна вац. Амма уьш к1орггера 1илма долуш хиллийла-м хаьа нахана. Юсуп-Моллас хьехна а хилла царна.
1962-чу шарахь Шепа1ан к1ант Ахьмад веллачу тезета веанера Изновр-Молла. Цуьнгара кадам схьа а эцна, Юсуп-Моллин гергарчара элира цуьнга: «Хьо х1унда вог1ура, Изновр, тхайна Делера ял хилийта, тхо хьуна гучудовла дог1ур ма дара?» Изновра элира: «Суна цкъа а к1ордор дац кху керташка ван, суна дерриге а гергара ду кхузахь.
«Ткъа велларг Юсуп-Моллин воккхахволчу вешин, Шепа1ан к1ант вара. Шепа1 а хилла дешна стаг а, цу юьртан молла а.
Цу хенахь а хилла кхетамна к1оргера боцу нах. П1ераскан дийнахь рузбанехь гулбеллачу нахах ши тоба хиллера: цхьана тобано аьллера Юсуп-Молле, шайна хьуна т1аьхьа а х1иттина, рузба дан ца лаьа. Юкъа хан ца юлуьйтуш, хьалха а ваьлла, Саьлмирз-Моллас (Сальмурзаев Мохьмадан да) рузба дайтинера. Рузба дина чекхдаьлча, Саьлмирзас аьллера: «Юсуп-Молла, дийцарш юкъа а даьхна, рузба ца дохадайта, ас тахана рузба дайти. Хаалахь, со дийна мел ву, хьо сан къеда ву хьуна!..»
И дешнаш шайна хезча, хиънера оцу тобанна шаьш лелориг нийса доцийла. «Ма дукха ю-кха х1ара тезеташ, маца д1аевр ю-теша х1орш»? – аьлча, Юсуп-Моллас аьллера: «Дера евр ю вай д1адевлча».
Ца ваьлла букъ берзийра Моллас 1925-чу шарахь шен хьомечу Атаг1ана. Наха мотт бина, 1едало лаьцна, Аштаркхане хьажийнера иза. Цуьнан воккхахволчу вешина Шепа1-Моллина тоьпаш туху кхиэл кхайкхийнера Советан 1едало.
Тоьпаш тухучу хенахь шега оьрсаша букъ берзабе аьлча, цо хаьттинера: «Цара х1ун боху?» (Оьрсийн мотт хууш ца хиллера цунна). Талмажалла деш волчо аьллера: «Хьоьга букъ берзабе боху, тоьпаш тухуш».
Т1аккха 82 шо кхаьчначу воккхачу стага, шен озачу некхан ваз гучу а доккхуш, коч д1аса а ят1ийна, аьллера: «Схьатоха х1оккхуза, тхо 1ожаллина букъ берзош дац!».
1938-чу шарахь тоьхнера цунна тоьпаш.
Иштта зама хила иза: къонах верг къонахаллех ца вухуш, ваша верг вала а, виса а юххе х1уттуш.
Маржа-я1, хьо дуьне! Ур-аттал велча а, веза стаг шен лахьти чу вилла йиш ца хилла-кх, 1едалера бакъо ца хилча!
1926-чу шарахь Аштаркханера чувоьллинчуьра воккхахволчу к1анта Мас1уда ц1а валийна Юсуп-Молла, ч1ог1а цомгаш а волуш.
Областан администрацехь балхахь хиллачу Хайтаев 1ела-Хьаьжас шен тхов т1ехь лачкъийна а хилла иза. Велча, д1аволла бакъо а яьккхина, д1а а воьллина цо Юсуп-Молла.
Цуьнан дакъа коша чу кховдийнарг Шелара ворх1азза Хьаьжц1а ваханчу Овта-Хьаьжин к1ант Шамсудди-Хьаьжа хилла. Юсуп-Моллин доьзалшка цо аьллера: «Кхунна т1екхаьчча, 1еламнехан хаттарш соьцуш дара».
Юсуп-Молла коша чу кховдош, цо аьллера: «Х1орд санна долу 1илма кхаа аьршанна юкъахьарчий ахь. Х1инца лелар ду-кх хьо, 1илма, вала да воцуш». Иштта зама хила иза… Вайна тахана оьшург 1еламнехан 1илма ду. Юсуп-Молла махкахь дика вевзаш а, везаш а хилла. Иштта и ца хиллехь, цуьнан тезет, Анас дийцарехь, цу кепара доккха а хилла хир дацара. И д1авуллуш, тезета схьаоьхуш болчу нехан чот йина вер а вацара. Атаг1арчу шу т1е кхаччалц д1ах1иттина дара адамаш. Оццул йоккха тезет шена гина а яцара.
Оцу 1еламнехан вовшашка ларам а, безам а хилла, вовшех дагабовлуш а хилла.
Х1окху материала т1ехь сайна г1одарна Пахаев Мовлдина а, Хайтаев Лечина а баркалла боху ас.
Т.ИМАЕВ