Нохчийн байташ – белорусийн маттахь

Де дийне мел долу чIагIлуш ю Нохчийн Республикин а, Беларусин а яздархойн зIенаш. Цунна тоьшалла ду, дукха хан йоццуш вайн яздархошка, белорусийн маттахь шайн байташ зорбане евлла аьлла кхаьчна хаза кхаъ. Асаран (июнь) беттахь зорбане яьллачу белорусийн литературин-исбаьхьаллин «Палымя» журналан рогIерчу номерехь еша аьтто хир бу беларусийн матте гочйина нохчийн яздархойн байташ.

«Полымя» журналан рогIера номер

Нохчийн Республикин хIокху заманан поэзи а, проза а белорусашна йовзийтаран проект кхочушъеш, вовшах а кхетта, цхьаьна болх бира пхеа автора а, пхеа гочдархочо а. Ахматукаев Адаман байташ гочйина Алейченко Юлияс, Куна Лулин байташ Кобец Марияс гочйина, Петирова ПетIаматан байташ – Фролова Инас, Итаев ВахIидан байташ гочйина Радунь Валерияс, ткъа Мусаев Сулиман «Декхар» дийцар гочдина Матюк Баженас.

Нохчийн язархошца йолчу шайн доттагIаллин зIенех лаьцна иштта дуьйцу «Полымя» журналан жоьпаллин секретара, поэтессас, литератураталлархочо, гочдархочо Алейченко Юлияс: «Белорусийн-нохчийн литературин юкъаметтиг шорлуш, чIагIлуш ю шайн мотт, литература кхиарехь а, дуьненахь бовзийтарехь а шина агIор къахьоьгуш болу нах бахьанехь. Кхул тIаьхьа а кест-кеста нохчийн гочдарш тхан журнала тIехь зорбане даха дагахь ду тхо. Тхо долчохь сих-сиха хьошалгIахь хуьлу поэт, гочдархо Ахматукаев Адам. Даггара баркалла ала лаьа цунна белорусийн поэзин гулар нохчийн матте гочйина зорбане яккхарна. Оццул тхан поэзина, прозина тергояр тхуна мехала ду. Тхоьца гергарло лелош, тхан байташ шен агIонаш тIехь зорбане йохуш ду «Нана» журнал, цул сов, шен ешархошна белорусийн яздархойх лаьцна а дуьйцу цо».

Нохчийн поэзин анталогина тIехь гочдаран болх дIабахьа Iалашо йолуш бу белорусийн гочдархой. Цхьа а шеко йоцуш, оцу книго кхин а тIечIагIдийр ду нохчийн а, белорусийн а халкъийн доттагIалла.

ВЕГИЕВА Макка

№65, пIераска, хьаьттан (август) беттан 31-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: