Билгалбехира конкурсан толамхой

Нохчийн Республикин финансийн министерствехь дIадаьхьира «Дуьне берийн бIаьргашца: Сан Нохчийчоь» берийн конкурсан жамIашдар. Конкурс вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин финансийн министерствос а, «Молодежная смена» газетан редакцис а. Иза лерина яра Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 67 шо кхачарна.

© З.Сагаева | «Дуьне берийн бIаьргашца: Сан Нохчийчоь» берийн конкурсан толамхой билгалбахар

ХIокху шарахь борхIалгIа дIахьош яра конкурс. Нохчийн Республикин тайп-тайпанчу кIошташкарчу берийн суьрташ дара конкурсе дахкийтина. Конкурсехь дакъалоцуш Нохчийчуьрчу, Германерчу, Ставрополерчу, Дагестанерчу берийн суьрташ а дара.

Финансийн министерствон актови зала чу ваьлча гуш дерг шатайпа хаза сурт дара. Зал бес-бесарчу зезагашца, лоппаргашца кечйина яра.

Хаза кечдина божабераш, кIажарш йина, кIайн билзигаш дихкина кечделла зудабераш дара.

Конкурсан толамхой билгалбахарна леринчу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Правительствон вице-премьер – финансийн министр Тагаев Султан, жюрин председатель – Россин искусствон хьакъволу гIуллакххо, вевзаш волу суртдиллархо Адамов Илес, жюрин декъашхой: Европехь вевзаш волу суртдиллархо Ибрагимов Аюб, «Даймохк» газетан коьрта редактор Шамсудинов Бувайсар, Къоначу корреспондентийн школин директор Юнусов Хьамзат, Нохчийн Республикин финансийн министерствон белхахо Тамаева Жанна, «Молодежная смена» газетан коьрта редактор Хасиев Сайд-Эми.

Цхьаьнакхетар дIадолош вистхиллачу Тагаев Султана элира: «Ламасте дирзина схьадогIуш ду «Дуьне берийн бIаьргашца: Сан Нохчийчоь» берийн суьртийн конкурс дIаяхьар. Къоначу суьрташдахкархоша вайна гайтина Нохчийчоь шайн бIаьргашца муха го. Хазахеташ ду хIора шарахь конкурсехь дакъалоцучу берийн суьртийн барам алсамболуш хилар а, иштта кхечу регионашкара бераш хIокху конкурсехь дакъалоцуш хилар а», – элира С.Тагаевс.

Атта дацара хIокху конкурсан толамхой къасто. ХIора а сурт, декоративни-прикладни болх а лаккхара мах хадо хьакъ бара, – элира Адамов Илес.

ДIадоладелира бераша сатийсина, цхьаьнакхетаран уггаре а самукъане дакъа – толамхой совгIаташца билгалбахар:

5–7 шераш долчу берашна юкъахь 2-гIа меттиг яьккхира Хоьшкалдарчу Берийн исбаьхьаллин школин дешархочо Далхадова Зараа; 3-гIа меттиг – Гуьмсан кIоштарчу Берийн искусствон школин дешархочо Базаева Маккас.

8–11 шераш долчу берашна юкъахь 1-ра меттиг яьккхира Соьлжа-ГIаларчу №5 йолчу Берийн искусствон школин дешархочо Ахмерзаева Хедас; 2-гIа меттиг – Ойсхарарчу Берийн исбаьхьаллин школин дешархочо Асхабов Ясака; 3-гIа меттиг – Эвтарарчу Берийн искусствон школин дешархочо Бельтиева Меднис.

12–14 шераш долчу берашна юкъахь 1-ра меттиг яьккхира Девкар-Эвларчу Берийн искусствон школин дешархочо Магадаева Эльмирас; 2-гIа меттиг – Ойсхарарчу Берийн исбаьхьаллин школин дешархочо Исмаилов Мохьмада; 3-гIа меттиг – Хоьшкалдарчу Берийн исбаьхьаллин школин дешархочо Дибиров Аптис.

Иштта, жюрин декъашхоша конкурсан 3 дакъалацархо лерринчу совгIаташца билгалваьккхира. Царна юкъахь: Гуьмсан кIоштарчу Берийн искусствон школин дешархо Лулуева Хеди; Ойсхарарчу Берийн исбаьхьаллин школин дешархо Мусаева Хадижат; Гуьмсан кIоштарчу Берийн искусствон школин дешархо Висингириев Шамхан.

Дипломашца а, мехалчу совгIаташца а билгалбехира толамхой. Терго йоцуш цхьа а ца висира, конкурсан хIора а дакъалацархочунна суртдиллархочун белхан гIирсашца совгIаташ дира.

Берийн яххьашка бIаьргтоьхча гуш дара хIара цхьаьнакхетар царна доккха цIей хилла дIахIоьттина хилар. Толамхой билгалбахаран дакъа дIадирзинчул тIаьхьа къоначу суьрташдахкархошка хьоьжуш стоьмех а, марзаллех а юьзна стол яра.

З.САГАЕВА

№65, пIераска, хьаьттан (август) беттан 31-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: