Керла школаш схьайоьллур ю
Товбецан (сентябрь) беттан 1-чу дийнахь керла 11 школа схьайоьллур ю Нохчийн Республикехь. Иштта хаам бина вайн республикин дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала кIошташкарчу дешаран урхаллийн куьйгалхошца хиллачу кхеташонехь. Керла школаш схьаеллар дешаран шо долалуш нисдалар Нохчийн Республикин Куьйгалхочо
Кадыров Рамзана и гIуллакх шен тидамехь латтош хилар ду. Республикин бахархошна доккха гIуллакх ду керла 11 школа схьаеллар. Цул сов, оцу кхеташонехь дийцира школашкахь ремонташ йина йовларх а, школашна оьшучу говзанчашца, хьехархошца кхачоярх а лаьцна.
Школашкарчу компьютерийн классийн а, учебникийн а хьокъехь а хилира къамел.
Дешаран урхаллийн куьйгалхоша хаийтира шаьш хьалхарчу горгалина леринчу мероприятешна кийча хилар. Уьш шайн белхан декхаршца дика ларош хиларна царна баркалла элира министра.
З.ХИЗРИЕВА
Пачхьалкхан школа схьайиллина
Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа винчу дийнахь Соьлжа-ГIалин Ленински кIоштахь №48 йолу керла школа схьайиллина.
Цигахь дакъалоцуш вара Соьлжа-ГIалин мэр Закриев ИбрахIим. Цо элира: «Тахана схьайоьллушерг 720 дешархочунна лерина йоккха школа ю. Шуьйра сенеш, аьхна кабинеташ, йоккха столови, спортан а, актови а залаш, иштта кхузаманан дешаран гIирсаш болуш ю иза. Ленински кIоштарчу берашна керла школа схьаелар боккха кхаъ хиларал сов, кIоштан дешаран учрежденешкара болх мелла а аттачу бер бу».
Мероприятин официальни дакъа дIадаьллачул тIаьхьа Соьлжа-ГIалин къедас доIа дира. ЦIен аса хадийначул тIаьхьа берийн а, хьешийн а аьтто хилира дешаран керлачу кхерчах бIаьргтоха.
Гуьмсан кIоштахь кхин а ши школа йина
ХIокху деношкахь Гуьмсан кIоштахь схьайиллина керла ши школа: «Дружба» поселкехь №8 йолу юккъера школа а, Ишхойн-Юьртахь Абдулмежидов Мусан цIарах йолу школа а.
Даздаран хьолехь дIадаьхьира школаш схьаелларна лерина цхьаьнакхетар. Цигахь дакъалоцуш вара Гуьмсан кIоштан администрацин куьйгалхо Оздамиров Iусман.
– Тахана шайн юьртахь керла школа схьаелларх нахана доккха совгIат хилла. И дерриге а Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дешарна а, кегийрхой кхетошкхиорна а йоккха терго еш хилар бахьана долуш ду. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дIаболийна некъ дIакхоьхьуш ву республикин Куьйгалхо. ХIора шарахь схьайоьллуш ю керла школаш, тодеш ду кегийрхой кхетош-кхиоран хьелаш, – элира цо.
Аьхна кабинеташ, яккхий столовеш, спортан а, актови а залаш, иштта кхузаманан дешаран гIирсаш болуш ю схьайиллина керла ший а школа.
«Дружба» поселкера №8 йолу юккъера школа 360 дешархочунна лерина ю, ткъа Ишхойн-Юьртара М.Абдулмежидовн цIарах йолу школа 720 дешархочунна деша меттигаш йолуш ю.
З.АГАЕВА
№65, пIераска, хьаьттан (август) беттан 31-гIа де, 2018 шо