Соьлжа-ГIаларчу Ю.Дешериевн цIарахчу лингвистикин школехь даздаран хьолехь, хьаьттан беттан 28-чу дийнахь, хьехархойн ламасталлин конференци хилира. Цуьнан кхайкхам «Юкъарчу дешаран хьаьрмахь юкъараллинкорматаллийн цхьаьнакхетараллийн маьIна» аьлла бара.
Конференцин беза хьеший бара Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитель Ахмадов ШахIид, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнча Алиев Тимур, Нохчийн Республикин Парламентан депутаташ Дадаев Лоьма, Нагаев Iаднан, дешаран а, Iилманан а министр Байханов ИсмаьIал, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан ректор Халадов Хож-Ахьмад, Нохчийн Республикин дешаран белхахойн профсоюзан председатель Герзелиев Хизир, ткъа иштта, республикин юкъарчу дешаран учрежденийн директорш, хьехархой, юкъараллин гIуллакххой.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун цIарах маршаллин дош олуш, вистхилира Ахмадов ШахIид.
Цо билгалдаьккхира Нохчийн Республикехь пачхьалкхан политика кхочушъярехь дешаран дакъа кхиор уггаре а коьртачу гIуллакхех цхьаъ хилар. Оцу тIехь дерриге а деш схьавогIуш ву вайн республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан.
Дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала билгалдаьккхира Нохчийчоь дешаран керла гIишлош ярехь Россин пачхьалкхехь а хьалхарчу меттехь хилар.
«ДIадаханчу дешаран шарахь дуккха а кхиамаш, толамаш баьхна нохчий хьехархоша а, дешархоша а», – элира цо.
Цигахь И.Байхановс хаам бира министерствос а, «Просвещение» Академис а дешаран белхахойн говзалла лакхаяккхарехь, зеделларг вовшашна довзийтарехь цхьаьна къахьегарехь еххачу ханна барт бина хиларх лаьцна.
Дешаран керлачу шарца хьехархой декъалбира Ахмадов ШахIида: ««Къам кхуллуш верг хьехархо ву!», – иштта аьлла Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас. Оцу дешнийн маьIна довр дац», – элира цо.
Конференцин болх цул тIаьхьа секцешка бекъна бара.
Цигахь докладаш йира Нохчийн Республикин нохчийн меттан хьехархойн Ассоциацин председатела Бергоева Айзас. Цуьнан докладан тема яра: «Нохчийн меттан хьехархойн говзалла лакхаяккхарехь Ассоциацин меттиг».
Ингалсан меттан хьехархойн Ассоциацин председатела Абдулаева Эльвирас а йира доклад. Къоначу хьехархойн Ассоциацин цIарах вистхилира Динаев Iалихан.
Къамелаш дира Шелан, Шелковски, Итон-Кхаьллан кIоштийн дешаран урхаллийн куьйгалхоша Мусостов Аюба а, Хатуев Тоитас а, Рабуева Альберта а.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнчас Алиев Тимура шен къамелехь билгалдаьккхира хьаьттахьлера (августехьлера) конференци – иза дешаран шеран жамIаш дан а, керла стратеги билгалъяккха а дика майда хилар.
Конференцин болх берзош Россин Федерацин дешаран а, Iилманан а министерствон омранца «Россин Федерацин дешаран сийлахь белхахо» сийлахь цIе елира вайн республикерчу 41 хьехархочунна. Царах веанна оццу министерствон Сийлаллин грамоташ а елира.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№65, пIераска, хьаьттан (август) беттан 31-гIа де, 2018 шо