Маца дуьйна бевзаш бу ЧуликовгIар
ЧIуьлган цIийнан евзаш йолу фамили дуьххьара хьахош ю XIX-чу бIешеран архивашкахь долчу документашкахь. Иза дIайолийнарг ву Нохчийчохь гIараваьлла вевзаш хиллачу Таймин Бийболатан юххера бIанакъост Сайкаев ЧIуьлга – гендарганойн тайпанах хиларна, цунах Гендарганойн а олура.
Эндирей юьртарчу элас Кандуров (Кандауров) Реджеб-Хьаьжас 1807-чу шеран 27-чу августехь графе (воккхачу эле) Гудовиче ша бахьийтинчу хаамехь ЧI.Сайкаевх лаьцна яздо, иза оьшуш, мехала стаг ву, бохуш.
«Хьан сийлалла, ас хаам бо шина накъостаца цхьаьна Нохчийчу юхавогIуш, со нохчийн ткъа юьртахь хилла хиларх лаьцна. Цигахь ас дIакхайкхийра, хьан сийлалла, хьан омра. Цара соьга хаийтира шаьш Россин куьйгаллина кIел дахка реза хиларх лаьцна. И бахьана долуш ас дош делла сий-ларамечу дуккха а юьртадайшна, Россин эскарша Нохчийчохь дина зенаш меттахIитто, церан сий-лараме хьаьжжина ахча дала, дерриге а 2 850 сом. Нагахь санна цкъа хьалха ахча ца гайтахь, уьш тешо чIогIа хала ду… КхитIе а хаам бо ас тоьллачу юьртдена Жимачу АтагIарчу ЧIуьлгина а, Шела юьртарчу Таймин Бийболатана а капитанан даржаш дала хьан цIарах айса дош делла хиларх лаьцна, алапа а дуьллуш. И бахьана долуш, цара даггара болх бийр бу, шаьш муьтIахь хилар а гойтур ду».
Лакхахь вай далийначу документо ЧIуьлга Жимачу АтагIара хилла бохуш дийцахь а, амма цуьнан тIаьхьенах цхьаъ хиллачу ЧIуьлга-Юьртарчу Алиев Сайд-Мохьмада (1926 – 09.01. 2009-гIа шераш) чIагIдора ЧIуьлга Хьалха-МартантIера хилла хилар. Оцу гIалин дозанашкахь хIинца а йолуш ю «Серийн аре» олу меттиг.
Хьалха цигахь гендарганойн тайпанах волчу ЧIуьлган цIарах ЧIуьлга-КIотар олуш жима юрт яра.
Сулейманов Ахьмадан «Нохч-ГIалгIайчоьнан топономи» цIе йолчу книги тIехь юьйцуш ю Хьалха-Мартан къилбехь, Марта хин аьтту агIорчу йистехь йолу «Серийн тогIи» олу меттиг. Ткъа Хьорсане юьртана юххехь ду «ЧIуьлган Iин». Оцу меттигашкахь ваьхна хила а тарло ЧIуьлга.
ЧIуьлган цIийнах лаьцна мехала хаамаш битина «Нохчийн халкъан историн агIонаш» цIе йолчу шен книги тIехь Хьалха-МартантIерчу Россин Турпалхочо Эльмурзаев Юсупа (псевдоним – Нохчуо). Иза ша а вара гендарганойн тайпанах. Цо дийцарехь, ЧIуьлган кхо ваша хилла: Исмайла, Меза, Нойрби.
Церан ден цIе Сайка яра. Церан цIийнах хилла Iанхот – Янхот. ЧIуьлган воккхах волчу вешин Исмайлин кIант – Исмайлин Дуда – нохчийн халкъан кхоллараллехь – иллешкахь – гIараваьлла вуьйцуш хилла. Документаша дийцарехь, Исмаилов Дуда вина 1785-чу шарахь.
1824-чу шарахь Россин Правительствона гIуллакх дан вахара иза, милицин поручикан дарже кхаччалц гIуллакхехь кхиира Дуда. Тешаме хилла, хьанал гIуллакх дарна цунна 1852-чу шеран лахьанан (ноябрь) баттахь дуьйна валлалц шарахь 224 сом 25 кепек пенси диллира. Ткъа Исмаилов Дуда кхелхинчул тIаьхьа, поручика тIехдика гIуллакх дарна, цуьнан хIусамнанна Маймина цуьнан йоIаца Додаликица цхьаьна 149 сом пенси лора.
ЧIуьлга-Юрт йиллар
Маьршачу дахаре юхаверза сацам бина, Сайкаев ЧIуьлга Хьалха-МартантIера ваха-Iен, Нохчийчоьнан Теркайисте дIавахара. Цигахь цо 1808-1809 шерашкахь йиллира ЧIуьлга-Юрт. Иза кхелхина XIX-чу бIешеран 30-гIа шераш дуьйлалуш. Ша йиллинчу юьртарчу кешнашкахь дIавоьллина волу хьалхара стаг ву иза.
Цул тIаьхьа юьртан долахо хIоьттира цуьнан цхьаъ бен хилла воцу кIант Чуликов Сулейман. Иза дуьххьара хьахош ву 1834-чу шеран документашкахь.
1834-чу шарахь Чуликов Сулейманан 23 шо хилла. Делахь-хIета, иза 1811-чу шарахь вина ву. XIX-чу бIешеран 30-чу шерашкахь Сулейман лейб-гвардин Кавказски-Горски ахэскадронан юнкер хилла. Ишери-гIалахь (Ищерски станица) командировкехь гIуллакх деш вара иза. Юьртден даржехь волуш шарахь 180 сом алапа оьцура цо.
1834-чу шеран хьаьттан (август) беттан 30-чу дийнахь табельца Буру-ГIалин (Владикавказ) уездни казначействера 209 сом 55 кепек алапа оьцура цо, тIаьхьа и алапа 167 сом 14 кепекана тIекхаччалц лахдира.
1837-чу шарахь Чуликов Сулейманах корнет вира. Цунна дашочу а, даточу а мидалшца совгIаташ а дира: «1839-чу шарахь Ахульго гIап схьаяккхарна» цIе йолу дато мидал, 1840-чу шарахь 4-чу даржан «Майраллина» цIе йолу Сийлахьчу Аннин орден елира цунна.
1864-чу шарахь С.Чуликов поручик веш, даржехь лакхаваьккхира.
1865-чу шарахь поручикана С.Чуликовна кхин цхьа совгIат а дира – 3-чу даржан Сийлахьчу Станиславан орден елира цунна.
1852-чу шарахь Грозни гIопехь «Нохчийн халкъана тIехь урхалла» цIе йолу учреждени йиллира. Цунна юкъайоьдура «Мехкакхелан» тайпана йолу цхьаьнакхетаралла. Иза «Махками-Чачани» аьлла, цIе а тиллина, нохчашна оьрсийн администрацис йиллина яра.
Оцу учрежденин хьалхара кхеташо хилира 1852-чу шеран мангалан (июль) беттан 25-чу дийнахь Грозни гIопехь. Оцу цхьаьнакхетарехь халкъан векалша кечйира Шемалца тIом болчу хенахь дайна латтанаш а, кхиболу бахам а меттахIотторан хьокъехь болчу лехамийн хенаш (итт шо) маьршачу нохчашна билгалйохуш йолу бакъонаш.
Делегаташа тIеэцначу документа тIе Iаьрбийн маттахь куьг яздира Гендергенов (Чуликов) Сулеймана. Цул сов, оцу документа тIе сий-ларамечу къаношца цхьаьна куьг яздира ЧIуьлга-Юьртарчу лоруш волчу кхечу вахархочо а – аргIанойн тайпанах волчу Мисирбиев Долакъа а.
Шен ден долахь хилла латтанаш документашца шен долахь чIагIдар Iалашо йолуш, 1862-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь поручика Чуликов Сулеймана цуьнан хьокъехь дехар яздо Теркан областан эскарийн командующига эле Святополк-Мирскойга: «Сан да оьрсийн эскаран поручик хилла ЧIуьлга 1809-чу шарахь Терк хин аьтту агIор, Моздокан полкан Ищерски станицина дуьххьал ваха-Iен хиира. Оцу меттигана ЧIуьлга-Юрт аьлла цIе тиллира. Карарчу хенахь а цу меттехь ю иза. ХIинца воцуш волчу тхан ден хIетахь дуьйна шен долахь яра и юрт а, цунна гонаха долу Боьхна-Боьр олуш долу лаьттан цхьа дакъа а. Оцу лаьтта тIехь хIора шарахь йол хьокхура цо, бахархоша гуттар оцу юьртан да лорура иза. Сан да веллачул тIаьхьа и латта сан долахь дисина. Иза 3 чаккхарма деха а (1 чаккхарма – 1,06 километр ю), 1 чаккхарма шуьйра а ду. Юьртан бахархой и латта сан дех диснийла хууш а, лардеш а бу. Сан дех дисина долу и латта законехь сан долахь хилар чIагIдан лууш, ас хьан лаккхарчу куьйгалле доьху и билгалдаьккхина долу лаьттан дакъа тIаьхьарчу тIаьхьенна а сан дола доккхуш, къастор. Цуьнца цхьаьна, ас доьху сан дас еххачу хенахь а, хьанал а махкана гIуллакх дар а, Оьрсийн Iедална муьтIахь хилла хилар гайтар а тидаме эцар».
И дехар жоп доцуш дисира. Цул тIаьхьа Чуликов Сулеймана оццу гIуллакхах лаьцна 1867-чу шарахь юха а дехар до Нохчийн округан хьаькаме: «Лаккхарчу Сийлаллин Нохчийн округан хьаькаме, эле полковнике, делла совгIаташ долуш волчу Муравьевга.
Поручикера Чуликов Сулейманера.
Дехар.
Эскарехь поручикан чинехь гIуллакх деш хиллачу, хIинца воцуш волчу сан дас хIинца а йолуш йолу ЧIуьлга-Юрт йиллира 1808-чу шарахь. Iедална муьтIахь а, лаьмнашкахь, Нохчийчохь лоруш а, сий деш а волу иза ша ца кхоош, дерриге а дарца пайдехь хила гIерташ вара, ша даггара муьтIахь волчу оьрсийн Iедало кхиамаш бахарна гIуллакх деш вара иза. Терк хин аьтту агIор ЧIуьлга-Юрт йилларо ша а къеггина гойту… оцу хин аьрру агIор бехаш болчу бахархойн паргIатонан цо гIайгIа беш хилла хилар а. Шена а, шен доьзална а иза хIора минотехь кхерам болуш доллушехь. Иза йилларан Iалашо яра Императоран Паччахьан куьйгаллина кIел болу… бахархой хьалхарчу рогIехь ларбар, цул сов, бахархошка юьртахь гуттаренна а баха ховшаре кхойкхуш, цуьнан дагахь дара вайн дозанаш шордар а, оцу юьртах тIейогIучу хенахь вай ден долчу гIуллакхийн чIагIо яр а.
Пайдехь хиларе терра къастийна а, сий-ларам болуш а, муьтIахь а, чIогIа оьшуш а хиллачу сан дас гIайгIа ца бира ша дIалаьцна долу латта шена тIехь законехь чIагIдаран, хаддаза пачхьалкхан гIуллакхехь а волуш, цо правительствона гIуллакх дира. ХIетахьлерчу куьйгалло, цо деш долу пайдехь гIуллакхаш а гуш, цо дIалаьцна, цуьнан цIарах долу латта цуьнан долахь дитира… Цуьнан цхьаъ бен воцу тIаьхье, верас хиларе терра, сайна законаш цадовзарна, со а ца гIоьртира и латта сайна тIечIагIдан, барта аларца цкъа делла долу латта сайгара дIадоккхур дац аьлла хеташ.
… Амма 1862-чу шарахь Теркан наибство юьллучу хенахь хIинца а ЧIуьлга-Юрт олуш долу и латта оцу наибствон бахархойн лаьттан юкъарчу дакъошна юкъадахара. ХIинца воцуш волчу сан дас а, ас а динчу гIуллакхех лаьцна гулбина болу хаамаш а бевзаш, изза шо чекхдолуш, Нохчийн округан хьаькам хиллачу инарла-майора Кундуховс № 3278 йолчу эсаран (октябрь) беттан 27-чу дийнахь рапортаца Теркан областан эскарийн командующига дийхира и латта сан долахь дитар, амма суна хIара хан тIекхаччалц хууш дац оцу гIуллакхехь хIун сацам хилла, сан хIинца воцуш волчу дас а, ас а дина гIуллакхаш а, бина пайда а оьрсийн Сийлахь-Йоккхачу Правительствос дицдийриг цахиларх вуьззина тешна а волуш, цуьнга хьоьжуш ву со…».
ТIаьххьара а Чуликов Сулейманна 1879-чу шеран хьаьттан (август) беттан 28-чу дийнахь Теркан областан Соьлжан отделехь 100 дистин латта къастийра.
Дайшкара дуьйна шайн долахь латтанаш долуш хиллачу нохчийн эпсарех лаьцна дуьйцуш, царна юкъахь хаам бо: «Поручик Чуликов Сулейман. Йоккхачу Нохчийчохь латта дара цуьнан. Цуьнан дас Терка тIехь юрт йиллина: «Чуликовна тIаьхьарчу тIаьхьенна а дола дан 100 дистин латта къасторан хьокъехь болу сацам тIеийцира иза веллачул тIаьхьа. Сулейман кхелхира 1876-чу шеран 13-чу апрелехь. Цунна делла хилла долу латта цуьнан берашна дIасадийкъира. Ша валлалц Чуликов Сулейман ЧIуьлга-Юьртан да вара. Густафьев Петр коьртехь а волуш, 1864-чу шеран оханан (апрель) беттан 14–26-чуй деношкахь ЧIуьлга-Юьртахь яра латтанийн дозанаш билгалдохуш йолу комисси.
Оцу юьртан лаьттан дозанаш къасточу хенахь тешаш бара Нохчийн округан депутат эла Алхазов Карасай, Моздокан гIалагIазкхийн полкан хорунжи Негоднов, Ищерски гIалагIазкхийн станицина тIера Шегров Зот; ЧIуьлга-Юьртан ден Чуликов Сулейманан векал хилла цигахь вара Мисербиев Долакъа, ткъа иштта, Чуьлга-Юьртан сий-ларам болу къаной: Дуказов Нур-Мохьмад, (Центуров), Вачалаев ГIерби, Булатбиев Шама, Гиреев Бамболат, Дабоев ГIерби, Ганжебиев ВахIаб, ткъа лаьттан дозанаш билгалдахаран хьокъехь долчу документа тIе йоза-дешар хууш боцчу церан цIарах куьг яздира Лакха-Невре юьртан къедас Iазис. Оцу документо билгалдоху элийн ЭльдаровгIеран, ТаймазовгIеран, БенаЮьртан, Ищерски станицин латтанашца долу ЧIуьлга-Юьртан дозанаш.
Оцу шерашкахь Эмасуле олучу меттехь вехаш вара корнет эла Таймазов Солтахан, ткъа Калаусана гена йоццуш яра элан Эльдаров Мундаран Уматгирин кIотар. Лаьттан дозанаш дIасакъасточу хенахь Уматгира цIахь вацара, цунна хьалхара документа тIе шайн цIийнан мухIар таIийра цуьнан нанас – элан зудчо Эльдарова Ханбикас.
Чуликов Сулейманан тIаьхье
Чуликов Сулейманан виъ кIант вара: Уьлби, Шахьби, Махьма, Iабдулкъедар. Царах уггаре а сий-ларам болуш вара воккхах волу Уьлби – подполковникана тIекхаччалц чинехь лакхаволуш, эскарехь гIуллакх дира цо.
1885-чу шеран чиллин (февраль) беттан 28-чу дийнахь яздинчу документаца нийса а догIуш, иза вина 1829-чу шеран чиллин (февраль) беттан 1-чу дийнахь. Хаддаза болх бечу Теркан милицин 4-чу декъан командиран даржехь вара иза, эскаран дошлошна юкъахь вара. Цунна совгIаташ динера 2-чу а, 3-чу а даржийн Сийлахьчу Аннин, тарраш а, бант а луш, 2-чу даржан, 3-чу даржан Станиславан орденашца а; 1853–1856-чуй шерийн тIеман иэсана Андреевски ленти тIехь сирлачу борзанан, «1857–1859-чуй шерашкахь Нохчийчоь а, Дагестан а муьтIахь еш, караерзорна» цIе йолчу даточу а, 1877–1878-чуй шерашкахь хиллачу Туркойн тIеман иэсана сирлачу борзанан мидалшца а, «Кавказехь гIуллакх дарна» аьлла йолчу мидалца а, гIажарийн 4-чу даржан «Лоьман, Маьлхан» орденца а.
Цунах лаьцна яздина дара: «Теркайистерчу нохчех, Теркан областерчу Гендарганойн сий-ларам бечу цIийнах схьаваьлла ву, Мухьаммад Пайхамаран (I.с.в.с) дин лелош ву, ден-ненан хIусамехь кхетош, кхиийна, оьрсийн маттахь деша а, яздан а хаьа. Шарахь 795 сом алапа оьцуш ву. Цунна тIе юучунна-молучунна 138 сом ло. Луш дерг дерриге а 933 сом ду. Ши зуда ю: Ханым, ГIавхар, бераш ду: 1865-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 27-чу дийнахь) вина Юсуп, 1883-чу шеран кхолламан (январь) беттан 22-чу дийнахь вина Муса, ши йоI: 1872-чу шеран бекарг (март) беттан 23-чу дийнахь йина Зайнап, 1875-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 12-чу дийнахь – Пирдоз. Зударий а, бераш а Мухьаммад Пайхамаран (I.с.в.с.) дин лелош ду. Бахамах Теркан областехь Паччахьо делла йиъ бIе чаккхарма латта ду. Россин пачхьалкхан ширачу тептарийн архивехь (Российский государственный архив древних актов) Iалашъеш ю Теркан областан Грозненски округехь майорана Уь.Чуликовна къастийна, 400 десятин латта даларан 1857-чу шарахь чIагIйина йолу тайптайпанчу беснийн план».
Чуликов Уьлби 1845-чу шарахь лейбгвардин герзлелорхо хилла Кавказан дошлойн-ламанхойн ахэскадронехь гIуллакх дан вахара. Цул тIаьхьа ши шо даьлча юнкеран дарж делира, «Дуккха а шерашкахь эскарехь гIуллакх дарна 1849-чу шарахь корнетан дарж долуш вара иза, ша къаьстина йолчу Кавказан корпусехь дошлойн эскаран декъе а воккхуш.
1850-чу шарахь Донан гIалагIазкхийн № 19 йолчу полкана юкъавахийтира. И полк Дона тIе дIаяхийтича, Донан гIалагIазкхийн №12 йолчу полке ваьккхира, талмажан даржехь, ша къаьстина йолчу Кавказан корпусан штабехь а вуьтуш. ГIуллакх дарехь билгалваларна 1852-чу шеран 6-чу июлехь подпоручик, ткъа 1856-чу шарахь поручик веш эскарехь лакхаваьккхира.
1856-чу шарахь Лаккхарчу куьйгаллин омрица Кавказан эскарна юкъавахийтира иза. Ткъа 1859-чу шарахь Нохчийн округан хьаькам волчохь оьрсийн маттера талмаж вахийтира.
Эскарехь тIехдика гIуллакх дарна Чуликов Уьлби 1861-чу шарахь штабсротмистр, ткъа цул тIаьхьа дукха хан ялале чинехь ротмистр веш лакхаваьккхира. Теркан областан юккъерчу эскаран отделан хьаькам волчу талмаж а вахийтира.
1867-чу шарахь майоран дарж делира Уьлбина. Цул тIаьхьа талмаж хиллачуьра дIа а ваьккхина, хаддаза болх беш йолчу Теркан милицин 5-чу декъан командиран гIоьнча, ткъа дукха хан ялале оццу декъан командир хIоттийра Уьлби. Цул тIаьхьа масех шо даьлча подполковникан цIе елира цунна.
Эскарехь гIуллакх деш, билгалваларна цунна совгIаташ дира 3-чу даржан Сийлахьчу Станиславан орденца, таррашца а, бантаца а цхьаьна, 3-чу даржан Сийлахьчу Аннин орденца, 2-чу даржан Сийлахьчу Станиславан орденца, таррашца цхьаьна. И совгIат керстанаш боцчарна хIиттийна дара. Кавказан тIеман округехула долчу омрица дIакхайкхийначу Лаккхарчу куьйгаллин лаамца Чуликов Уьлбина бакъо елира ГIажарийн шахо (паччахьо) елла йолу 4-чу даржан «Лоьман а, Маьлхан а» орден лело.
Эскарийн чинашкахь 25 шарахь гIуллакх дарна 4-чу даржан Сийлахьчу Владимиран орден а, ткъа иштта 2-чу даржан Сийлахьчу Аннин орден а елира. Документаша чIагIдо 1883-чу шарахь подполковник Уь.Чуликов хаддаза болх беш йолчу Теркан милицин 5-чу декъан командир а волуш, Соьлжа-ГIалахь вехаш хилла хилар.
Чуликов Уьлби кхелхина 1889-чу шарахь. Цул тIаьхьа цуьнан кIантана а, цуьнан шина зудчунна а пенси диллира шарахь дерриге а 286 сом 66 кепек. Уьлбин воккхах волчу кIанта Юсупа дешар Iамийра Буру-ГIаларчу тIеман гимназехь. Цул тIаьхьа чекхъяьккхира Елисаветградски дошлойн юнкерски училищен 1-чу декъан курс.
1885-чу шарахь эскарехь гIуллакх дан волавелира иза. Корнет, поручик, штабсротмистр, ротмистр хуьлуш, эскарехь гIуллакхдарехь кхиира.
1893-чу шарахь Чуликов Юсуп хаддаза болх беш йолчу Теркан милицин валале хьалха цуьнан да командир хиллачу декъан командир хIоттийра, шарахь 579 сом алапа а луш.
1905-чу шарахь ротмистр Ю.Чуликов Грозненски округан 1-чу декъан хьаькам а, цуьнца цхьаьна тIеман-дошлойн декъан заведующи а хIоттийра.
Грозненски округан хьаькама подполковника Поповс иштта яздира Чуликов Юсупах лаьцна: «Ша меттигерчу бахархойх а волуш, законаш лерина лардеш, озабезамаш ца беш, собаре, вухавер воцуш хиларна меттигерчу бахархоша сий деш а, лоруш а ву. Шен гIуллакх девзаш а, хьанал кхочушдеш а, шен декхарна муьтIахь а хиларца къаьсташ ву».
Доцца аьлча, Поповс билгалдаьккхира ротмистр Ю.Чуликов лаккхара дикаллаш йолуш хилар.
Уьлбин ваша Шахьби (цхьаццадолчу документашкахь Шахьболат, я Шаби) эскарехь гIуллакх дан волавелира 1846-чу шарахь.
1867-чу шарахь поручикан чин делира цунна. Паччахьна а, Даймахкана а тешаме хилла гIуллакх дарна 1879-чу шарахь Теркан областан Соьлжан отделехь 100 дистин латта делира Шахьбина. Документаша дийцарехь, 1893-чу шарахь Ш.Чуликов СоьлжаГIалахь вехаш вара, дуккха а шерашкахь эскарехь гIуллакх дарна 290 сом пенси а долуш.
Чуликов Шахьби кхелхина 1893-чу шеран хьаьттан (август) беттан 3-чу дийнахь. Шахьбин кхо кIант хилла: Ахьмад, ИсмаьIал, Мохьмад. ИсмаьIалан кIант Чуликов Мохьмад Соьлжа-ГIалара реальни училище чекх а яьккхина, 1913-1914-чу дешаран шарахь Императоран Санкт-Петербургера университете лаккхара деша дIахIоьттира.
ДУХАЕВ Адам – Нохчийн Республикин Правительствон архивийн урхаллин белхахо
Кечйинарг – С. МАГОМАЕВ
№65, пIераска, хьаьттан (август) беттан 31-гIа де, 2018 шо