Пачхьалкхан тIегIанехь билгалдоккхур ду Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачар

Россин Правительствон тIегIанехь дIаьдаьхьна Соьлжа-гIалин 200 шо кхачарна лерина даздарш дIадахьарна кечамбаран а, уьш дIадахьаран а гIуллакхаш цхьаьнадалоран вовшахтохараллин комитет вовшахтохар. Вайн дерриге а халкъана юьхькIам болуш хIума ду иза. Оцу вовшахтохараллин комитетан куьйгалхо ву Россин Правительствон Председателан заместитель Мутко Виталий. Цу хьокъехь болчу сацамна куьг яздина Россин Правительствон Председатела Медведев Дмитрийс.

Комиссина юкъахь ву Россин Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волу министр (вовшахтохараллин комитетан председателан заместитель) Чеботарев Сергей, Нохчийн Республикин Правительствон Председатель Хучиев Муслим, Нохчийчоьнан Правительствон Председателан хьалхара заместитель Тумхаджиев Iийса, республикин Правительствон Председателан заместитель Ахмадов ШахIид, Россин гIишлошъяран а, коммунальни-хIусамийн бахаман а министран заместитель Гордеев Юрий, Россин финансийн министран хьалхара заместитель Горнин Леонид, Россин могашаллаIалашъяран министран хьалхара заместитель Яковлева Татьяна, Россин культурин министран заместитель Ярилова Ольга, хIаваан транспортан Федеральни агентствон хIаваан транспортан Къилба регионашна юкъарчу территориальни урхаллин хьаькам Исаев Владимир, Соьлжа-ГIалин мэр Закриев ИбрахIим.

Вовшахтохараллин комитетан хIора а декъашхочунна тIедехкина билггал декхарш ду.

Цара хIинцале дIадолийна уьш лаккхарчу жигараллица а, жоьпаллица а кхочушдар.

Къаьсттина мехала декхарш лаьтта Соьлжа-ГIалин къоначу мэрана И.Закриевна хьалха: цунна шатайпа корматаллин зер ду иза, хIунда аьлча, эсаран (октябрь) беттан 5-гIа де тIекхачале, сурт санна хазйина, къагийна дIахIотто езаш ю вайн республикин пачхье.

И де тIекхачале чекхбаха безаш вуно дукха белхаш бу. Цундела вайх цхьаьннан а бакъо яц оцу белхашкахь дакъа ца лоцуш, юьстах хIиттина Iан. Вайн массеран юкъара шахьар, вайн дозалла ду Соьлжа-ГIала а, цуьнца доьзна мел дерг а.

С.ХУСЕЙНОВ

№66, шинара, товбецан (сентябрь) беттан 4-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: