Россин Журналистийн союзан «Журналистика а, юкъаралла а» форум – Соьлжа-ГIалахь

Россин Журналистийн союз кхоьллина 100 шо кхачарна а, федеральни а, регионийн а журналистика цхьаьнатохарна а лерина йолу хаамийн «Журналистика а, юкъаралла а» форум дIаяьхьира хIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу Зорбанан цIийнехь. Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон гIоьнца иза вовшахтоьхнарг яра Россин Журналистийн союз.

© Лорсанов Лом-Iела | Соьлжа-ГIаларчу «Инфоруман» президиум

Форумехь дакъалоцуш вара Россин Журналистийн союзан председатель Соловьев Владимир, Союзан секретарь Шафир Тимур, Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь йолу граждански юкъаралла кхиоран а, адамийн бакъонашларъяран советан председатель Алиев Тимур, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат, Роскомнадзоран Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин куьйгалхо Мунаев Адам, Нохчийн Республикин Журналистийн союзан председатель Исмаилов Илес, иштта, Россин бевзаш болу журналисташ-эксперташ, Россин тайп-тайпанчу регионашкарчу а, меттигерчу а шуьйрачу хаамийн гIирсашкара журналисташ.

Гулбеллачаьрга маршалла а хаьттина, Соловьев Владимира билгалдаьккхира форум дIаяхьар шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалшна чIогIа маьIне хилар.

ХIара форум журналистикин проблемаш йийцаре яран мехала майда ю. Цо журналистикин лазаме гIуллакхаш Iорадоху, иштта, вовшашна зеделларг а довзуьйту, журналистийн болх тобарехьа шайна хетарг а довзуьйту. ХIара санна дIаяхьа леринарг ерриге 29 форум ю, хIунда аьлча, хIара форум дуьххьара дIаяхьа тхуна дагадеачхьана дуьйна, дакъалаца луурш дуккха а бу, – элира В.Соловьевс.

Цо, иштта дийцира, Россин Журналистийн союз даима а кхуьуш хиларх лаьцна а.

Цо билгалдаккхарехь, Россин Журналистийн союз уггаре а яккхийчех йолу йозуш йоцу юкъараллин организаци ю. Ерриге а Россехь 82 отделени ю цуьнан, ткъа Союзан 80 эзар гергга декъашхо ву.

Умаров Джамбулата Россин Журналистийн союзана баркалла элира тайп-тайпанчу регионашкарчу журналисташна вовшашна зеделларг довза аьтто болу и мехала форум вовшахтохарна а, дIаяхьарна а.

Иштта, цигахь къамелаш дира Шафир Тимура а, Алиев Тимура а, Мунаев Адама а, Исмаилов Илеса а.

Россин юкъарчу халкъан фронтан Нохчийчуьрчу отделенин шуьйрачу хаамийн гIирсашца болх барехула йолчу координатора Бангаева Залинас журналисташна йовзийтира шуьйрачу хаамийн гIирсашна лерина йолу media.onf.ru проект.

Форуман гурашкахь журналисташна лерина мастер-классаш дIаяьхьира «Русский репортер» журналан коьртачу редактора Лейбин Виталийс а («Репортаж: хилларш, бакъдерг, авторна хетарг»), медиаталламхочо, Россин Журналистийн союзан секретара Загитова Юлияс а («Социальни сетийн медиатрендаш»), SNMG коммуникацийн агентствон керлачу бизнесан департаментан директора Запятой Даниила а («Керла медиа а, «шира» шуьйрачу хаамийн гIирсаш а: конкуренцина тIера коллаборацина тIекхаччалц»).

I.МУРТАЗОВ

№66, шинара, товбецан (сентябрь) беттан 4-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: