Зандакъа хи далийна

Хи далоран белхаш чекхбовларна леринчу  гIуллакхехь дакъалецира  Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров  Рамзана.

Юьртан  бахархошна  хьалха къамел деш, Республикин  Куьйгалхочо  билгалдаьккхира ламанан  ярташкара  Iер-дахаран хьелаш, доцуче хи  далош, некъаш  тодеш, де-дийне даларца  кхин а  толург  хилар. Цо иштта баркалла элира   йоццачу  хенахь  ламанан халачу хьелашкахь  хи далоран   белхаш   вовшахтохарехь дика  къахьегначу  шен  гIоьнчина Хататаев Амхьадна,  Нажи-Юьртан  кIоштан  адаминистрацин  куьйгалхочунна  Гарбаев Iабдул-Керимна, берриге белхалошна а.

Бинарг  кIезиг болх бац. Дагадаийта лаьа, 2014-гIа шо  чекхдолуш, 26-чу декабрехь, Нохчийн Республикин  Куьйгалхочун  пресс-конференцехь  «Грозный»  телеканалан  журналиста, Зандакъа юьртан  вахархочо  Шамсуддинов  Эзер-Iелас довзийтира шайн  юьртара  хица  доьзна   хьал. Цул  тIаьхьа  дукха  хан  ялале,  нийсса аьлча, Керлачу  шеран  1-чу дийнахь  дIаболийра хинан  биргIа йилларан  белхаш. Де-буьйса  ца  лоьруш, мел  шийла  де  хиларх  ца  сацош, 16 дийнахь  къахьийгира   100  гергга стага. Атта  дацара  лаьмнийн  даккъашкахула, хьаннашкахула, Iаннаш  хедош, 15 км. йохалла хинан биргIа  йилла. Январан 17-чу  дийнахь, Республикин  Куьйгалхочо  билгалйинчу  хенал  дикка хьалха, вай  лакхахь  билгалдина   ма-хиллара, дIадаьхьира  хи  юьрта  кхачорна   лерина гIуллакх. ХIинца  дуьйна  дIа  юьртахойн таро  ю  дууш-молуш  Яьсси-хих  пайдаэца. Оцу  гIуллакхах  баккхийбина а  ца  бовлу зандакъой. Берриге а юьртахойн  цIарах  Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна цо  динчу  беркатечу  гIуллакхана  даггара  баркалла  элира  Шамсуддинов  Эзар-Iелас.

Хь.АБАЕВ    

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: