Нохчийн Республикин Къоман музейхь Москварчу суьрташдахкархойн Рябова Еленин а, Богданова Мариян а суьртийн «Пейзажи вдохновения» гайтам схьабиллина хIокху деношкахь. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 67 шо кхачарна лерина бу иза.

Суьрташдахкархойн белхех лаьцна шена хетарг а олуш йистхилира Къоман музейн директоран Iилманан декъехула хьалхара заместитель Эльбуздукаева Тамара.
– ХIора а суртдиллархочун шен цхьа кеп а, хатI а хуьлу. Иштта, Рябова Еленин а, Богданова Мариян а суьрташкахь цхьа шатайпаналла хаало. ХIоранна а церан суьрташка хьожучу хенахь, шен синна гергара цхьа хIума карор ду аьлла а хета суна. Шайн суьрташкахь Iалам къаьсттина хаза гайтина суьрташдахкархоша. Хазахеташ ду тахана вайн Къоман музейхь хIара тайпа гайтам дIахьош хилар, – элира цо.
Гайтам схьабиллинчул тIаьхьа, баьхкинчеран таро хилира хIора а суьрте леррина хьажа. Авторийн балхех лаьцна дуьйцуш музейн белхахочо экскурси яйтира хьешашка.
Хьовсархойн кхиэле диллинарг дерриге а 58 сурт ду.
Гайтам товбецан (сентябрь) беттан 21-чу дийне кхаччалц лаьттар бу.
З.ЛОРСАНОВА
№66, шинара, товбецан (сентябрь) беттан 4-гIа де, 2018 шо