Лор Иванов Сергей Нохчийчохь хилира

ГIараваьлла вевзаш волу лор, хирург-стоматолог, Россин Iилманийн Академин декъашхо-корреспондент, Москварчу пачхьалкхан И.Сеченеван цIарахчу №1 йолчу медицинин институтан мочхалан-юьхьан хирургин кафедрин заведующи, профессор Иванов Сергей Нохчийчохь хилира.

Профессор С.Иванов «Нурмед» клиникерчу конференцехь

Россехь хьовха, дуьненахь а чолхе операцеш говза ян хаарца дика вевзаш волчу профессора С.Ивановс Соьлжа-ГIалахь «Нурмед» стоматологин клиникехь конференци дIаяьхьира нохчийн стоматологашна кхузаманан имплантех а, ткъа иштта, чолхечу хьолехь операцеш яран некъех а лаьцна дуьйцуш.

Профессоран белхан де шина декъе декъна дара. Хьалхарчу декъехь «Нурмед» клиникин актови залехь видеослайдащца мочхалан-юьхьан хирургин кафедрин балхах лаьцна а, керлачу имплантех лаьцна а 2 лекци яра, ткъа шолгIачу декъехь профессор кийча вара Нохчийн Республикерчу мочхалан-юьхьан баланаш эцна баьхкина бахархой тIеэца а, царна оьшуш долу гIо дан а.

«Нурмед» стоматологин клиникин заведующис, медицинин Iилманийн кандидата Татарханов Нурдис дийцарехь, «тхуна хиира «дашо» куьйгаш долчу профессора, ша Нохчийчу дуьххьара, кху шеран бIаьстенан юьххьехь, веача динчу дикачу гIуллакхех лаьцна».

«Иванов Сергейс мел чолхе а операцеш йо. БIаьста дуьххьара веанера иза вайн республике Москван областан Iилманан-талламан М.Владимирскийн цIарахчу медицинин институтан стоматологин а, имплантологин а кафедрин заведующин, профессоран Амхадова Малканан дехарца. Даггара баркалла ала лаьа Малканна, иштта, и цомгашнаш тIеоьцуш, Иванов схьакхачале уьш кечбинчу пачхьалкхан республикин стоматологин поликлиникин заведующина, медицинин Iилманийн докторна Хубаев Сайд-Селимна. Вайн лоьрашна лекцеш ешна ца Iаш, чолхе хьал долчу цомгашчаьрга хьаьжна, уьш Москва шайн институте дIабигна, царна маьхза операцеш йина Ивановс. Иза асаран (июнь) баттахь дара. Царна юкъахь зудабераш а, кегийрхой а, баккхий нах а бу. Тахана цаьрга бIаьргтоха а, шайн баланаш эцна дуьххьара тIебаьхкинчу цомгашчаьрга хьажа а кийча ву профессор», – элира Н.Татархановс.

Конференцин хьалхара дакъа чекхдаьлча еанчу мукъачу хенахь «Нурмед» клиникин сени чохь профессор варе хьоьжуш бара цо операцеш йина нах. Царна юкъахь хиллачу Курчалойн-Эвларчу яхархочо Шахиева Меднис дийцира: «Тхан кIант Алкхан дуьнен чу багахь стигал йоцуш ваьлла ву. 2017-чу шеран гIуран (декабрь) баттахь Хубаев Сайд-Селима куьйгалла дечу Соьлжа-ГIаларчу поликлиникехь рогIе дIаязъелира. Цигахь хезира тхуна, тхан санна баккхий баланаш болчу нахана гIо дан вогIур волуш Москвара профессор ву аьлла. Сергей Юрьевича Москва дIавигна, асаран (июнь) беттан 20-чу дийнахь 8 сохьтехь операци йира Алкханна. Лакхара мочхал дахдеш, лахара мочхал (салз) дIахадош операци йира. Тхан ницкъ кхочур бацара оцу тайпана операцина харжаш ян. Доккха гIуллакх дина профессора. Баркалла цунна а, хIара меттиг нисъеш дакъа мел лаьцначарна а», – йоккхаеш дийцира Шахиева Меднис.

Профессоран Иванов Сергейн къамел хилира тхоьца. Цо элира: «Далуш хилча хIунда ца до дика? Россин гIаланашкахь клиника лоху ас, кхузаманан керлачу технологешца йина тоьлла импланташца болх бан Iама лууш йолу. Татарханов Нурди ву шун республикехь импланташ говза дIахIитторца вевзаш. Кхуьнан клиникехь оха тхайн база схьайоьллур ю. Цул сов, шун лоьрашна маьхза конференцеш еш, мастер-классаш луш, операци ян дезаш болу нах тIеоьцуш, чолхе берш Москва дIабуьгуш операцеш йийр ю. Шайн махкана, нахана диканиг дан лууш лоьраш бу шун, уьш профессор Амхадова Малкан а, Хубаев Сайд-Селим а, Татарханов Нурди а, иштта кхиберш а бу».

Iуьйранна схьакхаьчначу профессоран суьйранна Москва юха дIаваха кеманна эцна билет дара. Ша мел сиха хиллехь а, цомгашчу нехан гIуллакхе хьажа веанера иза.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

№66, шинара, товбецан (сентябрь) беттан 4-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: