Гуьйре схьакхачар хоуьйтуш, гIеххьа дегаза догIа тIесерсаш де дара Иорданера веана нохчи, Iабдуллин кIант Iумар Зорбанан цIийнахь «Даймохк» газетан редакци кхаьчна де Нохчийн къоман кIант хила ма-веззара, лекхочу дегIахь, оьздачу дилхалахь, мел къовламе хила гIортарх а, шен цхьа даггара хазахетар къайла ца даккхалучу юьхьа тIехь, синтеме хьажарца, догучу бIаьргашца чуваьлча, хийра ца хийтира тхуна а.
Могаш-паргIат хаьттинчул тIаьхьа вевзира тхуна тхайн хьаша. 1902-чу шарахь Нохчийчуьрчу Нажи-Юьртан районерчу Гильнера дIавахана хилла кIентан кхоалгIа да Мохьаммад. Аьчкан пхьар хилла иза.
Цундела Iаьрбийн маттера «хьаддад» – «пхьар», цуьнан корматалла гойту дош долахь цIаре йирзина, хIинца цуьнан тIаьхье евза «Хьаддадан» санна. Оцу хенахь дуьйна, тахана кхиъначу доьалгIачу чкъуре кхаччалц, бIе шарал сов заманчохь хIокху Нана-ДегIастане болу шен безам берашкахь буьйцуш ваьхна Мохьаммад, муьлхачу кхолламо кхоьссина хилла-те хийрачу махка, боху ойла кхоллалора Iумаран дийцаре ладугIуш.
– Тахана йоккха шахьар хилла Заркъе – Иорданера нохчийн дуьххьарлера юрт йиллина дукха хан ца хилла сан дедеда цига ваха охьахууш, – дуьйцу Iумара. – Схьахетарехь, беза мохк бу аьлла ваханчух тера ду иза цига. Хила а хилла-кх, хьашт ма-дду беза мохк, бIаьрго ма-лоццу Iуьллучу тIулгийн арахь ган соьналла а йоцуш…
– ХIун мехаллаш ю Иорданерчу нохчийн доьзалшкахь? – хаттарна жоп луш, Iумара дийцира:
– Иорданерчу нохчийн багахь буьйцуш шайн къоман мотт бу. Нагахь Iаьрбошка маре яхана йоI-йиша хилча а, церан бераша а буьйцу нохчийн мотт. ГIиллакх-оьздангаллин некъашкахь цхьадолу хIуманаш хийцаделла, амма воккханиг ларар, церан сий дар чIогIа ду. Ловзарш, синкъерамаш дукха хуьлу. Кехат-пондар, дечиг-пондар болуш бу. Шайгара нохчалла дIаяларна кхоьруш къоман ламастийн, литературин, культурин чIогIа лерам бо цигарчу вайнаха. Шаьш нохчийн махкахь хилча паргIат хирг хир бара уьш, нохчийн мотт а, къоман гIиллакхаш а дIадовларна кхерам бац бохуш, амма кхечу махкахь дахаре терра и кхерам даима а тхуна тIехь кхозуш бу, цундела хIора а доьзалехь дас-нанас шайн берашна тIедуьллу, цIенна нохчийн мотт бийцар. Школашкахь 12 шарахь доьшу, хьалхарчу пхеа шарахь Iаьрбийн маттахь, тIаккха ингалсаниг тIекхета, амма нохчийн маттахь йоза-дешар дац. Нохчийн йоза-дешар хууш Иорданерчу нохчашна юккъехь кIезиг нах бу. Царах цхьаъ ву, 7 къоман мотт хууш волу сан ненаваша Набиль Жабраил. Айдамиров Абузаран «Еха буьйсанаш» жайна Iаьрбийн матте гочдина цо. Со воккхаве, новкъахь, цIахь, арахь, базарахь миччанхьа а хезаш берг нохчийн мотт хиларна. Воккхаве Соьлжа-ГIалах – инзаре хаза шахьар ю хIара. Айса болх бинчу Швецехь а ца гина суна кхуьнга кхочуш гIала. Новкъа вогIуш китайхо дуьхьал кхетча, кхуо хIун леладо сан махка веана аьлла, дагатесира суна. Иорданехь вина, кхиъна велахь а, сайн махкахь, сайн цIахь хета суна со. Дала мукъ лахь, кхузахь ваха-Iен цIа ван дагахь ву со…
Схьахетарехь, Iумарна хеттачул а чIогIа тхуна хазхийтира иза вовзар. Цундела цунах долу къамел тIаккхахула чекхдаккха дуьту оха.
Т.САРАЛИЕВА