1981-чу шарахь нохчийн къоман театран сцени тIехь хIоттош яра Нунуев Сайд-Хьамзата язйина «Лулахой» цIе йолу комеди. Россин пачхьалкхан премин лауреат, режиссер Солцаев Мималт вара спектакль хIоттош. Амма иза цхьа тамашийна сакарзахе вара. Коьртачех цхьаъ ларалуш йолчу Султанан роль ловзо тамехь актер вацара, цкъачунна, труппина юкъахь схьагуш. Ткъа цу кхачамбацаро синтем бойура, репетицешна тIеверза дог ца доуьйтура. Дагахь доцчуьра кхечира кхаъ. Цу шарахь, Соьлжа-ГIалахь йолчу культпросвет училищен театральни декъехь дешна ваьлла къона актер веара театре балха хIотта лууш. Иза Кутаев Хьамзат вара. КIант сихонца балха схьаийцира, вайна массарна ма-хаъара и роль цо тIехдика ловзийра. ДагавогIий шуна цхьа къона хьехархо вар-кх иза. Бераш Iамор доцург, кхидерг шадерг дан ларош. Эххар Сула (м.Дудаев) больнице кхаьчча, цунна тIаьхьа вогIу-кх иза, цуьнан самукъадаккха «керла хаамаш» бохьуш. Кадечу заманца нисвала гIерташ, наггахь болар пел лелхахь а, сирла, дог цIена, нохчаллех хадаза турпалхо вара Кутаев Хьамзата «Лулахой» спектаклехь васт кхоьллина Султан. Гуш дара нохчийн къоман театре похIме актер веана хилар а, цуьнан говзаллин таронаш Iаламат шуьйра хилар а. Ханна ша воккха вацахь а, актер дика ларийнера челакхчу заманан хатI схьалаца а, мел забарехьа доккху сцени тIехь къегина васт кхолла. Дуьнен чу валар 1960-чу шеран 21-чу апрелехь, Шелан кIоштарчу Гермачигахь хиллера хинволчу актеран. 1977-чу шарахь циггахь чекхйоккху кIанта юккъера школа а. Школехь доьшуш волуш дуьйна илли алар а, байташ ешар а дезаш волу Кутаев Хьамзат Соьлжа-ГIаларчу культпросвет училище деша вогIу. Амма кхоалгIачу курсехь доьшуш волу Кутаев Хьамзат, дешарна юкъах воккхуш, эскарехь гIуллакх дан вуьгу. Делахь а кIантехь хьекъал а, доьналла а, хьуьнарш а тоьа, цкъа юьхьарлаьцна дешар дIа ца таса. Эскарера цIавирзича чекхдоккху Хьамзата культпросвет училищера дешар. 1981-чу шарахь кхиамца и училище чекхйоккхий вогIу иза театре балха. Къоначу актера цхьабосса кхиамца ловзайо комедийни а, драматичеки а ролаш. Цунна къегина тоьшалла ду Кутаев Хьамзатана «Дай баьхна латта» цIе йолчу спектаклехь дакъалацарна елла пачхьалкхан преми. Нохчийн халкъан бартан кхоллараллина тIе тевжина, режиссера Хакишев Руслана хIоттийна чолхе спектакль яра «Дай баьхна латта», вайнаха текхна Iазап дуьйцуш. Хьовсархоша езаш тIеэцна спектакль яра. Iаламат похIме актераш бара цу спектаклехь вайн дайша хуьйдина къай-балий карладаьккхинарш. Царех цхьаъ Кутаев Хьамзат вара. Роль йоккха яцахь а, нуьцкъала амал йолуш васт дара Кутаев Хьамзата, режиссера Хакишев Руслана хIоттийначу «Дуьне духучу хенахь» цIе йолчу спектаклехь кхоьллина Сурхон васт а. Гуьржийн яздархочо Казбеги Александра яздинчу «Элисо» цIе йолчу дийцара тIехь хIоттийна спектакль яра иза. ХIХ-чу бIешарна юккъехь вайнах ямартлонца махках бахар дуьйцуш яра. Актер Кутаев Хьамзат дика тIаьхьакхиънера генарчу цу заманна а, цу заманахь вайнаха лайначу бохамашна а. Ишта-м Кутаев Хьамзат ерриге а Россехь гIараваьлла вевзачу режиссера Солцаев Мималта хIоттийначу «Маршо я Iожалла» цIе йолчу спектаклехь дакъалаца кхиъна. Имам Шемал коьртехь волуш хилла тIемаш бара цу спектаклехь карлабаьхнарш. Авторан цIарах къамел деш вара актер цу спектаклехь. Амма муьлххачу декъехь а, хьовсархойн даге кхача лаккхара корматалла йолуш актер ву Кутаев Хьамзат. Цундела дукхавеза иза хьовсархошна. Дала гечдойла цунна, Нохчийн Республикин халкъан артист Идаев Юсуп дIаваьлча, «Бож-Iела» спектаклера Рамзанан роль ловзо цхьа а актер хир вац моьттура дукхах болчу хьовсархошна. Амма Кутаев Хьамзата Iаламат дика ловзийра и роль, иштта башхачу кепехь карладаьккхира цхьа мацах Идаев Юсупа дуьххьара цу спектаклехь дIааьлла «Хаза ю ламанца суьйре» цIе йолу илли а. Масийтта шарахь вайн махкахь буьрса кхихкина тIемаш дIабирзича, нохчийн къоман театро карлаяьккхира Хамидов Iабдуллас язйинчу «Совдаттий, Дауддий» цIе йолчу пьеси тIехь хIоттийна спектакль. Коьртачу ролехь вара вайн турпалхо Кутаев Хьамзат. Бехк боцуш лурвоьлла стаг. ЦIийнах ваьлла, безамах хьоьгуш, тIетовжа улле а, хьалха вала верас а воцуш, цхьалха дисина декъаза са. Амма иза вац оьгIазе, кхолламна дарвелла, цуьнан сирла сатийсам иза маслаIат ду. Иштта гойту Кутаев Хьамзата шен турпалхо Дауд. Ткъа актеран зевне аз а, цуьнан вокальни таронаш а Дауда дIаолу узам айбеш, чIагIбеш хьовсархойн син-кIоргене кхийда. Советски Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIарахчу пачхьалкхан драматически театро кест-кеста хIоттайо шен сцени-тIехь Азербайджанерчу драматурган Гаджикасимов Узейран «Аршин Мал Алан» цIе йолчу комеди тIехь спектакль. Режиссера Хакишев Руслана тIаьххьара хIоттийначу спектаклехь Сулейманан роль ловзош ву Кутаев Хьамзат. Сулейман спектаклан коьртачу турпалхочун Аскерана доттагI ву. Ша Iаламат забаре стаг а ву. Спектакль дIайолало Аскерана нускал далор тIедожорца. Амма кIантана ца лаьа, цу муьрехь Iадаташца догIуш ма-хиллара, гергарчара хьахийнера аьлла, шена цкъа а гина йоцу йоI яло. Аскерана коьртаниг безамца нускал далор ду. Ткъа гина йоцчу йоIе безам муха гIур бу!? ТIаккха орцахволу Сулейман. Цо хьехар до Аскерана, кIадеш духку совдегар волчуха, массеран чухула чекхвала, тIаккха хьуна хазъеллачу йоьIан верасашка захало дIахьахор ду, олий. Алсам самукъане хелхарш, эшарш, забарш ю спектаклехь. Сулейманан хьехарх беркат долий массарна шайн ирс карадо цу шовкъечу спектаклехь. Ткъа эшарш мел самукъане ю, цкъа хезначунна дагара евр йоцуш.
Ахча дуй???
Ду, ду!!!
Мел ду и???
Шинна тоьар ду!
Ахча делахь йогIур ю!
Хьо сан хаза буьхьиг ю!
Ткъе пхийтта шо гергга зама ю Кутаев Хьамзата Нохчийн Республикин къоман театрехь хьанала къахьоьгу. Тахана иза Нохчийн Республикин халкъан артист ву. Деа беран да ву. Шен долахь ков-керт долуш Гермачигахь Iаш-вехаш ву. Iаламат чIогIа Делах кхоьруш стаг ву Кутаев Хьамзат. Веза-Воккхачу Дала тIедехкина фарзаш кхочуш деш ву, ХьаьжцIахь хилла ву. Шен оьздачу дахарехь нохчаллех къилба дина вехаш стаг ву Кутаев Хьамзат. Накъосташа лоруш а, хьовсархошна дукхавезаш а актер иза, хьанала даьккхинчу рицкъанах шен доьзал кхобуш, цкъа а уьш шен Iуналлех ца ходуьйтуш. Цундела Хьамзат санна оьзда хьалакхиъна цуьнан доьзал а. Цара дозалла до нохчийн къоман театраца кхоллам боьзна вехачу шайн дех. Бакъдерг дийцича халкъо а, махко а шех дозалла дан хьакъдолуш цIена адам а, дика актер а ву Кутаев Хьамзат. Хьовсархоша даима сатуьйсу цуьнан керлачу ролашка.
А. ГАЗИЕВА