УФСИН-н «Грозный» отделан 15 шо кхачар билгалдаьккхира

ТаIзар кхочушдаран федеральни службин Нохчийн Республикехула йолчу Урхаллин лерринчу Iалашонийн «Грозный» отдел (ОСН «Грозный» УФСИН по ЧР) кхоьллина 15 шо кхачарна лерина цхьаьнакхетар дIадаьхьира Соьлжа-ГIалахь хIокху деношкахь.

А.Ирисханов а, Р.Алханов а, В.Усмаев а даздаран цхьаьнакхетарехь

Цигахь дакъалецира Урхаллин хьаькама, чоьхьарчу службин инарла-майора Ирисханов Анзора, республикин Чоьхьарчу гIуллакхийн министра Алханов Руслана, Экономикин а, юкъараллин а кхерамазаллин советан секретара Усмаев ВахIита, иштта, ТаIзар кхочушдаран федеральни службин Россин субъекташкахула йолчу урхаллийн хьаькамаша.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан маршаллин кехат Усмаев ВахIита дIадешарца дIадолийра цхьаьнакхетар.

Цул тIаьхьа дош Ирисханов Анзоре делира. Шен къамелехь цо дийцира отделан белхахоша таханлерчу дийнахь кхочушдечу декхарех а, отдел кхолларан Iалашонех а, историх а лаьцна.

Цо билгалдаккхарехь, отделан белхахоша таIзар кхочушдаран учрежденешкахь къепе латтийна ца Iаш, юкъараллехь низам а, бахархойн кхерамазалла а ларйо.

Иштта, ТаIзар кхочушдаран федеральни службин республикехула йолчу Урхаллин объекташ а, белхахой а, церан доьзалш а ларбо.

«Оьшуш хьал нислахь, зуламхошца къийсам латторхьама, кхечу субъекташка хьовсо а нисло отделан белхахой. ХIорш даима а кийча бу», – билгалдаьккхира Урхаллин хьаькама.

Къаьсттина тидам тIебахийтира чекхдаьллачу 15 шарахь отделан белхахошна юкъахь иэшам хилла цахиларна, иза Россехь а тоьллачу отделех цхьаъ ларалуш хиларна.

Маршаллин а, докладийн а дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа, Ирисханов Анзора а, Усмаев ВахIита а совгIаташ дира «Грозный» ОСН-н белхахошна а, ветеранашна а.

Иштта, «15 лет ОСН «Грозный» УФСИН России по Чеченской Республике» аьлла йолу леррина мидал республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а елира.

Республикин МВД-н а, УФСИН-н а, Россин субъекташкарчу ФСИН-н урхаллийн векалшна а елира некха тIе ухкуш йолу билгалонаш.

Дагадоуьйту республикехула йолчу УФСИН-н ОСН-н Россин юстицин министерствономранца нийса а догIуш, 2003-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 1-чу дийнахь кхоьллина хилар.

2014-чу шарахь, республикин УФСИН-н омранца, оцу ОСН-нна «Грозный» цIе тиллина.

И.ИСЛАМОВ

№67, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 7-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: