«Денвелларг» спектаклан премьера хир ю кестта

Хууш ма-хиллара, вайн республикин театрашкахь наггахь бен тийналла а ца хIуттуш дIадоьду хIора де.

Карарчу хенахь М.Ю.Лермонтовн цIарахчу театран актераш «Денвелларг» (автор С-Хь.Нунуев) цIе йолу комеди гайта кечлуш бу. Церан рогIерчу репетицехь хилира Нохчийн Республикин культурин министр Дааев Хож-Бауди.

«Денвелларг» спектакль тIехь актерашца болх беш ву Нохчийн Республикин хьакъволу артист, режиссер Хамзатов Ахьмад. Спектаклан чулацам (боцца) иштта бу: коьрта турпалхо Борз-Iела догцIена а, къинхетаме а, гIиллакхе а ву. Иза Европера шен юьрта цIавеана дукха хан яц. Шен хьомечу юьртахь ваха а, шен ирс лаха а ойла хуьлу цуьнан, амма цунна дагахь а дац шена дуьхьал даккха юьртарчу шина кIанта Муслима а, Селима а кечдинарг. Иза комеди елахь а, режиссера хьовсархошка дIакховдориг «диканна» а, «вонна» а юкъахь йолу башхалла ю.

Спектаклан репетице хьаьжначу культурин министра дика мах хадийра актерийн ловзаран. Иштта, цхьайолчу меттигашкахь хийца дезачух лаьцна а элира.

Цунна хетарехь, актерийн ловзар хьовсархошна хазахетарг хиларан цхьа а шеко яц.

З.ХАСИЕВА

№67, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 7-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: