Кхин цхьа керла школа

ХIокху деношкахь Итон-Кхаьллан кIоштарчу Зумса юьртахь схьайиллина керла школа. Иза 60 дешархочунна меттиг йолуш ю.

Зумсахь керла школа схьаеллар

Йоккха яцахь а, аьхна кабинеташ, столови, спортан зал, иштта, кхузаманан дешаран гIирсаш бу цу чохь.

Дешархошна а, церан дай-наношна а доккха совгIат хилла шайн юьртахь керла школа схьаелларх. Школа схьаелларна леринчу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара: Итон-Кхаьллан кIоштан администрацин куьйгалхо Алхастов Мовсар, цуьнан заместитель Заурбеков Iарби, Россин оццу кIоштан ОМВД-н хьаькам Цабаев Ризван, кIоштан дешаран урхаллин хьаькам Рабуев Альберт.

Цхьаьнакхетар дIадолош вистхилира Алхастов Мовсар: «Тахана хIокху юьртахь школа схьаеллар, цхьа а шеко йоцуш, Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан бахьана долуш ду. Хууш ма-хиллара, кегийрхой кхетош-кхиорна а, церан дешаран хьелаш тодарна а боккха тидам тIебохуьйту цо. Аьхна, массо а хIуманна аьтто болуш, чохь дешаран керла гIирсаш болуш школа схьаелларо дешархойн дешарна тIе дог-ойла йохуьйтур ю, аьлла хета суна. Ткъа вайн Iалашо ю берийн дешаран тIегIа лакхадаккхар. Дела реза хуьлда хIара школа ярехь къа мел хьегначарна», – дерзийра шен къамел Алхастов Мовсара.

Официальни дакъа дIадаьллачул тIаьхьа хьешаша цIен аса хадорца схьайиллира керла школа.

З.ЛЕЧИЕВА

№67, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 7-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: