БIаьрса ледара долчу берашна – доккха совгIат

ХIокху деношкахь Михалков Сергейн цIарахчу республикин берийн библиотекина «БIаьрса ледара долчу кегийчу берашна суьрташ долу книгаш» цIе йолчу гIоьналлин фондо бIаьрса ледара долчу берашна лерина суьрташца кечйинчу книгийн 10 комплектаца совгIат дина.

БIаьрса ледара долчу берашна лерина книгаш

И тайпа книгаш зорбане яхар оьрсийн яздархочун С.Михалковн 105 шо кхачарна лерина дара.

Хууш ма-хиллара, Россин Федерацин гимнан автор ву Михалков Сергей – 2000-чу шарахь гIуран (декабрь) беттан 30-чу дийнахь Россин Федерацин Президента Путин Владимира къобалдира яздархочо Россин гимнана яздина дешнаш.

Комплектана юкъахь кхо книга ю: «Россин гимн – берийн суьрташкахь», «Самукъане дарс», «Къамел деш болу къолам».

Тайп-тайпанчу зезагийн, Михалков Сергейс берашна яздинчу туьйранийн турпалхойн, Россерчу Ийдал, Дон, даккхийчу кхечу хин суьрташ дохкуш, тайп-тайпанчу басаршца кечйина ю «Россин гимн берийн суьрташкахь» книга.

Оцу ерриге а книги тIехь зорбатоьхна Россин гимн бен яц. Ткъа кхидолу туьйранаш деша таро хуьлу «къамел деш болчу» къоламан гIоьнца. Иштта, «Самукъане дарс» книги тIехь а дац берийн туьйранашкарчу турпалхойн суьрташ бен.

Шина а книги тIехь долу туьйранаш, «леррина электронни программица къамел деш болчу» къоламна чудаьхна ду. Шайна хьалха лаьттачу суьрташ тIе къолам хьокхуш, тайп-тайпана туьйранаш довза таро хир ю бIаьрса ледара долчу берийн.

Иштта, оцу берийн аьтто бу Россин гимне ладогIа. «Къамел деш болу» къолам гимнан дешнашна тIехула хьаькхча, гимнан мукъаме ладогIа йиш ю бIаьрса ледара долчу берийн. Къолам вай лелош болчу къоламал жимма боккха бу. Цуьнца «лергаюхкурш» а, ток латтош болу гIирс а бу.

Книгех дерг довзийтира тхуна библиотекин Могашалла ледара йолчу берийн хьашташ кхочушдаран отделан заведующис Домбаева Амната.

БIаьрса ледара долчу берашна баккъал а доккха совгIат ду иштта книгаш берийн библиотекехь хилар. Уьш сих-сиха кхочу библиотеке, тхан тайп-тайпанчу теманашна цхьаьнакхетарш хуьлу. Боккха болх бу хIара книгаш зорбане йохуш бинарг. Дуьххьара книга схьайиллича, хIокху тIехь еша хIумма а ма яц олий, ойла кхоллало. Ткъа «къамел деш болу» къолам суьрташна тIе а лаьцна, «лергаюхкурш» лерга йоьхкича, къоламо туьйранаш дуьйцу. Книги тIехь тайп-тайпанчу басаршца дехкина дуккха а хаза суьрташ ду. Ткъа бIаьрса ледара долчу берашна цхьадолу беснаш бIаьргана лан хала ду. Делахь а, шайна бIаьргашна жимма ницкъ беш, суьрташка хьоьжуш, «къамел дечу» къоламо дуьйцучу туьйране ладугIу цара. Суна баркалла ала лаьа библиотекина книгашца совгIаташ динчу БIаьрса ледара долчу кегийчу берашна суьрташ долу книгаш» гIоьналлин фондана, – дерзийра шен къамел Домбаева Амната.

З.САГАЕВА

№67, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 7-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: