Нохчийчохь яьккхина фильм

1974-чу шеран лахьанан (ноябрь) баттахь советийн экранашка елира «Свой среди чужих, чужой среди своих» цIе йолу исбаьхьаллин фильм.

Режиссера Михалков Никитас дуьххьара яьккхина фильм яра иза. Яздархочуьнца Володарский Эдуардаца цхьаьна Михалков Никитас язйина яра фильмана сценари. Россин тоьлла актераш бара фильмехь дакъалоцуш; Богатырев Юрий, Кайдановский Александр, Солоницын Анатолий, Шакуров Сергей, Пороховщиков Александр, иштта дуккха а кхиберш.

Фильмехь дуьйцург пачхьалкхан деши ду, чекисташа зуламхойн кара ца дахийта къайладаьккхина. Дешина тIаьхьабевлла КIайчу эскаран эпсарш бу, обаргаш бу, кхиболу зуламхой бу, шайн сутаралло карзахбаьхна хьийзош. Фильм яьккхинарг оператор Лебешев Павел ву.

Цо дийцарехь, фильман дукхах долу суьрташ Нохчийчохь даьхна. Цунна «бехке» дуьненна гIараваьлла хилла хелхарча Эсамбаев Махьмуд ву.

Хууш ма-хиллара, режиссеран Михалков Никитин да Сергей дуккха а шерашкахь СССР-н Лакхарчу Кхеташонехь Нохч-ГIалгIайн Республикин цIарах депутат хилла ву. Ткъа вайн махкахо М.Эсамбаев С.Михалковца даима а уллера доттагIалла лелийна ву.

Цкъа сийлахь хелхарча МихалковгIеран хIусаме нисвеллачохь ларамаза хьахаделла Никита дуьххьара фильм йоккхуш хилар а, фильмана тамехь Iалам долу меттиг ца карош иза чIогIа саготта хилар а. ТIаккха Эсамбаев Махьмуда Нохчийчохь санна хаза Iалам долуш меттиг кинематографисташна цхьанхьа а карор яц аьлла. Хулхуло цIе йолу Нохчийчуьра хи а билгалдаьккхина вайн махкахочо. Иштта нисделла нохчийн ширачу юьртана Сиржа-Эвла йистехь «Свой среди чужих, чужой среди своих» фильм яккхар.

Цул сов, массовкашкахь дакъалаьцнарш а дукха хьолахь нохчий бу. Уьш режиссера кхайкхина балийна, хIоранга паспорт да аьлла хилла, говрахь веанчунна туьма, гIаш веанчунна пхи сом ахча луш хилла. Цу хенахь дикка ахча ду иза. Амма мелла а цIий чехка долу нохчий кхетта ца хилла ахчанца долчух.

ШолгIачу дийнахь баьхкина схьакхаьчначу нохчаша цецваьккхина хилла къона режиссер. Говрахь болчеран паспорташна юкъахь туьманаш хилла, гIаш баьхкинчеран паспорташна юкъахь пхиппа соьмаш хилла. Шаьш ахча режиссерана дIадала деза моьттуш хилла царна, фильмехь дакъалоцуьйтург…

Болх дIаболийча, режиссер шина декъе екъа воьлла нохчийн тоба, фильман сюжетаца догIуш ма-хиллара, цхьа тоба деши лардан дезаш хилла, ткъа важа тоба и деши лачкъийна, дадон дезаш хилла. Амма нохчий бекъабала реза ца хилла. Цхьанна а ца лиъна ша лардеш долу деши талорхошка лачкъадайта. Нохчийчохь фильм яккхаран болх дIабоьрзуш режиссера Михалков Никитас леррина Москвара бехна каскадераш балийна хилла.

Каскадерийн тобано гуобина лаьтта режиссер уьш кхето гIерташ, царна дуьйцуш, чехка йоьдучу цIерпоштан тховтIе муха вала веза куьйгаэшара дIагойтуш воллуш хилла. Мел чIогIа дийцарх а каскадераш кхеташ ца хилла и чолхе сурт муха хIотто деза. Говрахь тIевеанчу цхьана нохчийчунна хезна Михалковс дуьйцург, хааделла режиссера дуьйцучух каскадераш кхеташ цахилар.

ТIаккха нохчийчо цхьа тамашийна цIогIа а тухуш, шед тоьхна, шен говр йоьдучу цIерпоштана тIаьхьахаьхкина. Режиссер а, цунна юххера каскадераш а бIаьрнегIар тоха кхиале, чехка йоьдучу цIерпоштан тховтIе хьалаваьлла, воду кеп хIоттош масех гIулч яьккхина, тIаккха чуиккхина шен говрана тIехиъна нохчи…

Иштта, дуккха а хаза хIуманаш дуьйцу фильман режиссера Михалков Никитас а, оператора Лебешев Эдуарда а Нохчийчохь «Свой среди чужих, чужой среди своих» кино йоккхучу муьрехь шайн чIогIа самукъадаьккхинчу нохчех лаьцна.

Газиева Аза

№67, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 7-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: