«Ахматан» шолгIа толам

Футболах ловзарехь Россехь хьалхеяккхаран хIокху шеран чемпионатан (премьер-лига) ялхолгIачу турехь Нохчийчуьра «Ахмат» Уфа гIаларчу изза цIе йолчу командин футболисташца левзира шен цIахь, «Ахмат-Арена» стадионехь. Турниран таблицехь «лулахь» йолчу оцу шина командин футболисташ оцу суьйранна майдана бевлира толам баккха лаам болуш.

Делахь а, хьалхарчу таймехь цхьана а агIорчеран аьтто ца белира гол тоха. ТIелатархойл гIолехь ловзура защитникаш. Вовшашка буьрка дIасаялар а дара церан лерина, гIалатдаларх ларлуш. Кхин дIогара жигаралла тIелатархошкара а ца хаалора. ХIусамдай хиларе терра, «Ахматера» футболисташ шайн лаам тIебаккха гIертар бIаьрла дуьйлура.

Иза къаьсттина билгалделира шолгIачу таймехь. Матчан 53-чу минотехь вайн тIелатархочо Митришев Мохьмада тоьхна буьрка ца лацаелира «Уфан» кевнахочуьнга – 1:0. Хьеший боьхна хьаьвзира оцу миноташкахь. Соьлжа-ГIалара цхьа очко мукъа дIаяхьа дагахь хиллачух тера дара уьш. Амма, хьеший меттабахка кхиале, кхин цкъа а кхиаме кхечира изза М.Митришев. Цо тоьхна буьрка лаца аьтто ца белира юха а дуьхьал ловзучеран кевнахочун – 2:0.

Цхьаьнакхетар иштта чекхдала там бара «Ахматан» футболисташа «Уфан» цхьана контртIелатарехь жимма само йинехь. Толам шайн «кисанахь» бу аьлла, тешна хиллачух тера дара уьш, матчан 82-чу минотехь шайн кевна чу гол тухучу хенахь – 2:1. Цу тайппанчу жамIаца чекхъелира матч. Толам баккхаро «Ахматана» турниран таблицехь иссолгIачу метте хьалаяла таро елла, шен чоьтехь 7 очко а йолуш.

РогIерчу турехь Соьлжа-ГIалара «Ахмат» товбецан (сентябрь) беттан 16-чу дийнахь Москвахь меттигерчу «Спартак» командица ловзур ю. Билгалдаккха деза хIокху чемпионатан 6-чу турехь «Спартак» цкъа а эшна цахилар а, 5-зза тоьлла хилар а.

Хь.САЙДАЕВ

№67, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 7-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: