Швейцарин делегаци – Нохчийчохь

Кху деношкахь Нохчийн Республикехь хилира  Швейцарин посольствон Россехь волу чрезвычайни юьззина бакъонаш йолу векал Хельг Пьер шен коьртехь  волу Швейцарин посольствон делегации. Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран векалца Нухажиев Нурдица цхьаьнакхийтира иза.

Цара дийцира Нохчийчохь адамийн бакъонаш ларъярх лаьцна. Посолана хаа лиира республикехь адамийн бакъонаш ларъяран система муха кхоллаелла а, гражданийн къасто дезаш долу гIуллакхаш стенца доьзна хуьлу а.

– Таханлерчу дийнахь Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъярца боьзна  болу белхаш дIабахьа цхьа а новкъарло яц. Республикин бахархойн аьтто бу шайна законо луш йолу бакъонаш ларъян. Цул сов, республикин куьйгалло доккха гIо до бакъонашларъярхошна. 2007-чу шарахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана гражданийн бакъонаш ларъярехь кхин тIе а дан дезаш долчу гIуллакхийн хьокъехь долу  указ арахецна. Правительствон йоцу бакъонаш ларъяран организацийн болх лакхарчу тIегIане баьлла тIаьхьарчу хенахь. Оха а  гIо до царна, – дийцира Н.Нухажиевс.

Къастоза дисина долу гIуллакхаш дуьйцуш Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран  векала билгалдаьккхира,  тIемаш  болчу  хенахь дIабоьхкинарш муьлаш  бу  къасторан  лаборатори Нохчийчохь йилларан гIуллакхан  йист  яккхаза   хилар. Цул сов, цо дийцарехь, Россин кхечу регионашкарчу  набахташкахь  хан токхуш болчу нохчашка законо боххучу агIор ца хьовсу.

– Уггаре а коьрта. тхоьга тхайга йист  яккхалур  йоцуш йолу хало ю,  Нохчийчохь лерина йолу лаборатори схьаеллар. Масех шо хьалха Европин Союзо цу тIехь тхуна гIо дан тIелаьцнера, делахь а, и гIо тхуна хилла дац, – бохура Н.Нухажиевс.

Республикин Правительствон йоцчу адамийн бакъонаш ларъяран  организацийн балхах  лаьцна  а дийцира цо хьешашна.

ТIеман хенахь Нохчийчуьра Европе дIабахана нах цIаберзор муьлхачу хьолехь ду хаа лиира делегацина. Цунна жоп луш Н.Нухажиевс билгалдаьккхира, церан шайна луъучохь баха йиш хилар, делахь а, тIетуьйхира, нохчийн къоман гIиллакхашца уьш  цIабахка безаш, хилар.

– Тахана Нохчийн Республикехь кхуьуш схьайогIу экономика а, социальни дакъа  а. Царна цIабахка новкъарло еш цхьа а вац. Деша а, болх бан а аьттонаш бу кхузахь. Доцца аьлча республикехь дахарна оьшу   хьелаш дерриге а  ду, уьш  кхин а  толуш а ду, – бохура цо.

Цхьаьнакхетар дерзош, Н.Нухажиевс хьешашна шайн белхан шеран доклад елира. Ткъа цара даггара баркалла элира шаьш иштта дика тIелацарна. Цул сов, Хельг Пьера хаийтира Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран   Векалан аппаратца кхидIа а доттагIаллин уьйраш латто  лууш хилар.

Р.АБДУЛМУСЛИМОВ

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: