ХIора шарахь товбецан (сентябрь) беттан 3-чу дийнахь билгалдоккхуш ду терроризмаца къийсам латторехь цхьабарт хиларан де.

дакъалацархой
2005-чу шарахь юкъадаьккхира и де. Берийн кхетам а, хьекъал а баккхийчара кхиош ца хилча, уьш зуламечу новкъа довларна кхерам бу. Цундела, бераш харцновкъа довларх лардаран Iалашонца республикин берийн библиотекехь ешархошца кест-кеста цхьаьнакхетарш дIахьо.
Иштта, лакхахь хьахийначу денна лерина «Террор йоцу дуьне» цхьаьнакхетар дIадаьхьира библиотекехь.
Цигахь дийцира «терроризм» дешан маьIнах а, цунах гуттар а ларвала везаш хиларх а лаьцна. Берашна къаьсттина тIеIаткъам хиллера Бесланехь 2004-чу шарахь террористаша школа схьалаьцначу хенахь хилларш шайна дийцича.
Цул тIаьхьа ешархошца терроризмах лаьцна викторина дIаяьхьира.
«Террор» бохучу дешан хIун маьIна ду?, «Теракт йиначохь нисвелча хIун дан деза?», – иштта дара ешархошка делла хаттарш. Тема чолхе хиллехь а, бераша шаьш ма-кхеттара жоьпаш делира шайга динчу хаттаршна.
Цхьаьнакхетар дерзош, «Терроризм: зуламан маша», «Экстремизм – вайн гIуллакх дац» цIерш йолу буклеташ йийкъира берашна.
Ешархоша дош делира шайна зене а, нахана зуламе а хир долчух лардала а, харцновкъа ца довла а.
З.ЛОРСАНОВА
№67, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 7-гIа де, 2018 шо