Хьаьттан (август) беттан чаккхенехь Урдунехь UCMAS школийн математикин дуьненаюкъара къийсадаларш дIадаьхьира. Цигахь безткъе пхеа махкара ворхI эзар беро дакъалецира. Амма Урдунехь Iаш болчу нохчашна хазахеттарг вайн Нохчийчуьра даьхкинчу бераша къийсадаларшкахь дакъалацар дара. И къийсадаларш дIадаьхьначу дийнахь шийтталгIа класс чекхъяьккхина болчу Урдунерчу вайнехан дешархошна лерина гулам а бара дIахьош Сухне юьртахь.
Оцу гуламехь дешархошна совгIаташ а луш, нохчийн маттахь къовсам а дIабаьхьира. Иштта, оцу гуламехь дакъалоцуш дара UCMAS къийсадаларшкахь кхиамаш баьхна долу Нохчийчуьра бераш а.
ШолгIачу дийнахь Нохч-ГIалгIайн доттагIаллин юкъаралло оцу берашна лерина той а хIоттийнера «Сако» юкъараллин гIишло чохь. Оцу тойнехь Нохчийчуьрчу UCMAS школин математикин декъан хьаькам йолчу Симбагаева Азин къамел хилира соьца оцу къийсадаларех лаьцна.
Цо иштта дийцира: «UCMAS школийн къийсадаларш хIора шарахь тайп-тайпанчу мехкашкахь хуьлуш ду, хIокху шарахь Урдунехь нисделла уьш. Кхузахь безткъе пхеа махкара ворхI эзар беро дакъалецира, царна юкъахь вайн мохк а бара. Къийсадаларш итт тIегIане (ред.: категори) декъалуш ду, вайн берех хIораммо а шен тIегIанехь дакъалецира».
«Вайн цIера маса бер дара дакъалоцуш? Кхиамаш бехарий цара?», – аьлла, шега хаьттича, иштта жоп делира Симбагаева Азас: «ВорхI бер деъна тхоьца Нохчийчуьра – ялх кIант, цхьа йоI. ХIораммо а шен-шен тIегIанехь лаккхара кхиамаш а баьхна. Хьалхара меттиг цхьана кIанта яьккхина, шолгIаниг шина кIанта яьккхина, кхоалгIаниг кхаа кIанта а, цхьана йоIа а яьккхина, тайп-тайпанчу тIегIанашкахь».
«Аш и бераш карарчу къийсадаларшкахь дакъалацарна муха къастийна?», – аьлла, шега хаьттича, иштта элира нохчийн берашна хьалхаяьллачо: «Оцу берийн дешарехь болчу кхиамашка хьаьжжина къастийна оха уьш. Ала дашна, ши бер Нохчийчуьрчу къийсадаларшкахь хьалхара меттиг яьккхина дара, кхо бер – Кавказехь, цхьаъ – Россехь, дуьненаюкъарчу къийсадаларшкахь хьалхара меттиг яьккхина цхьа турпалхо а ву тхоьца веана. Уьш берриге а шайн тIегIанехь тоьлларш бу».
Шайн школин Iалашонах лаьцна хаттар дича, иштта дийцира А.Симбагаевас: «Чехка хьесапаш дар делахь а, хьен ший а агIо цхьаьна бертахь а, цхьана хеннахь а лелор чIагIдар ю тхан коьрта Iалашо. Цундела оха хьесапаш Iамор доцург кхин а чурхаш (предметаш) ю хьоьхуш. Ала дашна, оха масех мотт а бу хьоьхуш, ингалсан царах цхьаъ бу. Вайна ма-хаъара, масийтта мотт бийцаро стеган хьекъал ираллехь сов а доккхуш, кхетамна ира латтадо».
Лаккхара кхиамаш баьхна долчу оцу берашна дагалацаман кегий а, даккхий а совгIаташ делира UCMAS-н къийсадаларш вовшахтоьхначара. Оцу суьйранна Нохч-ГIалгIайн доттагIаллин юкъаралло хIоттийначу тойнехь шайн хьекъалан иралла а, похIма а гайтира оцу бераша вайн бахархошна, чIогIа хаза а хийтира царна и.
Урдунехь иштта кхиамаш баьхна, корта айббина цIехьа дирзира нохчийн бераш.
БИЙТРО МАХIИР
№68, шинара, товбецан (сентябрь) беттан 11-гIа де, 2018 шо