Республикин дозанаш керлачу комиссис къастор ду

Товбецан (сентябрь) беттан 6-чу дийнахь, №138 йолчу шен Указаца, «Нохчийн Республикин дозанаш къасторехь кхоллалуш долчу гIуллакхашкахула йолу Нохчийн Республикин пачхьалкхан комисси» кхоьллина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан

Комиссина тӀедиллина, Россин Федерацин законодательствоца нийса а догӀуш, Нохчийчоьнан дозанаш къасторан декъехь оьшуш долу кехаташ а, хаамаш а схьагулбар а, царна тӀехь таллам бар а, иштта, республикин дозанаш къасторан гурашкахь кхоллалуш долу гӀуллакхаш кхочушдар а.

Указ кхочушдар шен тергонехь хирг хилар а, Нохчийчохь болх беш мел йолу органаш а, ведомствош а, учрежденеш а Комиссина, оьшуш хиларе хьаьжжина, гӀо-накъосталла дан декхарийлахь хилар а билгалдаьккхина Куьйгалхочо.

Цул сов, оццу Указаца «Нохчийчоьнан а, ГӀалгӀайчоьнан а юкъара доза къасторан а, тӀечӀагӀдаран а декъехула йолчу пачхьалкхан комиссин» (104-рг, 03.09.2012) болх а сацийна Кадыров Рамзана.

Комиссин куьйгалле Парламентан Председатель М.Даудов а, цуьнан заместителийн дарже Правительствон Председатель М.Хучиев а, республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Ӏ.Израйилов а, республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин меттигерчу Iедалшца зIенаш латторан департаментан директор С.Гадуев а хIоттийна.

Комиссин декъашхошна юкъахь республикин муфти С.Межиев а, Парламентан АПК-н а, латтанийн юкъаметтигийн а, экологин а, Iаламан тIаьхьалонийн а гIуллакхашкахула йолчу комитетан председатель Ӏ.Гучигов а, Правительствон Председателан заместитель Ӏ.Магомадов, Юкъараллин а, экономикин а кхерамазаллин советан секретарь В.Усмаев, республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин бакъонийн департаментан директор Г.Берсункаев а, Юьртан бахаман министр М.Дадаев а, Культурин министр Х-Б.Дааев а, Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Д.Умаров а, Бахаман а, латтанийн а юкъаметтигийн министр А.Ирасханов а, Автомобилийн некъийн министр – Правительствон вице-премьер А.Тумхаджиев а, Iаламан тIаьхьалонийн а, гонахара хьал лардаран а министр С-М.Темирханов а, Туризман министр М.Байтазиев а ву.

Иштта, Iилманийн академин президент Ш.Гапуров а, Iилманийн академин гуманитарийн талламийн институтан директор С.Магомадов а, Юкъараллин палатин председатель И.Денильханов а, чоьхьарчу гIуллакхийн министран заместитель А.Алаудинов а, «Грозный» НПТРК-н директор А.Дудаев а, «Вайнах» ПТРК-н директор Ӏ.Ельсаев а, Правительствон архиван комитетан куьйгалхо Ш.Айдамиров а, Пачхьалкхан регистрацин а, кадастран а, картографин а федеральни службин республикехула йолчу Урхаллин куьйгалхо И.Джандаров а, оццу Урхаллин кадастран палатин куьйгалхо М.Айдамиров а, Парламентан Председателан хьехамчаш I.Садулаев а, М.Гушакаев а ву.

Цул сов, ГIалгIайчоьнца а, Къилбаседа ХIирийчоьнца а, Ставрополан крайца а, Дагестанца а дозанаш долчу республикин кIоштийн куьйгалхой а язбина Кадыров Рамзана оцу комиссина юкъа: ТIехьа-Мартан кIоштан (ГIалгIайчоьнца доза) куьйгалхо Т.Хучиев, Итон-Кхаьллан кIоштан (ГIалгIайчоьнца доза) куьйгалхо М.Алхастов, Соьлжан кIоштан (ГIалгIайчоьнца доза) куьйгалхо Н.Терхоев, Теркан кIоштан (ГIалгIайчоьнца а, Къилбаседа ХIирийчоьнца а дозанаш) куьйгалхо Ш.Куцаев, Невран кIоштан (Къилбаседа ХIирийчоьнца а, Ставрополан крайца а дозанаш) куьйгалхо Д.Кашлюнов, Веданан кIоштан (Дагестанца доза) куьйгалхо Н.Ахиядов, Нажи-Юьртан кIоштан (Дагестанца доза) куьйгалхо А.Музуруев, Шаройн кIоштан (Дагестанца доза) куьйгалхо Р.Магомедов, Гуьмс ан кIошт ан (Дагестанца доза) куьйгалхо Ӏ.Оздамиров, Шелковски кIоштан куьйгалхо (Дагестанца а, Ставрополан крайца а дозанаш) Хь.Хаджиев.

И.ИСЛАМОВ

№68, шинара, товбецан (сентябрь) беттан 11-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: