«Соьлжа-ГIала йиллина 200 шо»

«Соьлжа-ГIала йиллина 200 шо». Иштта йоза тIехь долуш иэсан нахарт арахецна Россин Коьртачу банко. Нохчийн Республикин пачхьенан – Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачаран сийнна арахецна ю нахарт. Цу хьокъехь хаам бина хIокху деношкахь Россин коьртачу банко.

«Соьлжа-ГIала йиллина 200 шо» — нахарт

Кхаа соьман дато нахарт ю иза. Цхьана агIонна тIехь яздина «3 сом» а, цуьнца цхьаьна «Россин Федераци. Россин банк» йоза а делахь, вукха агIор Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах долу «Нохчийчоьнан дог» маьждиган сурт ду, тIехьа гуш дукха гIаьтнаш долчу «Грозный-Сити» гIишлонийн комплекс а, лаьмнаш а долуш.

Арахецнарг ерриге а 2 эзар нахарт ю. Шеко йоццуш оцу ахчанах масех нахарт (лаххара) уггаре а хьалха безамна Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна лур ю.

Ма-дарра аьлча, цхьа а нохчи хир вац иза шен хуьлийла ца лууш. Цуьнга ладоьгIча дукха еза хила тарло кхаа соьман датон нахарт.

Мухха делахь а, вайна массарна а хаза кхаъ бу иштта ахча арахецар. Иза арахецарца Россин Коьртачу банко вайн дерриге а халкъана динарг доккха совгIат ду. Ткъа нахарт массарна кхача аьлла а ма дац. Ма-дарра дийцича, оцу Iалашонца арахецна а яц иза. Иштта хилча-м миллион сов арахеца езар яра и нахарт.

С.ХУСЕЙНОВ

№68, шинара, товбецан (сентябрь) беттан 11-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: