А-Хь.Кадыровн цIарахчу Сийлаллин аллей комплексехь гIумкийн этнографин «Къумукъ хазна» («Клад кумыков») гайтам схьабиллина. Республикин культурин министерствос вовшахтоьхна и гайтам. Иза схьабоьллучохь дакъалецира Парламентан депутаташа Нагаев Iаднана, Тагиев Мурата, Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитела Элембаев Iалихана, кхечара.

ГIумкийн этнографин гайтамах лаьцна дош а олуш вистхилира Тагиев Мурат: – Таханлера гайтам мехала бу. ХIора а къомо ларъян еза шен культура. Хазахета, шайн дайн гIиллакхаш, ламасташ, шайн къоман истори Iалашъярехь къахьоьгуш хилча.
– Вайн республикехь бехаш бу 40 гергга къоман векалш. Билгалдаккха деза, оцу къаьмнийн векалша вайн махкахь мел хуьлучу даздаршкахь дакъалоцуш хилар. Хазахета гIумкийн этнографин гайтам кхузахь дIахьош. Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран цIарах декъалдо шу этнографин гайтам вовшахтохарца. Вайна ма-хаъара, хIора а къоман шен культура ю. Дика ду шу шайн къоман истори ларъеш долуш, – элира Элембаев Iалихана.

«Къумукъ хазна» гайтамехь хьовсархойн кхиэле бехкина бара гIумкийн къинхьегаман гIирсаш а, церан къоман духарш а, лерга-пIелга юхкурш а, декоративно-прикладни искусствон белхаш а.
Хьеший леррина хьаьвсира гIумкийн этнографин гайтаме. Ткъа шайна хIун ю ца хуучух бIаьргкхетча, цара гIумкашка доьхура цунах лаций дийца, олий. ГIумкийн культурин туьшахь Iемаш долчу бераша эшарш лакхарца хаздинера гайтам схьабеллар. Иштта, шаьш кхиийна кемсаш еанера гIумкаша. Кемсаш а, хьокхам а биллинера цара шуьне.
Цигахь дакъа лаьцначу гIумкийн къоман векалша баркалла элира и гайтам вовшахтохарна тIехь гIо-накъосталла динчарна.
З.ЛОРСАНОВА
№68, шинара, товбецан (сентябрь) беттан 11-гIа де, 2018 шо