Соьлжа-ГIала йиллина 145 шо кхочучу муьрехь безамах буьззина бIаьрг кхарсто лаьа цуьнан кхиаран историн агIонашка. Дуьненна хаьа инарла П.Ермоловс хIинца Соьлжа-ГIала йолчу меттехь, 1818-чу шарахь гIап йоьгIна хиллий, вайнахана кхерамна «Грозная» аьлла цIе тиллина. Амма наггахь бен ца хьахадо, и гIап йогIале дуккха а хьалха цигахь бехаш нохчий хилла хилар. Ткъех кIотар хилла хIинца Соьлжа-ГIала йолчу меттехь. Соьлже, Кули-юрт, Мамакхин-кIотар, Ягийна-юрт, Сорочан-кIотар иштта дуккха а кхиерш а. Хаддаза лаьттинчу тIемаша, чим беш ягийна уьш, буха доь ца дуьтуш. Кавказе Россин олалла даржа доладелчхьана иштта чим беш ягийнарг ерриге а йиъ бIе нохчийн юрт ю. Цунах бакъдерг довзуьйту документаш хIинца долуш ду, Москва гIалахь йолчу Россин тIеман-исторически музейхь. Лаа яздина дац нохчийн литературин бух биллархочо Бадуев СаьIида хIара дешнаш:
Паччахьан политико дIаьвше мотт лебеш,
ГIалагIазкхийн станицаш кхерамна йохкуш,
Iазапехь латтийра нохч-гIалгIайн къаьмнаш…
Баккъал а, дуккха а шерашкахь тIеман гIап хилла лаьттина ю «Грозная». Кхузахь туш тоьхна лаьттина оьрсийн паччахьан эскарш. «Грозная» гIопера дIаоьхуш дина цара нохчийн ярташна къиза тIелатарш. Вайнаха луьра дуьхьло йина, шайн деэшча, чевнаш дIаерззалц юха а гIопе схьадоьрзуш хилла тIапа куйнаш техкинчу салтийн и эскарш. Юьхьанца, мел маьрша адамаш ду бохуш чIагIонаш ярх, нохчийн бакъо ца хилла «Грозная» гIопехь Iен-баха охьаховша. Бакъдерг билгалдаккха догIу, юьхьанца-м кхечу къаьмнех долу маьрша адамаш а ца хилла «Грозная» гIопехь даха бакъо йолуш. Нохчийчохь лаьттачу эскарийн коьрта туш долчу, цунна гIаролехь болу эпсарш, салтий хилла гIап хьалаюьзнарш. ТIаьхьо «Грозная» гIопана уллехьа совдегарш гIоьртина; жуьгтий, эрмалой, наггахь – гуьржий. Заманан йохалла йохка-эцар жигарадала доладелча, нохчий а богIуш хилла базара, кIалд, даьтта, жижиг, ялта дохка Iалашо йолуш. ГIап шорлуш дIайоьдуш хилла. ГIонана гуонаха цIенош дан долийна. Мах тайна жуьгтий а, эрмалой а баха охьахевшина. Цхьаболчу эпсарша шайн доьзалш схьабалийна. Юьйш-ерзош йолчунна кхузара латта беркате хетта салтий а, эскарехь гIуллакх дина бевлча а, цIа ца боьлхуш, цхьа урд шайна схьалоций, гIопехь баха ховшуш хилла. Цундела 50 шо далале «Грозная» гIап гIалин битамаш эца йолаелла. Цундела 1870-чу шеран январь беттан хьалхарчу дийнахь «Грозная» гIопана гIалин статус елла. ТIаккха цунах «Грозный» хилира. Бакъду, нохчаша-м даима а «Соьлжа-ГIала» олура цунах, кура сетташ догIучу Соьлжа хин йистошца йиллина вайн мехкан коьрта шахьар хиларан. Нийса хир дацара статус еллера аьлла «Грозная» гIап, катоьхнна цхьана дийнахь гIала хилла дIахIоьттира аьлча. Амма цIаро а цхьацца декхарш тIедохку. Соьлжа-ГIалахь яхка йолийра школаш, тIаьхьуо училищеш, болх беш яра пекарни. Дуьненна евзира Соьлжа-ГIала кхузахь мехкадаьтта гучудаьлча. ХIХ-чу бIешеран чаккхенехь нохчий а кIезиг бацара Соьлжа-ГIалахь бехаш. Дукха хьолахь церан шайн-шайн каппаш хилла; мартанхойн куп, атагIойн куп, соьлжахойн куп. иштта дIа кхин а. Коьртачу декъана йохка-эцар лелош бара Соьлжа-ГIала баха охьабаьхкина нохчий. Шуна ма мотталаш хох-саьрамсекх бухкуш уьш хилла. Жимчохь, масала, суна ца хаьара кIадин цхьана тайпанах вай муьжгин бассам хIунда олу. Ткъа иза вайн совдегарша Москва гIалара, цIарна цIе яхана волчу Морозовн фабрикера схьакхоьхьуш хиллера. Иштта шуьйра мах лелоран зIенаш хилла вайн дайн советийн Iедал тIедале а. Хецнна духкуш деши а, дети а хилла. Вайна массарна а хууш ма-хиллара советийн Iедало алссам заводаш ехкина Соьлжа-ГIалахь. Амма нийса хир дацара Нохч-ГIалгIайн Автономни Республикин коьрта шахьар яра аьлла, Соьлжа-ГIала, советаша вайнехан дола яьккхина аьлча.
Сингаттамаш дебош дуьйладелира вайнахана ХХ-чу бIешеран шовзткъалгIа шераш. Цкъа делахь, 1941-чу шарахь Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабелира. Фашисташ ямартлонца Советийн Союзана тIелетачу муьрехь, вайн махкара итт эзар сов жима стаг ЦIечу эскарехь гIуллакх деш вара. ТIом болабеллачу хьалхарчу деношкахь, шайн лаамехь, кхин кхойтта эзар стаг а тIаме хIоьттира. ЦIахь виснарг а трудармехь вара, Теркайисте окопаш яха дIавигина. Бакъду, и цхьамма а тидаме-м ца ийцира 1944-чу шеран февраль беттан ткъе кхоалгIачу Iуьйранна вайнах махках бохуш. «Халкъан мостагIий» бина кхойтта шарахь хьегийра вайнах Соьлжа-ГIаланах а, Нохч-ГIалгIайчоьнах а. Делан къинхетамца 1957-чу шарахь шайн махка цIабирзира нохчий. Амма Соьлжа-ГIалахь йисинчу шайн хIусамашка дог ца дахийтира цаьрга. Нохчийн Республикин халкъан яздархочо Бексултанов Мусас Iаламат говза исбаьхьаллин сурт хIоттадо шен «ТIаьхьенна дисина цIа» цIе йолчу дийцарехь, нохчаша шайн дайх дисина ков-керташ юха муха дерзийна гойтуш. Дукхах болчу вайнаха дина къаьхьа къурдаш ду яздархочо къегинчу похIмица дийцаре дерзийна. Къурдаш-м уьш доцурш а алсам дайтира нохчашка Соьлжа-ГIалин куьйгалло. Аттачу балхах прописка ца йора, прописка ца хилча балха дIа ца оьцура. Урам-новкъахь, туьканашкахь, автобусахь нохчийн маттахь вист хилларг, юьхь йоккхуш, човхавой, юьхьIаьржа хIоттавора. Делахь а уьш кега-мерса хIуманаш хиллера, Iедало ха хорцуш, пачхьалкхан хатI хуьйцуш ХХ-гIий, ХХI-гIий, бIешераш хотталучу муьрехь Соьлжа-ГIалига а, цуьнан бахархошка а хоттийначуьнга ладоьгIча. Иттех шарахь сов тIеман кIуьрлахь дахка дийзира вайн. Вайн гина тIамо бина берриге а дика болх».
И къемат де мел дахлур ду хууш стаг вацара, Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Дала гIазот къобал дойла цуьнан, Кадыров Ахьмад-Хьаьжа миска къам шен турпалчу букътIехьа лаьцна, тIеман чалх дIаерзо ца гIаьттинехь. Буьрсачу тIамо йожийна, лаьттаца дIашарйина Соьлжа-ГIала туьйранах таръеш гIаттийна цуьнан кIанта, тахана вайн мехкан Куьйгалхо волчу Кадыров Рамзана. Цкъа а ца хилча санна, къайлаяьхна къизачу тIеман ирча лараш. Маьлхан зIаьнарех тарйина, дIахIиттийна керла гIишлош, цIиндина урамаш, йоьгIна бошмаш. Iаламат хазъелла Соьлжа-ГIала, вайх хIораммо а шех дозалла дан хьакъ долуш. Кху деношкахь 145 шо кхаьчна цуьнан. Цундела цIенчу даггара, мохь тоьхнна ала лаьа, хIинца баккъал а нохчийн къоман коьрта шахьар хилла дIахIоьттинчу гIалига:
Соьлжа-ГIала — къонахийн ага,
Хьайха яла соь цкъа а ма ала,
Соьлжа-ГIала-сан деган дакъа,
Ехийла ирсе тхан Соьлжа-ГIала.
ГАЗИЕВА Аза
