Къоначеран кхиамаш

Гуьмсан кIоштарчу Джалкхехь дIаяьхьира 2004–2006-чуй шерашкарчу кегийрхошлахь паргIатчу кепара охьатохархлатарехула республикин турнир.

Цигахь дакъалоцуш вара РДЮСШ-кара 20 спортсмен. Къийсадаларш шина дийнахь дIадаьхьира. Финалехь шайн-шайн йозаллин категорешкахь толамхой хилира: Амаев Абу-Муслим (60 кг.), Яхъяев Маьхьди (67 кг.), Халадов Сайхан (42 кг.).

Оцу кхиамашка спортсменаш кхачийнарш бу РДЮСШ-н тренерш: А.Макаев, Х.Эскерханов, А.Магомадов.

СКФО-н кестта хинйолчу кхиазхойн чемпионате кечам беш бу толамхой карарчу хенахь.

Лаьа вайн махкахой оцу къийсадаларшкара лаккхарчу кхиамашца цIабоьрзийла.

З.ШИШХАНОВА

№68, шинара, товбецан (сентябрь) беттан 11-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: