Шайх дош ала хьакъ берш

ХIора а юьртахь бу оьзда, гIиллакхе, шайх ала дика дош долуш зударий. Юкъараллин дахарехь маьIне, доккха дакъа дIалоцу цара. Уьш бу хьехархой, лоьраш, Iилманан, бахаман тайп-тайпанчу дакъойн белхахой, вайн наной, йижарий, несарий, денаной, ненаной, иштта кхин а. Оха хIара рубрика йолийна Нохчийн зудчун денна лерина, бовза хьакъболчу зударех лаьцна дош аларан Iалашонца.

Иштта зударий шайн юьртахь, кIоштахь, гIалахь белахь, язде тхоьга царах лаций.

Хасиева Зарема, Старопромысловски кIоштан яхархо:

Цхьа а шеко йоцуш, хIора а юьртахь а, урамехь а хуьлу шех дика дош ала хьакъйолу зуда. Ишттачарах цхьаъ ю Старопромысловски кIоштан яхархо Ахмедова Залина. Сан лулахо ю иза. Школехь дика дешначул тIаьхьа, Нальчикехь кхиамца юристан говзалла кара а ерзийна, Соьлжа-ГIалин Октябрьски суьде балха яхара иза.

Залина ханна йоккха яцахь а, 8 берийн нана ю. Цхьа бер а ийманехь кхио атта доцучу заманахь, нана дика ларайо шен доьзал кхиоран декхаршца. УьйтIа ловза арадаьлла бер муьлххачу хенахь а цIена хуьлу цуьнан.

Масех бер школехь доьшуш ду, ткъа вуьйш кегий бу. Школехь доьшуш долчу берашца урокаш ян, цIахь долчу берийн Iуналла дан, балхахь а, чохь а дан дезачуьнца, хьеший тIеэцарца адам цецдаллал дика ларош ю.

Муьлххачу хенахь а цуьнан хIусаме вахча, «Кху чохь бехаш нах бан а буй-те?», аьлла хеталуш, цIена хуьлу цуьнан хIусам, берийн чоь а цхьаьна (тайнигаш а шен-шен меттехь хуьлу).

Тхо дехачу куьпахь, хийлазза, баккхийчу наха Залинин дика цIе йоккхуш хеза. Иза дика кхета, доьзал халкъана, махкана пайдехь кхио безаш хиларх. Нохчийн зудчун денца Залина декъалъян лаьа суна. Цкъа а шен доьзалан вон ца гуш, ирсе, дуккха а шерашкахь ехийла иза!

Хизирова Зулай, Шелан кIоштан яхархо:

Дуккха а бу нохчийн зударий шайх ала дика дош долуш. Царах цхьаъ ю Заводской кIоштарчу БухIан-Юьртан яхархо Гойтамирова Тумиша. 6 доьзалхо кхиийна Тумишас. Шелахь, тхан лулахь Iийна бу уьш.

ХIетахь юьртахь кондитеран болх беш яра Тумиша. ГIиллакхе, оьзда нохчийн зуда ша хиларе терра, иштта ийманехь шен доьзал а кхиийна цо.

Шаьш лулахь хан йоккхучу хенахь кIеда-мерза, гIиллакхе чекхъяьлла Тумиша. Цундела, тахана а дика цIе йоккху цуьнан, безамца дагалоьцу цо лулахь яьккхина хан. Дала могаш латтайойла хьо, Тумиша! Дала сий дойла хьан!

Зайпулаева Малика, Маьхкадаьттан-Юьртан яхархо:

ТIедогIучу Нохчийн зудчун денца даггара декъалъян лаьа суна Мехкадаьттан-Юьртахь ехаш йолу сайн дика доттагI Ибрагимова Зараъ. Уггаре хьалха бусалба дин цIена лелош, Дала хьарам динчух ларлуш ю Зараъ.

Белхан накъосташна, гергарчарна, лулахошна дукхаезаш, цара лоруш а, шегара гIо-накъосталла оьшуш волчунна орцахъяла кийча ю.

Жимачуьнца а, воккхачуьнца а бийца мот карабо Зараана. Делан къинхетамца, кIант Зеламха а, нус Хьава а ийманехь а, оьзда а ду цуьнан. Дала шен безачийн вон ца гуш, дуккха а шерашкахь яхайойла, Зараъ!

Байтулаева Залина, Грозненски кIоштарчу Чурт-ТогIи юьртан яхархо:

Сайга хаьттича, хIора а нохчийн зуда ирсе хуьлуьйтур яра ас. Даима а ю нохчийн зуда цхьаьннан дуьхьа ехаш, шена-м цкъа а башха даккхий хIуманаш ца доьху цо.

ТIедогIучу Нохчийн зудчун денца тхайн лулахо Абдурзакова Падам декъалъян лаьа суна. ГIиллакхе, оьзда, ийманехь, дика, вон девзаш, хила ма-еззара цIена нохчийн зуда ю иза.

Къона яцахь а, тахана а даьхни лелош, цунах беркат оьцуш ю Падам. Уггаре а хьалха къинхетаме, муьлххачу хенахь адамна гIо дан кийча, комаьрша, эхь-бехк долуш, хьашада тIеэцар дезаш, воккхачуьнца, жимачуьнца цхьабосса гIиллакхца чекхйолуш ю тхан лулахо. Къоначана дуккха а хIуманна тIехь масал хилла лаьтташ ю.

Дала декъалйойла хьо, тхан дика лулахо, Падам! Дала могаш-маьрша, хьайн доьзалан вон ца гуш, дуккха а шерашкахь ехийла хьо! Хьо санна оьзда зударий эша ма бойла вайна!

Зорбане кечйинарг – З.САГАЕВА

№68, шинара, товбецан (сентябрь) беттан 11-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: