Ойла йича, ладоьгIча

ХIокху тIамца гуш бац Ичкерин толам. Гуш бу инзаре боккха Iожаллин болам, нагахь санна Дудаев шечул сов герзан ницкъ а, эзарза сов эскар а долчу Россин Федерацина дуьхьал латта Iалашо йолуш велахь, Нохчийчоь Россех йозуш цахиларе кхача дагахь велахь – муххале а.

Шеко яц, Ичкерин бIаьхой майра а, доьналла долуш а хиларан. Иза цара хIинцале, 1994-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 11-чу дийнал тIаьхьа хиллачу тIамехь ган а гайтина, 3 шарахь лаьттина йолу Ичкерин йозуш цахилар цара хьаьшча.

Ойла йича, бараман сурт хIоттийча. Ичкери Къоьзан-Iомал бен яцахь. Россин Федерацин Къилбаседа Шан океаннал ма ю, шена чохь айсбергаш лелаш.

Бараман башхо а, ницкъан ондалла а тидаме эцча, тIаккха толамах дегайовхо вуно кIезиг ю. ГIазотийн хIолламаш нохчийн яртийн йистошкахь а, кешнашкахь а де дийне мел дели дебаш лаьтта.

Наб яйначу ехачу буьйсанна ойланаш, гIайгIанаш вовшех хьерчош, юцу оцу сингаттамо. Юха а, юха а, мел хахерцарх, семачу бIаьргашна хьалхара дIа ца довлу хеназа Iожаллаша кхолийна кегийчу нехан къона сибаташ: Зорбанан цIа чохь, 3-чу гIат тIехь, вийна Iуьллуш сайна редакце балха вахча, гина волу, тIемалочун хорма тIехь йолуш хилла нохчийн жима стаг а, Трампаркехь вийна ялх бIаьхо а, ткъа тахана вертолето ракета тоьхна вийна ЧIишкара 9-чу классан дешархо волу Гайдаров ТIахIиран кIант Ваха а.

ХIора дийнахь лустлуш лаьтта гIазотийн хIолламийн хьун а хIуьтту-кха набарца барт ца хуьлуш, чIогIа ийгIинчу бIаьргашна хьалха. Хезаш санна хета: «Тхо къаналло оьмарш кхачоза, Iожалле дерзийна синош ду шуна!!! Тхо Делан дуьхьа, Даймехкан сий лардеш эгна гIазотан бераш ду шуна. ХIай, кура некъахой, иномаркаш барамал чехка хоьхкуш, тIех ма лелха тхан хIолламашна! Куралла шелъяй, сихалла лахъяй, ойла е, доIа де»…

Массо а хIолламехь гуш санна хета оцу кIенташна боьлхуш, бIаьрхиш дакъош, лачкъош боцу наной, жоьрахь бисина цIенаной, йижарий. Шайн къаналле гIийла хьуьйсу дай, ваша волчу вежарех хьоьгуш болу вежарий.

Стигал къовккъол, башлаьмнаш, Iаннаш, хьаннаш Iаддол чIогIа мохь тоха догдогIу «Ган дехийла вай!» – «Посмотриман «бIов» баьхначу Iасанийн мах ца хуучу, лаьтта тIехь хьекъална генахула хан яханчаьрга: «ХIей! ХIара дарий аш лехнарг, дехнарг? Мичахь ду шу? Гой шуна?! Десачу, бесачу, историн бух ца гучу, бIаьргаллин Iин чу кегийрхошна некъ хьехнарш, мичахь ду шу?».

Керташца керташ йоьзна, лулахь маьрша лаьттина нохчийн, оьрсийн, эрмалойн хIусамаш, йохийний, ягийний, нилхаевлла.

Россин яккхийчу тоьпийн, бомбанийн Iалашонаш гал ца евлла. Дахар дохо кхиъна федералаш. Ка ца долуш, наггахь дийна дисинчу цIийнан корехь гIийла сегало чIураман серло, пана аренгахь цхьалха йолчу кIотаран генара гучу къуьданах тера.

Бода боьлла. ДIатийна. Амма и бода лелхош, бэтээраша, танкаша фарашца гойту шаьш бина болх: кIоргалле йиттинчу (глубинный) бомбанаша цIенош лаьттинчохь оцу цIенойл кIорга а, даккхий а оьрнаш даьхна.

Юха а оццул нуьцкъалчу герзаша кхоам хеташ санна, наггахь дитина цIенош российски салташа, командираша буьйраш Iеттош, чу а оьхуш, дагадо. НеIарш, кораш, тхевнаш, цIенкъанаш, дечиган ерриге а коьчалш ягайо. Чоьнашкарчу массо а йийбаршца цхьаьна. ЦIергара кIелхьараяьлларг салташа дIаяхьа билгалъяьккхинарг бен яц. Кузаш бэтээрийн экипажаша доладаьхна.

Москван гумашкахь, рогIе хIуьттуш, йолу-йоцу сом-ком луш нохчийн зударша ийдинарш. ЦIенойн пенаш къарздина, хаздина кхаьзнарш. Гоьнийн меттана салташа бэтээрашна чохь тIекIелдохку, и кузаш эца хIусамнаноша кхоийна Ленинан корта тIехь болу ахча санна.

ЦIенаноша хьацарна пIелгаш хьоькхуш хала (цкъацкъа-м юхадухкучаьргара) эцна мехала кузаш салташа юткъий шакарш лоькхуш, дIакхоьхьу: «Хватай больше, вези дальше», бохуш.

Харцо а, гIело а лар нохчийн халкъана тIедеана болу, шайна хууш я ца хууш, нах гуш бац хIинца тIом беш эгначу а, маьрша болуш байъинчу а нохчийн кегийчу нехан тезеташкахь. Митингахочо а, воккхачу стага а, уьш санначу кхечара а, Россина кураллаш кхийсина митингаш дIайоьхна, делкъал тIаьхьа жимлун базар санна.

Нохчийчоьнан-Нахистанан дахар са уьйзуш ду: дохош, шелдеш, хIаллакдеш лаьтта де дийне даларца. Газ а, электросерло а, хи а дац, поселкан рузбанан маьждиг дохийна. Шаьш хала дина цIенош байлахь ца дита, лардан, Iалашдан Калининан цIарахчу поселкехь севцца, хIуъа а хилахь а, дIа ца баха ният дина нах бу цIахь севцца.

Доьзалш дIаса а бахийтина: Абдул-Кадыров Шамсудди, Шамилев Адам, Бибулатов Ахьмад, Исраилов Сайд-Ахьмад, Астамиров Iабдул-Межет, Хутаев Iабдурахьман, Шидаев Тута, Дамкаев Iабдул-ВахIид, Дадуев Iимран, Насуров Зайнди, кхиберш а.

Баккъал а андий синош, дика могашаллаш йолуш ца хилча, цхьа де а даккха хала хьал ду хIара тахана цара а, кхечанхьа кхечара а ловш дерг…

Йогуш ю санатори

Аьлча а, федералаша ягош ю ЧIишкара берийн санатори.

1925-чу шарахь советийн Iедало йина. Йичахьана дуьйна эзарнаш берашна говзачу лоьраша дарба деш, уьш дуьненан ирсан декъахь беш, бIеннаш чIишкахошний, дочуборзахошний белхан меттигашца кхачо
еш лаьттина яра и санатори.

Ткъа хIинца иза къизачу федералаша, бIаьсте йолуш, новкъара дIаяккха, ягайо. ГIайгIа-бала кхаьчна, дегнаш лозуш хьуьйсу чIишкахой оцу инзаречу эрчоне.

Баккхийчарна санна, я царначул а сов, оцу бохаман лазам кегийрхошна а Iаьткъина. Юьртара, генара хьаьжна Iен собар ца тоьа кегийчеран. Iимранан Iилман а, ТIахIиран Ваха а дIахьодий, цIерачаьрга хаттазаалаза, воьду йогучу санаторех дог лозуш, хьажа…

ГIой-татолан доккхачу тIай тIехула дехьа а ваьлла, йогучу санаторех лелхачу, вовшех хьерчаш-керчаш ирхъоьхучу цIарей, кIуьрей хьежахIутту ши кIант. Олу: – ХIинца бераш мичахь тодийр ду?..

Кхин вовшашка дош аьлла, хIара шиъ вистхила кхиале, гу тIехь лаьттачохь, федералийн беркемано (вертолет) ракета хоьцу шина кIантана тIе. Ший а вожаво. Цхьа хан яьлча, Iилман тентагваккхарх самаволу. Даш тIе доьттича санна, ракетан ницкъан тулгIено базбина корта айбина, дIахьожу Iилман. Ваха меттахволуш ца го.

Ваха! Ваха!, – бохуш, карзахволий, тIекхетта маравуллу Iилмана доттагI, лулахо. Вахина хIинца хIумма а ца хеза…

Аз хезехь, гучохь адам дац. ЧIишкара ГIойчу буссург а, ЧIаьнтий-Органан чIожахула охьабогIург а ший а некъ беса бу. Ткъа оццу хенахь Iилманна хеза дукъа тIе йолчу некъан ирхонехь угIучу моторан гIаргIовгIа.

ХIинца и машен соцу Вахиний, Iилманний дуьххьал нислучохь. Некъа йистехь. Тормозашна тIехь егало машен. Шина агIор, хьалхара ши неI аркъал а кхуссуш, араэккха ши стаг. Вахиний, Iилманний тIевоьду. Дерг-доцург хоьттуш, хан йойъучохь дац цушинна гуш долу Вахигара хьал.

Вадавой Ваха шайн машен тIе вуьллу шина некъахочо. Цуьнца Iилман воккху машен тIе. Йоккхачу АтагIарчу больнице Ваха сиха дIакхачо машен масайо цуьнан «урх» шегахь йолчо.

ХIорш дIакхочу. ТIом болабелчхьана, даима а, больницехь хьовха, цIахь а орцанна кийча хуьлуш волу хирург Бакаев Андарбек дуьхьал вогIу. Дархо Ваха сихха охьавуьллу операцин стоьла тIе. Чов толлуш, леррина хьожу хирург.

Хьаьжна ваьлча, доккха са а доккхий, шина стаге а хьожуш хотту цо: – ХIара кIант муьлхачун ву шуьшиннах?

Тхойшиннан цхьаьннан а вац хIара, – жоп ло воккхах волчу некъахочо.

Ца кхеташ, хирург шега хьаьжча олу цо: – Тхаьшшиннан сихачу гIуллакхна Соьлжа-ГIала кхача хаьхкина вогIуш вара тхойшиъ.

Генара вогIурий шуьшиъ?

Шуьйтара вогIура.

ТIаккха?

ТIаккха йогуш йолчу ЧIишкарчу берийн санаторин кетIарчу, некъал дехьарчу гу тIехь, цхьаъ воьжна, важа воьхна, цунна гонаха хьийзаш гира тхойшинна. ТIехвала, дIаваха Делах эхь хетта, сецна ши некъахо ву тхойшиъ, халачу сохьтехь, хIокху шина кIантана орцах ваьлла.

Дела реза хуьлда шуьшинна, – олу хирурго.

Амин! Дела реза массарна а хуьлда

Ши шото, ши некъахо, – элира хирурго, шен шина пIелга юккъера Вахин куьйган синпха меллаша дIа а малбина, – ашшимма шайн аьтто берг дина. Ткъа хIинца, кхидIа, я шуьшиннан а, я лор-хирург волчу сан а дан гIо дац, кIантана. Ракетан гериг кIорга яхана!..

Гайдаров ТIахIиран уьйтIахь Вахин тезет хIоьтти. Кадамаш, доIанаш до наха. ЧIишкахойн кешнашкахь дIаверзий Ваха. Хеназа доьгIначу цуьнан чуьрта тIехь гуш ши терахь ду: нанас Ваха вина 1975-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 18-гIа де а, федералаша Ваха вийна 1995-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 31-гIа де а…

Д.КАГЕРМАНОВ, Нохчийн журналистикин къано

№68, шинара, товбецан (сентябрь) беттан 11-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: