Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а, Россин Правительствон Председателан Медведев Дмитрийн а цхьаьнакхетар хилира Москвахь.
Цигахь дийцира Нохчийчоьнан экономикехь а, социальни декъехь а болчу кхиамех а, проблемех а лаьцна.
Делахь а, къаьсттина тидам цхьайолчу школашкахь дешархой кхаа сменехь доьшуш хиларна тIебахийтира Медведев Дмитрийс.
«Ахьмадан Рамзан, Кавказерчу республикашкахь а, Нохчийчохь а йоккха проблема йолчух лаьцна дуьйцур вай цкъа хьалха – школашкахь дешархоша кхаа сменехь дешар ду дуьйцург. Оцу гIуллакхна лерина, Кавказерчу республикийн куьйгалхой схьа а гулбина, ас кхеташо а йинера. ХIун хьал ду оцу декъехь, хIун кхиамаш бу? Суна хууш ду оцу декъехь аш къахьоьгуш хилар», – элира Медведев Дмитрийс.
Шен къамелехь Кадыров Рамзана билгалдаьккхира республикехь мел йолу проблемаш дIаяхарна тIехь, федеральни центро гIо-накъосталла дар бахьана долуш, денна а беш болх хилар.
«Анатолийн Дмитрий, бакъду, и проблема а йолуш ю. Амма, ахь гIо-накъосталла дар бахьана долуш, хIинцале 11 школа йина оха, иштта, карара шо чекхдалале, кхин а 2 школа йина ер йолуш ю. Дешархоша кхаа сменехь доьшуш 70 школа ю. Нагахь санна ахь а, федеральни центро а кхидIа а гIо-накъосталла латтор делахь, и проблема масех шарахь дIаяккхалур йолуш ю. Динарг дукха ду. Амма дан дезаш дерг а дац кIезиг. ТIаьхьарчу масех шарахь 30 школа йина республикехь», – дийцира Кадыров Рамзана.
Республикин Куьйгалхочунна хетарехь, школашкахь дешархоша кхаа сменехь дешаран проблема хIинца а йолуш хилар халкъ дебаш хиларца а, тайп-тайпанчу мехкашкахула дIасаихна хилла болу нохчий шайн Даймахка цIа оьхуш хиларца а доьзна ду.
Кадыров Рамзана дечу къамеле леррина ладоьгIуш Iийначу Медведев Дмитрийс чIагIо йира школашкахь дешархоша кхаа сменехь доьшуш хиларан проблема дIаяккхаран декъехь федеральни центро кхидIа а гIо-накъосталла дийриг хиларна.
Иштта, оццу цхьаьнакхетарехь дийцира Соьлжа-ГIалин 200 шо кхочуш хиларца доьзна, республикин пачхьенехь бечу кечамех а, балхах а лаьцна а.
«Хьуна хууш ду тхоьга кхаьчна хилла йолу Соьлжа-ГIала муха яра. Тахана оха и шен 200 кхочуш хиларна кеч а йина, цIин а йина. Иштта, оцу даздаршка оха хьоьга а кхойкху, хIунда аьлча, тхан халкъан а, тхан пачхьенан а кхиарехь ахь жигара дакъалаьцна», – билгалдаьккхира республикин Куьйгалхочо.
Медведев Дмитрийс, оцу даздаршка ша кхайкхарна баркалла а олуш, белхан муьре хьаьжжина, ван хьоьжург хилар хаийтира.
И.АДАМОВ
№69, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 14-гIа де, 2018 шо