Вайн республикин экономика кхиоран министерствехь цхьаьнакхийтира Иорданин а, Нохчийчоьнан а делегацеш.
Иорданерчу делегацина коьртехь вара принц Мохьаммад Iаббас бен Iали бен Найеф. Хьешашка маршалла а хоттуш вистхилира Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитель Хакимов Хьасан, экономика, мохк кхиоран а, махлелоран а министр Идрисов ИбрахIим.
Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш бара цхьамогIа министерствийн куьйгалхой, республикин Iилманан интеллигенцин, Россин «Сбербанк» а, «Россельхозбанк» а региональни отделенийн, ткъа иштта регионан бизнесструктурийн векалш.
– Тхан республика, карарчу хенахь, сиха кхуьуш ю, инвесторийн тидам тIеийзош ю. Россехь а уггаре а сиха кхуьуш йолчу регионех цхьаъ ю тахана Нохчийчоь. Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана дIахьош йолу политика бахьанехь хуьлуш бу и кхиамаш. ХIара вайн цхьаьнакхетар а еххачу хенахь беркате цхьаьна болх баран юьхь хирг хиларх тешна ву со, – элира Хь.Хакимовс.
Идрисов ИбрахIима дийцира Иордани а, Нохчийчоь а доттагIаллин зIенаша вовшашца йоьзна дукха хан хиларх лаьцна. Цо дийцарехь, Кавказехь XIX-чу бIешарахь буьрса тIемаш кхехкачу муьрехь, нохчийн халкъан эзарнаш векалш тIеэцна, дIатарбина, Iенбаха меттиг елла Иорданин Iедало. Цо иштта билгалдаьккхира Иордани Нохчийчоьнан тешаме накъост хилар а, цуьнца йолу юкъаметтигаш чIагIъяре, кхиоре республикин доккха хьашт хилар а.
– Нохчийчоь башха, яккхий таронаш йолуш регион ю. Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан доккха хьуьнар бахьанехь, кхузахь бахархойн аьтто хилийта, регион социальни-экономикин кхиийта, инвестицеш юкъаяло дерриге а хьелаш кхоьллина, – элира И.Идрисовс.
Цул тIаьхьа къамел динчу Иорданин делегацин куьйгалхочо Мохьаммад Iаббас бен Iали бен Найефа баркалла элира шаьш даггара тIеэцарна а, хIара цхьаьнакхетар вовшахтохарна а. Цо хаийтира шайн мохк Нохчийчоьнца йолу зIенаш чIагIъян, цуьнца цхьаьна гIуллакхаш дан лууш хилар. Ша аьлча, Иорданин векалш Нохчийчоьнца логистикин, медицинин, туризман, энергетикин, кхечу дакъошкахь гIуллакхаш дан лууш бу.
– Оцу дакъошкахь болх баран доккха зеделларг ду тхан. Нохчийчоьнца оцу дакъошкахь цхьаьна болх бар тхуна мехала, маьIна долуш ду, – дIахьедира делегацин куьйгалхочо.
Иорданин Хашимин Паччахьаллин векала, бизнесмена Сан Парис Оскара чIагIдира Нохчийчоьнца цхьаьна гIуллакхаш дан шаьш лууш хилар, цундела билггал гIуллакхаш дийцаре дан дIадуьйладала дезаш хилар.
Цунна хетарехь, логистикин а, туризман а дакъошкахь йолу проекташ кхочушъяран Къилбаседа Кавказан туш хилла дIахIотта аьтто бу Нохчийчоьнан.
Билгалдаккха деза Нохчийчоьнан цхьамогIа министерствоша а шаьш цхьаьна болх баран билггал гIуллакхаш дийцаре дан лууш хилар дIахаийтина хилла хилар.
Цул тIаьхьа министерствон актови зала чохь дIадаьхьира республикин инвестицийн таронаш йовзийтар а, социальни-экономикин кхиорехь регионо баьхна кхиамаш гайтар а. Цу хьокъехь доклад йира экономикин кхиоран министерствон инвестицин гIуллакхаллин а, кластеран политикин а департаментан директоран заместитела Арсанукаева Эмилас. Циггахь дIадаьхьира Нохчийчоьнан тоьлла компанеш йовзийтар.
Иорданера еанчу делегацин иштта цхьаьнакхетарш хилира регионерчу Iеламнахаца, предпринимательшца, студенташца, кхечаьрца.
Делегацин декъашхой зераташкахь а, туризман объекташкахь а хилира.
Д.АНАДЕВ
№69, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 14-гIа де, 2018 шо