Ахматова Раиса Солтамурадовна Нохч-ГIалгIайн АССР-н халкъан поэтесса, нохчийн литературин уггаре а бевзаш болчу яздархойх цхьаъ ю. Иштта, Нохч-ГIалгIайн АССР-н Яздархойн союзан председатель (1961-1983-гIий шш.), НГIАССР-н депутат лаьттина иза. «Нохч-ГIалгIайчоьнан сийлахь поэтесса» цIе елла зуда и цхьаъ бен хилла а яц.
Иттаннаш книгаш зорбане евлла цуьнан. Цуьнан книгаш арахецна СССР-н дуккха а халкъийн меттанашкахь, иштта гочйина инди а, ингалсан а, французийн а, полякийн а, немцойн а меттанашка, ткъа цхьайолу цуьнан говзарш дуьненан литературин библиотекина юкъа а яхана. ХIокху шеран гIуран (декабрь) баттахь 90 шо кхочу Ахматова Раиса йина.
Цуьнан юбилейна лерина цхьамогIа мероприятеш дIахьур ю Нохчийн Республикин Яздархойн союзо: поэтессин тоьллачу байтийн гулар арахецар, цуьнан цIарах йолу юбилейн преми юкъаяккхар, тоьлла говзар язъяран литературин конкурс дIаяхьар, юбилей билгалъяккхар.
Литературин конкурсехь дакъалаца йиш ю, хан къастийна йоцуш, массеран а. Конкурсан номинацеш: 1) поэзи; 2) проза; 3) драматурги; 4) къона автор (33 шо кхаччалц).
Конкурсан жамIаш дийр ду поэтессин кхоллараллина лерина лахьанан (ноябрь) баттахь дIахьур йолчу юбилейн суьйренехь.
Конкурсехь дакъалацаран хьокъехь йолу заявкаш чу яла йиш ю 2018-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 1 чу дийнера эсаран (октябрь) беттан 30-чу дийне кхаччалц.
Шайн говзарш хIокху электронни адрес тIе схьатаса: kanta_ibr@mail.ru.
ЗIенан телефон: 8(928)948-34-82.
I.МУРТАЗОВ
№69, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 14-гIа де, 2018 шо