«Кавказан халкъийн этнически истори а, этногенез а»

Товбецан (сентябрь) беттан 11–12-чуй деношкахь Соьлжа-ГIаларчу Нохчийн пачхьалкхан университетехь «Кавказан халкъийн истори а, этногенез а» аьлла, нахийн Iилманан дуьненаюкъара конгресс хилира.

Конгрессин дакъалацархой

Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин Iилманийн академис республикин Культурин министерствоца а, Нохчийн пачхьалкхан университетаца а цхьаьна.

Конгрессан лараме хьаша вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан. Нохчийн Республикин Iилманийн академин президента Гапуров ШахIруддис бовзийтира конгрессехь дакъалаца баьхкина хьеший а, Iилманчаш а. Царна юкъахь вара Нохчийн Республикин Правительствон Администрацин куьйгалхо Израйилов IабдулкъахIир а, Правительствон председателан заместитель Ахмадов Муса а, республикин Культурин министр Дааев Хож-Бауди а, Дешаран а, Iилманан а министр Байханов ИсмаьIал а. Цхьайтта пачхьалкхера Iилманчашисторикаш а, юкъараллин гIуллакххой а бара конгрессан балхахь дакъалоцуш. Царна юкъахь – Иорданера Бено Мурад а, Ваппи Iисам а, иштта кхин декъашхой а.

Гапуров ШахIруддис дийцарехь, конгресс Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца вовшахтоьхна а, дIахьош а яра.

Кадыров Рамзана шен къамелехь билгалдаьккхира: «Стохка вайн филологаш, историкаш схьагулбина, вайн къоман духарх, маттах, вай мичара, муьлш ду хоттуш дагавелира со. Жоьпаш тайп-тайпана дара. Нохчийн халкъан истори теллина яц. Оцу декъехь болх бан беза Iилманчаша. Луларчу мехкашкахь йолчу архивашка доьлхуш талла еза истори. ХIара конгресс дIаяхьар а ду цхьа гIуллакх. Iилманчашна бан болх бу шортта. Дала аьтто бойла».

Конгресс дIахьочу шина дийнахь ян лерина 130 доклад яра. Хьалхарчу дийнахь докладаш йира Гуьржийн Къоман Iилманан академин вице-президента Метревели Ронна а, Бено Мурада а, Абхазин Iилманийн академин гуманитарни талламийн институтан директоран Iилманан декъехула волчу заместитела Гумба Гурама а, Ереванан Кавказан институтан директора, профессора Искандерян Александра, Хь.Ибрагимовн цIарахчу Iилманан-талламан комплексан институтан Iилманан белхахочо, историн Iилманийн доктора, профессора Ахмадов Явуса, Россин Iилманийн Академин Н.Миклухо-Маклайн цIарахчу этнологин а, антропологин а институтан директора, профессора Мартынова Марияс а, иштта Казахстанера, Хонкарара, Азербайджанера, Израилера баьхкинчу Iилманчаша а.

Докладаш йинчул тIаьхьа секцешка бекъабелира Iилманчаш. Уьш 8 секци яра. Цигахь хIокху теманашна лерина докладаш яра: «Кавказан халкъийн этногенезан проблемаш», «Нохчийн халкъаш кхолладаларан муьраш а, процесс а», «Нохчийн халкъан этнически истори а, этногенезан проблема а», «Кавказан халкъийн этногенез Iаморехь археологин дакъа», «Мотт – этногенетикин код санна», «Миграционни процессаша халкъан этногенезана бо тIеIаткъам», «Этнос кхоллаяларан процессехь культурин дакъа», «Этносаш кхоллаяларан процесс а, фольклор а».

Конгрессан болх резолюци тIелоцуш, Iилманан академехь дIаберзийра шолгIачу дийнахь.

Хьешашна Соьлжа-ГIалахула экскурси а йира, нохчийн культура йовзуьйтуш концерт а гайтира.

З.ЯХЪЯЕВА

№69, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 14-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: