Бароновски (Я.Бутыринан цIарах) урам

Вайн республикин коьртачу шахьарара А.Чеховн цIарах болу урам Я.Бутыринан цIарахчу урамах дIахотталуш бара хьалха. ХIинца керташца дIасакъастийна и шиъ. Оцу меттигана гена доццуш тиллина тIай ду. Оцу тIайх а, урамах а, цигарчу поселках а гIалахоша хIинца а «Бароновски» бен ца олу.

Бароновски (Я.Бутыринан цIарах) урамна хьалхуо даьккхина долу сурт

Я.Бутыринан (Бароновски) цIарахчу урамехь а, Соьлжа хин йохалла хиллачу поселкехь а, коьртачу декъана, цхьацца гIаьтнаш долуш цIенош дара. Бакъду, советийн оьмарехь дина кхо-диъ гIаьтнаш долуш цIенош а дара цигахь. Амма уьш дерриге а дохийна, лаьттаца дIашардина Нохчийчохь 1994–2001-чуй шерашкахь тIемаш долчу хенахь.

ХIунда тиллина хилла урамна «Бароновски» аьлла цIе? Оцу хаттарна жоп лоьхуш дукха талламаш бина, литература ешна вевзаш волчу журналиста Кусаев Iадиза. Оцу хаттарна жоп луш, цо шен «Соьлжа-ГIала» книгехь яздо: «Россехь некъаш дохкуш хилла оьрсех дIаийна волу немцо, барон Штайнгель Роберт а, цуьнан кIант а. Цо жигара дакъалаьцна Буру-ГIалара СоьлжаГIала а, цигара Порт-Петровске а (ХIинжа-ГIала) цIерпоштнекъ буьллуш. Р.Штейнгель некъаш дахкаран инженер хилла, чIогIа хьал долуш стаг хилла… Соьлжа-ГIалахь мехкадаьтта даккха долийча, Р.Штейнгела цу тIехь хьал-бахам стамбан болчу аьттонах а буьззина пайдаэцна. Цо а, тIаьхьа цуьнан кIанта а куьйгалла деш хилла йолу Буру-ГIалин цIерпоштнекъан акционерийн юкъаралла вайн гIаларчу мехкадаьттанах гIуллакхдаран заводийн а, мехкадаьтта кховсаран биргIанийн а дай хилла дIахIиттина.

Баронаша – дас а, кIанта а – къаьсттина Штейнгель Роберта дикка хазна юкъайиллина Соьлжа-ГIала экономикин а, культурин а кхиорна юкъа. Кхузахь цара кибарчигаш еш йолу заводаш ехкина. Оцу заводашкахь болх беш хиллачу белхалоша XIX-чу бIешеран чаккхенехь а, XX-чу бIешеран юьххьехь а Соьлжа хин аьтто агIор, гIалин къилбаседамалхбалехьарчу декъехь жим-жима еш (поселок) юрт ян йолийна. Цара деш дерш лоха, кегий кораш долуш, буьйдачу кибарчигийн цIенош хилла, ма-дарра аьлча, лаппагIнаш еш хилла.

Жимма тIаьхьуо динчу дечиган тIайно юрт гIалица йоьзна. Оцу юьртах «Бароновски» («Баронан») ала долийна халкъалахь».

Иштта нисделла поселках а, ткъа иштта, урамах а «Бароновски» алар. Хетарехь, ахча-бахам дукха хиллехь а, чIогIа саьхьара стаг хилла барон Роберт а, цуьнан кIант а. Иза иштта хилла хилар чIагIдеш ду А.Ваксмана дина йозанаш. Цо яздо: «Соьлжа хи йистехь лаьттах пешаш а яьхна, кхин совнаха харжаш ца еш, иза кибарчигаш яйта волавелла. Берриге а белхаш куьйга беш хилла. Белашца латта доккхуш хилла. Юха, иза когашца хьуьйш хилла, куьйгашца кепаш чу буьллуш хилла поппар, тIеда кибарчигашаьргалла белхалоша, гехь дIа а кхоьхьуш, пеша чу йохкуш хилла. Дийнахь 12 сохьтехь а беш, и беза болх бийриг барона кхелхина баьхкинчу божаршна 25 кепек луш хилла, зударшна – 20 кепек, кхиазхошна – 10 кепек. Белхалой циггахь, пешашна уллехь яьхначу тоьланаш чохь, Соьлжа хин йистехь даьхначу оьрнаш чохь Iаш хилла».

Цу тайппана, гIалин къилбаседамалхбалехьарчу декъехь нах бехаш йолу кIошт кхоллаелла. ГIалин урхалло цунна «Бароновски слобода» аьлла цIе а тиллина.

1910-чу шарахь Бароновски ураман цIе хуьйцу. Цунна Камильковски цIе туьллу. Урамо и цIе 1939-гIа шо тIекхаччалц лелайо.

Советийн Iедал Соьлжа-ГIалахь дIахIоьттинчул тIаьхьа, ШтейнгельгIеран бахам пачхьалкхо шен дола берзабо. Белхалойн поселкана 1920-чу шарахь ЦIен слобада цIе туьллу, иза гIалин цхьа дакъа хуьлий дIахIутту. Ткъа 1939-чу шарахь урамна Я.Бутыринан цIе туьллу, и кхелхина 20 шо кхачар билгалдоккхуш. Бутырин Яков цIеяххана революционер хилла. Иза Теркан советийн республикин Халкъан Комиссарийн Советехь чоьхьарчу гIуллакхийн комиссар вара. Оцу Советан дуьххьарлера председатель С.Бучаидзе вара.

Къилбаседа Кавказехь Советийн Iедал дIахIотторехьа белхалоша дIабаьхьна хиллачу къийсамехь куьйгалхойх цхьаъ вара Я.Бутырин. Иза кIайчу гIалагIазкхаша вийна 1919-чу шарахь, Теркан правительство Буру-ГIалара кхечанхьа дехьайоккхучу хенахь.

Оцу поселкехь а, я оцу урамехь а революци хилале хьалха а (1917-гIа шо), я советийн Iедалан муьрехь а историн маьIна долуш, мехалла йолуш гIишло ца йина. Цундела вайн коьртачу шахьаран историн хIолламаш буьйцучу хенахь хьахош а бац и урам. КIезиг бу Я.Бутырин а, Р.Штейнгель а вевзарш, къаьсттина кегийрхошна юкъахь.

(Пайдаэцна I.Кусаевн «Соьлжа-ГIала» книгех)

С.ХАСАНОВ

№69, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 14-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: