«Тайп-тайпана а, хаза а»

Иштта яра хIокху деношкахь Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу пачхьалкхан галерейхь дIабаьхьначу Нохчийн Республикин халкъан суртдиллархочун Ильясов Адаман суьртийн гайтаман цIе. Нохчийн зудчун денна лерина бара иза. Ильясов Адам вина 1951-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 26-чу дийнахь ГIиргIизойн ССР-н Сулюкте гIалахь.

Ильясов Адам а, гайтаман хьовсархой а

1976–1979-чуй шерашкахь Гуьмсерчу берийн исбаьхьаллин школехь хьехархочун болх бина.

1979-чу шарахь дуьйна Гуьмсан кIоштарчу Ойсхарарчу Берийн исбаьхьаллин школин директор ву. Шен болх дукхабезаш хиларе терра, даима къахьоьгуш, керланиг довза лууш ву суртдиллархо. Россерчу а, дозанал арахьарчу а пачхьалкхийн гIаланашкахь хилла Адаман суьртийн гайтамаш. «Тайп-тайпана а, хаза а» суьртийн гайтаме диллина 50 сов сурт ду.

Гайтам схьабелларехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин хьакъволу хьехархо, Нохчийн Республикин культурин хьакъволу белхахо Тимиргираев Асламбек, Юкъараллин гIуллакххо Болотбиев ХIарон, «Коалиция» боламан председатель Яхъяев Дени, Ильясов Адаман накъост, суртдиллархо Тарамов Муса, Дешериев Юнусан цIарахчу лингвистикин школин дешархой, суртдиллархочун накъостий, цуьнан кхолларалла дукхаезарш.

Гайтам а, цуьнан хьовсархой а

Гайтам схьабелларна леринчу цхьаьнакхетарехь бистхиллачара лаккхара мах хадийра Ильясов Адаман кхоллараллин.

Со а, Адам а вевза 40 шо ду. Суна вевзичхьана дуьйна керланиг довза лууш ву Адам. Цкъа а цхьана а хIуманна тIехь мало ца еш, искусствехь даима а керланиг лоьхуш, иза кхечунна довзийта лууш хуьлу Адам. Дика суртдиллархо хилла ца Iаш Адам дика хьехархо а ву. Искусствехь шена зеделларг шен дешархошна довзийта, иза царна дIадала хаьа цунна. Иза хIоранна а делла дац. Адам дика, оьзда стаг ву. Могаш-маьрша, дуккха а шерашкахь вехийла хьо! Дала тIаьхье беркате йойла!

Гайтаман официальни дакъа дерзош вистхилира гайтаман автор.

Тахана хIокху гайтаме мел веанарг шен цхьацца гIуллакх кIелдитина веана ву, цхьаберш геннара баьхкина а бу. Со лара а лерина, шайн хан йойъуш, кхуза дахкарна Дела реза хуьлда шуна! Шаьш аьлла хIора а хаза дош Дала сагIадойла шун! ХIокху заманахь деш долу дика а, вон а довзийта хIумма а хала дац. Интернет бахьана долуш муьлхха а керланиг дукха сиха дIакхачо йиш ю. Делахь а, вайн юкъараллехь олуш цхьа хIума ду-кх, деш долу захало, дийнахь чиркх латийна дан дезаш ду, олий, цунна а дайна оцу интернетах пайдаоьцучу хенахь чIогIа ларвала веза, воккхачуьнца дагавала веза (кегийрхошна дуьйцуш ду ас хIара). Шуна массарна а Дела реза хуьлда!, – дерзийра шен къамел Ильясов Адама.

Цул тIаьхьа гайтаман автора, искусствоезархошна «Эбру» жанр йовзуьйтуш, мастеркласс елира.

Суьртийн гайтам товбецан (сентябрь) бутт чекхбаллалц лаьттар бу.

З.ЧИНХОЕВА

№69, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 14-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: