Иштта яра хIокху деношкахь А.Айдамировн цIарахчу Нохчийн Республикин къоман библиотекехь йовзийтинчу фильман цIе.
Фильм йовзийтар вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин юкъараллин палато Муциенице Iайнаан цIарахчу фондаца (Латви), социальни энтропин а, негэнтропин а Iилманан-талламан институтаца цхьаьна.

ДIадаханчу шеран аьхка яьккхина ю «Дахаран кхин чам» фильм. Иза рак цамгар эшо йиш юйла адамашна хаийта Iалашо йолуш яьккхина ю. Оцу Iалашонца онкологи цамгарш ерш Европин уггаре а лекхачу Альпа лома тIе (Монблан) хьалабевлла.
Фильм йовзийтарна леринчу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин председатель Денильханов ИсмаьIал, социальни энтропин а, негэнтропин а Iилманан-талламан институтан директор Эльсункаев Надирсолта, Къилбаседа Кавказехь цхьаъ бен воцу виротерапин говзанча Исмаилов Заурбек, фильман продюсер Аузинш Юргис, Европин лекхачу Монблан лома тIе ваьллачух цхьаъ, онкологин цамгар эшийна волу Одинцов Евгений, фильман турпалхо Эльсункаев Солижан, юкъараллин гIуллакххой, Къоман библиотекин белхахой, студенташ.
Хьешашка маршалла хоттуш, цхьаьнакхетар дIадолош йистхилира А.Айдамировн цIарахчу Нохчийн Республикин Къоман библиотекин директор Исраилова Сацита: – Иштта фильм яккхар чIогIа мехала гIуллакх ду. Цо вай Iамор ду тIехIоьттина халонаш лан а, уьш эшо а. Кхин цхьана хIуманна тидам тIебохуьйтур бара ас. ХIара фильм йовзийтар уггаре а хьалха Нохчийн Республикехь нисдалар ларамаза дац, «Дахаран кхин чам» фильман продюсерна лиъна халонаш лан Iеминчу нохчийн халкъана уггаре а хьалха ша бина болх бовзийта. Цо гайтина нохчийн халкъе шен болу ларам, – элира С.Исраиловас.
Официальни дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа, хьешийн а, цхьаьнакхетаран дакъалацархойн а таро хилира фильме хьовса. Фильман турпалхоша гайтира онкологин цамгар йолу адамаш дахарх догдиллина Iаш цахилар.
Фильм чекхъяьллачул тIаьхьа Денильханов ИсмаьIала Аузинш Юргийна а, Эльсункаев Солижанна а, Одинцов Евгенийна а Сийлаллин грамоташца совгIаташ дира.
З.САГАЕВА
№69, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 14-гIа де, 2018 шо