2018-чу шеран мангалан (июль) беттан 10-чу дийнахь Къинхьегаман а, бахархошна белхан меттигаш нисъяран а декъехула йолчу федеральни службехь Россин Федерацин субъектийн бахархошна белхан меттигаш нисъяран декъехула йолчу кхочушдаран органийн куьйгалхошца дIаяьхьначу кхеташонана №1 йолчу протоколаца а, 2016-чу шеран чиллин (февраль) беттан 5-чу дийнахь Россин Федерацин Правительствон сацамца тIеэцначу №164-р йолу Iалашонийн стратеги кхочушъярца а, Къинхьегаман а, бахархошна белхан меттигаш нисъяран а декъехула йолчу федеральни службин куьйгалхочун В.Вуколовн 2018-чу шеран мангалан (июль) беттан 4-чу дийнахьлера №153-ДСП йолчу тIедахкаршца а, иштта, пенсе баха хан тIекхочуш йолчу бахархошца бан безачу а, бан леринчу а балхаца нийса а догIуш, Соьлжа-ГIалин Заводской кIоштан бахархошна белхан меттигаш нисъяран туьшехь (ЦЗН) кхоьллина пенси баха хан тIекхочуш а, тIекхаьчначу а бахархошна (зударшна – 50 а, кхин а алсам шераш, божаршна – 55 а, кхин алсам а) лерина консультацийн туш.
Оцу туьшехь, лакхахь билгалбаьхначу бахархойн, таро ю болх лаха а, вакансешка хьажа а. Цул сов, оццу туьшехь и бахархой «Госуслуги» портала чохь дIа а язбо, цуьнан гIоьнца, лерринчу сайташ тIехь белхан меттигаш лаха а Iамабо.
Иштта, карарчу хенахь, Россин Пенсионни фондан республикехула йолчу Отделеница цхьаьна беш болх а бу – и лерина бу пенсе баха хан тIекхочучу бахархойн къинхьегаман бакъонаш Iалашъярна.
Пенсе баха хан тIекхочуш йолу бахархой болх боцуш бисарх а, корматалла лакхаяккхаран курсийн а, бахархошна белхан меттигаш нисъяран туьшийн а гIоьнца царна гIо-накъосталла даран гIуллакх а ду толлуш.
Пенсе баха тIекхачарца шайн белхан меттигаш йита езаш болчу бахархошна кхин агIо лаха езар ю.
Кхузахь билгалдаккха догIу Соьлжа-ГIалин Заводской кIоштан бахархошна белхан меттигаш нисъяран туьшехь санна, и болх Соьлжан а, ТIехьа-Мартан а, Шелан а кIошташкарчу туьшашкахь а дIахьош хилар.