ТIеман-патриотизман «Вайн ницкъ – цхьааллехь» ловзар

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дIадолорца нийса а догIуш, товбецан (сентябрь) беттан 29-чу дийнера эсаран (октябрь) беттан 4-гIа де кхаччалц Гуьмсерчу Россин спецназан университетехь дIахьур ду ТIеман бIаьхаллин 45 гIалина юкъара дуьххьарлера тIеман-патриотизман «Вайн ницкъ – цхьааллехь» аьлла долу ловзар.

Оцу мероприятехь дакъалаца тарло Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, Россин субъектийн губернаторша а, иштта, ТIеман бIаьхаллин гIаланийн куьйгалхоша а, мэраша а.

Ловзарехь дакъалоцуш хир ю ТIеман бIаьхаллин гIаланашкарчу 16-17 шераш долчу кегийрхойх лаьтташ йолу тобанаш (хIора а тобанехь 10 декъашхо а волуш). Оцу вовшахтоьхначу тобанашна юкъара кегийрхой ТIеман бIаьхаллин гIаланашкахь дIадаьхьанчу лерринчу ловзаршкахь, къовсамашкахь билгалбаьхна.

I-III-гIий меттигаш къовсарехь тобанаша гойтур ду герз нийса тохарехь а, граната кхоссарехь а, тIеман кхидолчу дакъошкахь а долу хаарш. Иштта, царна юкъахь дIаяхьа лерина тIеман историн викторина а ю.

ТIеман-патриотизман ловзаран дакъалацархой тергонехь латтош хир бу Россин спецназан университетан говзанчаш.

Толамаш баьхьначу тобанашна ТIеман бIаьхаллин гIаланийн союзан а, Соьлжа-ГIалин мэрин а, ВОВ-н коьртачу музейн а цIарах долу дипломаш а, кубкаш а лур ю. Иштта, ерриге тобанашна ловзарехь дакъалаьцна хиларан тоьшаллаш а, мехала совгIаташ а лур ду.

ТIеман-патриотизман ловзар Соьлжа-ГIалин 200 шо кхочуш хиларна лерина ду. Иза чекхдаьллачул тIаьхьа, Соьлжа-ГIалахь дIахьур ю ТIеман бIаьхьаллин гIаланийн конференци.

Шуьйрачу хаамийн гIирсашна аккредитаци:

Электронни почта: chechen-media@mail.ru, номер: +7(928)787-40-62.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: