Кадыров Рамзана декъалбира республикера зударий

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо хIокху деношкахь республикера берриге а бахархой декъалбира Нохчийн зудчун денца.

«ТIекхечи уггаре а мехалчех, дикачех, самукъанечех цхьаъ долу Нохчийн зудчун де! Декъалдаран юьххьехь мехала цхьа хIума хьахо лаьа суна. ХIара де тIекхачаре сатесна Iаш хуьлу зезагаш духкуш йолу Нохчийчуьра ерриге а туьканаш, бIеннаш предпринимательш. Масех баттахь доьхкинчул дукха зезагаш духку цара оцу цхьана дийнахь. Со тешна ву оцу дийнахь санна, кхечу цхьана а дезачу дийнахь, зударий оццул боккхачу сий-ларамца, безамца, аьхьналлица, даггара декъалбеш цахиларх. Вайн денаной, ненананой, наной, йижарий, йоIарий, хIусамнаной хьакъ бу иштта декъалбан», – билгалдаьккхина Р.Кадыровс.

Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан

Цо вайна массарна а юха а дагадаийтира Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна): «Ялсамани ненан когаш кIел ю», – аьлла долу хьадис.

«Хила ма-веззара шен ненан кIант хилчий бен кхочур вац Везачу АллахIа къинхетам баре. Халкъаца цхьаьна дуккха а зерех чекхбевлла вайн зударий. Халахеташ делахь а, и зераш цкъа Iиттаделла а ца Iа, дукхазза а лан дезна церан уьш. Божаршна юххе дIа а хIиттина, шайн дахар кхерамна кIел тийсина цара, цаьрца цхьаьна эгна шайн гергарчеран хьовха, девзаш доцу адамаш а кIелхьардаха гIерташ. Цу тайппана масалш эзарнаш ду. Нохчийчоьнан хIора а вахархочун хир ду шен ненан, йоьIан, йишин, хIусамненан хьуьнарх, доьналлех лаьцна дийца хIума», – яздина цо декъалдарехь.

Кадыров Рамзана тидам тIебахийтира Нохчийчохь дукхахболчара нанойн а, зударийн а боккха сий-ларам беш хиларна, уьш безаш а, хьомсара а хиларна.

«Иштта хилла, хир а ду даима. Ас тахана дозаллица дуьйцу сайн хьомсарчу ненах, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондан Президентах Несин Айманех лаьцна. Иза турпала зуда а, шен доьзал вуно чIогIа безаш нана а ю. Шен дахар дIалуш ю иза миллионаш буоберашна, тIеман къийсамашкахь бала хьоьгучарна, цхьанабисинчарна, цомгашчарна, къаношна, мискачарна гIо-накъосталла дарна. Шен ненан сий-ларам беш, цунна гIо деш, цуьнца хаддаза зIе латтош воцчух бакъволу къонах а, шен Даймехкан воI а, патриот а хир вац», – чIагIдо Р.Кадыровс.

Нохчийн Республикера берриге а зударий могаш-маьрша, ирсе хуьлийла, церан дахар беркате а, токхе а хуьлийла шена лууш хилар дIахоуьйту цо.

«Нохчийн цхьана кицанехь боху: «Зударийн сий доцчу махкахь къонахий кхуьур бац». Даима а и дагахь латтадо вай», – чекхдоккху шен декъалдар регионан Куьйгалхочо.

Д.АНАДЕВ

№70, шинара, товбецан (сентябрь) беттан 18-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: