ХIокху деношкахь Радион цIийнехь дIадаьхьира Нохчийн зудчун денна лерина даздарш. Уьш вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос. Цхьаьнакхетар дIахьош вара Нохчийн Республикин культурин хьакъволу гIуллакххо Ибрагимов Ризван.

Даздаршкахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Парламентан Председателан заместитель Жамалдаев Шаид, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат.
Нохчийн зудчун денна лерина цхьаьнакхетар долийра зудаберийн «Ан-нур» вокальни тобано Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондан куьйгалхочунна Кадырова Айманина лерина нашид аларца.
Цул тIаьхьа, зударий декъалбеш, вистхилира Умаров Джамбулат: «Шатайпа деза де, Нохчийн зудчун де, билгалдаккха гулделла ду вай тахана. Юкъараллехь а, доьзалехь а даима лоруш, сийдеш хилла ю нохчийн зуда. Нохчийн зударий массо а хенахь, шайна тIе мел яккхий халонаш хIиттарх а, къонахий санна, царах чекхбевлла. Цунна масал ду, Дадин Айбика, Кадырова Аймани, иштта кхин а дуккха нохчийн зударий. Суна билгалдаккха лаьа Кадырова Аймани шен хIусамдена, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентана, Россин Турпалхочунна Кадыров Ахьмад-Хьаьжина дика хIусамнана хилла чекхъяьлла хилар. Цо даима а латтийна шен кхерчахь беркат, ийман, гIиллакх. Ткъа хIинца, шен дас схьалаьцна некъ дIакхоьхьуш волу Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан кхиийна цуьнан, Нана ю Кадырова Аймани. Вайн массеран а цIарах, хIокху дезачу денца декъалъян лаьа суна иза. Дуккха а шерашкахь могаш, маьрша ехийла хьо, мехкан Нана, Несин Аймани! Зударий, шу дерриге а декъалдо ас Нохчийн зудчун денца!», – дерзийра Д.Умаровс шен къамел.
Иштта, довха дешнаш олуш, зударий декъалбеш вистхилира Жамалдаев Шаид: «ХIусамехь зудабер хилар доккха беркат ду. Масала, йоI доьзалехь шен вежаршна нана а, дика йиша а хуьлий чекхйолу. Иза даима а царна накъост ю. Ткъа дика хIусамнана йоккха гIортор ю. Нохчийн зударий, наной даима а хилла накъосталла оьшучохь орцахбовла кийча. Тахана вайх муьлххачунна а Кадырова Айманин сурт гича шен нана, денана дагайогIу. Вайн къоман зударий мел баккхий хилча а, цхьа хаза юьхь-сибат долуш хуьлу. Дала дукха дахадойла шу, тхан хьоме зударий!», – элира цо.
Цхьаьанакхетар дерзийра зударшна совгIаташ деш, Нохчийн Республикин халкъан артисташа Ясаев Мохьмада, Кагерманова Раисас концертан программа гайтуш.
З.САГАЕВА
№70, шинара, товбецан (сентябрь) беттан 18-гIа де, 2018 шо