Цхьа миллион сов стаг аравелира Соьлжа-ГIалин урамашка

IMG_4723

Цара даррехь дIахьедира Мухьаммад Пайхамаран (I.с.в.с) суьрташ дахкарна шаьш дуьхьал хилар а, иза магийта йиш цахилар а.

Iуьйранна ворхI сахьт а далале Нохчийчоьнан коьртачу шахьара Соьлжа-ГIала схьаэха буьйлабелира республикин ерриге а районашкара, ярташкара эзарнаш, эзарнаш бусалбанаш. Иштта, Нохчийчоьнан пачхьенехь боккха гулам хуьлуш бу аьлла хезна, Дагестнера, ГIалгIайчуьра, ГIебартойн-Балкхаройчуьра кхечанхьара бусалбанаш а схьасхьагIоьртира Соьлжа-ГIала.  Iуьйранна исс сахьт даьлча вайн коьртачу шахьара догIу некъаш дуьзнера машенаша. ГIали йистехь уьш совца а йина, гIалин урамашкахула  Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан А-Хь.Кадыровн цIарах долчу «Нохчийчоьнан дог» маьждиг долчухьа дIадоладелира халкъ. ТIанк а аьлла адамех дIадуьзна дара гIали юккъера дерриге а урамаш. Итт сахьт долучу хенахь лаххара а цхьа миллион бусалбанаш бара коьртачу маьждигина хьалхарчу майданахь, цунна тIедогIучу урамашкахь а вовшахкхеттарш. Цара хаддаза АллахI хеставора, Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) салаваташ дохкура, иза хестош назманаш олура.

Майданахь а, урамашкахь а зуькарш деш бара тайп-тайпанчу вирдийн векалш. Гуламе баьхкинчеран карахь эзарнаш плакаташ, кхайкхамаш, лоппагаш дара. Царна тIехь яздина дара шаьш шайн сийлахь Элча-Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) цхьаьнгга а сийсазавойттург цахиларан, цуьнан суьрташ дохкуьйтург цахиларан хьокъехь долу йозанаш.

Оццул долчу халкъана хьалха къамел дира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Россин муфтийн Советан куьйгалхочо Гайнутдин Равила, кхечара, Р.Кадыровс, гулбеллачарна баркалла элира вовшахкхетарна а, Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) сийсазван гIерташ дехкинчу суьрташкана шаьш реза цахилар дIахаийттарна а.

Вай, Дала мукъ лахь, бусалбанаш а ду, Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) умматах а ду. Цуьнан сий, цIе ларъеш вайн дахарш дIадале кийча а ду. Иштта ца хилча оццул дукха адамаш арадевр а дацара вайн пачхьенан урамашка, шайн лаам, дог-ойла д1ахаийта.

Д.АНАДЕВ

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: