Яздархо А.Ахматукаев – Россин халкъийн къоман литературийн фестивалехь

Дукха хан йоццуш, Казань гIалахь дIаяьхьира Россин халкъийн къоман литературин фестиваль. Иза лерина яра ГIезалойн Республикин а, Казань гIалин а денна.

Фестивалан дакъалацархой

Фестиваль вовшахтоьхнера ГIезалойн Республикин Правительствон а, зорбанан а, шуьйрачу коммуникацийн а Федеральни агентствон а гIоьнца. Оцу башхачу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш бара Россин тайптайпанчу республикашкара, гIаланашкара литераторш, историкаш, интеллектуальни къинхьегаман векалш.

Царна юкъахь вара Нохчийн Республикин векал, поэт, гочдархо, Нохчийн Республикин Яздархойн союзан правленин декъашхо Ахматукаев Адам.

Ахматукаев Адама йийшира ша нохчийн маттахь язйина байташ. Иштта, ша гочйина оьрсийн а, советски а классикийн а, Белоруссерчу, Аштаркханерчу а авторийн говзарш йовзийтира цо.

Яздархочо дийцарехь, фестиваль масийтта четаршкахь дIахьош яра: «Аксакалы», «Книгийн четар», «Берийн лекцийн четар», иштта, кхин а ши майда оьрсийн халкъийн хелхарш, эшарш йовзуьйтуш яра.

ЧIогIа пайдехь фестиваль яра иза. Цо гайтира Россин исбаьхьаллин литература еккъа цхьана оьрсийн маттахь хилла Iаш цахилар. Россехь 59 маттахь язйина литература ю, царах цхьаерш фестивалехь йовза таро хилира. Фестивалан Iалашо яра цхьаьнакхетаран дакъалацархошна Россин халкъийн къаьмнийн меттанаш довзийтар, иза соьга хаьттича кхочуш а хилира, – элира А.Ахматукаевс.

Фестиваль дIаяхьарехь кхин а цхьа беркат гучуделира, цигахь йовзийтира «Россин культура» Федеральни Iалашонан программин гурашкахь зорбане яьккхина «Берийн литературин антологи» книга. Оцу книги тIехь оьрсийн матте гочйина 201 автора берашна лерина язйина говзарш ю. Нохчийн берийн литература йовзуьйтучу антологи тIехь Махмаев Жамалдин, Мамакаев Эдуардан, Сулейманова Зайнапан, Арсанукаев Мусан говзарш ю.

З.САГАЕВА

№70, шинара, товбецан (сентябрь) беттан 18-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: