«Яндекс. Репетитор» – дешархошна накъост

БархI шо хьалха юкъаяьккхинчу пачхьалкхан коьртачу экзаменна кечамбарехь дешархошна гIоьнна «Яндекс» сайто юкъаяьккхинера «Яндекс.ЕГЭ» программа. Шошаре долуш хийцабеллачу ЕГЭ-н лехамашка терра оцу сайтан куьйгаллин хийца дийзира шаьш юкъаяьккхинчу программо кхочушдеш долу хьашташ.

Дешаран керла шо дIадолош «Яндекс» сайто схьайиллина керла «Яндекс.Репетитор» программа.

Экзаменехь санна хIоттийна хан а йолуш, дешархошна онлайн рожехь экзаменашна кечамаш бан таро хуьлуьйту оцу сайто.

Цкъачунна оцу сайта тIехь оьрсийн меттан а, математикин а, физикин а бен керла тесташ яц. Йисинчу предметашна хаттарш кечдеш ду, уьш а кестта сайта тIехь хир ду. Керлачу программина хаттарш кечдеш дакъалоцуш бу Россин Федерацин юккъерчу дешаран тIегIанехь тоьлла говзанчаш а, ЕГЭ-н хаттарш кечдеш болу говзанчаш а.

Карарчу хенахь кхаа предметехула бен тесташ кечъян ларийна дац тхо. ЕГЭ дIаяла езачу ерриге а предметашкахула тесташ кечйинчул тIаьхьа, хIора а дешархочунна шен-шена лерина тесташ кечъян дагахь ду тхо. Цо таро лур ю урокаш чекхъевллачул тIаьхьа, масийтта дешархо вовшахкхетта, кхаа сохьтехь эха сохьтехь баккъалчу экзаменехь санна, хаттаршна жоьпаш дала. ТIаккха уьш хааршца а, дог-ойланца а кийча хир бу, – бохура «Яндекс.Репетитор» программин куьйгалхочо Шаграев Алексейс.

М.ГЕРЗЕЛИЕВА

№70, шинара, товбецан (сентябрь) беттан 18-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: