Соьлжа-ГIалахь дIаболийра шайн гастролийн мур

Нохчийн пачхьалкхан къоначу хьажархочун театрехь тайнигийн «Дашо кIудал» театран Адыгейн Республикин пачхьалкхан филармонин С.Беловн пьесин буха тIехь хIоттийначу «ЦIеможа зу» спектаклаца гастролийн мур дIаболийна. Спектакль хIоттийнарг режиссер Ю.Головко ву.

Зуьнан хилларш-лелларш ду оцу туьйранехь гойтуш дерш. Ша ехачу хьуьнхахь цхьайолчу акхарошца доттагIалла тасало цуьнан, ткъа кхечарех ямартло а хаало. Барзо гIо до цунна новкъахь мел хуьлучу халонех чекхъяла а, шен цIаерза а.

Бераш экаме хьовсархой хиларх дика кхеташ болчу актераша дика кечам бинера.

Актераша ролаш ловзор хазахетта ца Iаш, гуш дара бераша оцу туьйранан турпалхочунна – Зуьнна – дог лазарца сагатдар. Берашна пайдехь дерг Iамош хIоттийла дара иза. Бераш вовшашца къинхетаме а, дог лозуш а хила Iамош кийсакаш яра цу юкъахь.

Нохчийн Республикин культурин министран Дааев Хож-Баудин Сийлаллин грамоташ елира Къоначу хьажархочун театран куьйгалло филармонин директорна, Адыгейн Республикин культурин хьакъйолчу белхахочунна Джолова Ларисина, оццу республикин халкъан артистана Сиюхов Станиславана, театран коллективана Баркаллин кехат делира.

Цул тIаьхьа Къоначу хьажархочун театран директорна Сагаев Мусана а, режиссерана Шахгиреев Рустамана а Адыгейн Республикин культурин министран а, филармонин генеральни директоран а Баркаллин кехаташ делира.

З.ЛОРСАНОВА

№70, шинара, товбецан (сентябрь) беттан 18-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: