Чубоьхкинчаьрца футболах левзира
ХIокху деношкахь Невран кIоштан Чернокозово юьртахь йолчу Россин таIзар кхочушдаран федеральни службин Нохчийн Республикехь йолчу урхаллин №2 йолчу товаларан колонехь футболан матч дIаяьхьира.
Чубоьхкинчаьрца ловзуш бара Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон белхахой. Колонехь болчаьрца кхетош-кхиоран болх дIабахьа а, цаьрца футболах ловза а йолчу Iалашонца баьхкинера уьш кхуза.
Ловзар чIогIа каде а, чулацаме а хиллехь а, доттагIалла тоьлла дирзира. Матч чекхъяьлча министерствон векалша чубоьхкинчеран командин декъашхошна совгIатана буьрканаш а, спортан хорманаш а, шахматаш а елира.
Иштта, кхетош-кхиоран белхан гурашкахь кхузахь тутмакхашца къамел дира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитела Элембаев Iалихана а, Нохчийн Республикин муфтин заместитела Абдулаев Аслана а.
«StreetWorkout»-хула республикин турнир дIаяьхьира
Нохчийн Республикин денца доьзна ТIехьа-Мартан кIоштарчу Буммат юьртахь дIаяьхьира «StreetWorkout» спортан кепехула республикин турнир. Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу берийнкхиазхойн цхьаьнатоьхначу организацица цхьаьна турнир вовшахтоьхнарг яра StreetWorkout федераци.
Мероприяти дIаяхьаран коьрта Iалашо яра кегийрхошна спорт а, могаш дахар а марздар. Къоначу атлеташа шайгара лаккхара говзалла а гайтира, чулацамечу къийсадаларшца гулбеллачеран самукъа а даьккхира.
Турнир чекхъяьлча, толамхошна Сийлаллин грамоташца а, кубкашца а совгIаташ дира.
Нохчийчоьнан векалша хьалхара меттиг яьккхина
ХIокху деношкахь Кемеровн областан Промышленни кIоштахь дIаяьхьира парашютийн спортехула Россин чемпионат. Цигахь дакъалоцуш вара Россин 15 регионера 100 сов спортсмен. Вайн республикера чемпионатехь дакъалоцуш Гуьмсерчу Россин спецназан университетан инструкторш Субботин Александр а, Лемешенок Максим а вара.
Шайн говзалла а, толам баккха болу лаам а бахьанехь хьалхара меттиг яьккхира Нохчийн Республикин парашютийн спортан федерацин командо. Цул сов, и кхиам бахьанехь хинйолчу Европин а, дуьненан а чемпионаташкахь дакъалаца йиш хир ю церан.
I.МУРТАЗОВ
№70, шинара, товбецан (сентябрь) беттан 18-гIа де, 2018 шо