70 шо сов дIадаьлла немцойн фашисташа ямартлонца СССР-на тIелатар дар бахьанехь болабелла луьра тIом чекхбаьлла. Вайн сийлахь-боккхачу Даймехкан толамца дIабирзира, Делан къинхетамца, и буьрса тIом. СССР-хь даьхначу халкъаша боккха мах дIабелира оцу толаман дуьхьа. 27 миллион сов салти, эпсар турпала воьжна тIеман арахь. КIеззиг бац царна юкъахь нохчийн кIентий а.

1941-чу шеран асаран (июнь) беттан 22-чу Iуьйранна и буьрса тIом болалуш 10 эзар сов стаг вара Нохч-ГIалгIайн Республикера ЦIечу эскарехь гIуллакх деш. ТIом болабеллачу хьалхарчу деношкахь кхин а 13 эзар стаг шайн лаамехь тIаме вахара. Яхь йолу кIентий хилла ца Iара мостагIчунна дуьхьалбевлла. Даима доьналлица къаьсташ хилла вайнехан мехкарий бара бIаьхошна юкъахь. Царах цхьаъ яра медицинин службин капитан Мазаева Есимат. Вайна массарна вуьйцуш хезна, дарделла лом санна, немцойх летта Мазаев Маташ. Турпал танкист хилла вайн махкахо. Цуьнан нанас дена йина йиша яра Мазаева Есимат. Масех шарахь тIеман арахь лаьттина иза лоьран декхарш кхочушдеш, чевнаш хиллачу салташна гIо деш, уьш тIеман цIергара кIелхьара бохуш, госпитале идош. БIаьхаллин декхарш кхочушдеш Мазаева Есимата гайтина хьуьнар, доьналла, майралла бахьанехь Iедало дина дуккха а совгIаташ дара цуьнан. Шена чевнаш хилча а, лоьран декхарш кхочушдина нохчийн оцу оьздачу йоIа.
Лаха-Неврехь 1920-чу шеран бекарг (беттан) 23-чу дийнахь нохчийн доьзалехь дуьнен чу яьлла Мазаева Есимат. Цуьнан да Мазаев Хьамзатхан Итон-Кхаьллан кIоштарчу Басхарахь баьхначу дишнех вара. Советийн Iедал тIедале шайн долахь жа, бажа болуш, чоь юьззина доьзал болуш, дехаш хилла Мазаев Хьамзатхан а, цуьнан хIусамнана Алероева Бала а. Амма чIагIдала доьллачу советийн Iедало доккха таIзар хIоттийна ламанхошка, хIорш кулакаш бу бохуш. И Iазап-м нохчий боцучаьрга а такхийтина. Хийла гIалагIазкхи махках воккхуш, яссийна станицаш а. Ткъа яссаеллачу станицашка «кулакаллах» бохийна вайнах ховшош хилла. Иштта кхаьчна МазаевгIеран доьзал а Лаха-Невре. Iер-бахарна дIатарбелла мелла а хан яьккхина цара цигахь. Амма цхьа хан дIаяьлча, Мазаев Хьамзатхан, доьзал балош, Эна-Хишка (Серноводск) охьавеана, шен берашка дешийта лууш. Эна-Хишкахь чекхйоккху Мазаева Есимата ворхI класс. Цул тIаьхьа кхиамца чекхйоху хьехархойн курсаш. Асламбековскехь (иштта цIе яра Эна-Хишка юьртан советийн Iедал тIедеанчу муьрехь) мелла а хьехархочун болх бо йоIа. Делахь а, бераллехь дуьйна цуьнан ойла лоьран корматаллах хьерчаш яра. Цунна чIогIа хазахетара кIайн халаташ юьйхина адамаш. Буьйсанна гIан-набаршкахь тIехь гора кIайн халат юьйхина лазаро йийсаре лаьцначунна ша орцах йоьдуш. Амма медицинин училище Соьлжа-ГIалахь яра. Ткъа дас Есимат гена дIаса ца йохуьйтура. БIешерийн кIоргенера схьадогIучу вайнехан оьздачу гIиллакхашна тIегIертара да, зудабер бIаьргашна гуччохь хила деза бохург дара Хьамзатханан дагахь дерг. Амма Есимат шен лаамна тIера йолуш яцара. Эххар а, веше Маташе чIогIа дийхира Есимата, дас цо аьлларг дойла хууш. Маташ реза хилира йише лоьрийн говзалла караерзаяйта. Дехха къамелаш диначул тIаьхьа, да а тIеверзийра Маташа йишин лаамна. Иштта нисделира Мазаева Есиматан Соьлжа-ГIаларчу медицинин училище деша яхар
Кхиамца училище чекхъяьккхина, фельдшер хилира цунах. Дешна йолуш нехан цIентIе яхар а нисделира, йоI хилира Мазаева Есиматан. Езаш каралаьцначу корматаллах а, зевнечу ирсаца дагчу боьссинчу ховхачу безамо а Iехийначу Есиматана сийначу стиглара дашо малх шена цхьанна боьлу моьттура. И зовкх шегара цкъа а дIадер дац моьттура. КхидIа а деша дагахь яра иза, шен говзалла, дарбанийн къайленаш кIорггера йовза лууш. Амма, 1941-чу шеран аьхка дIаболабелира буьрса тIом. ТIаме дIавахара Есиматан хIусамда. Ткъа ваша Маташ а цигахь вара. Цхьаъ вукхул ирча, шийла кхаьънаш кхочура денна тIеман арара. Турпала вуьйжира Есиматан ваша, капитан Мазаев Маташ. Дукха хан ялале хаам кхечира хIусамда вийна аьлла. Эшамаш ловш, юхадолуш дара ЦIен эскар. Хьерадевллачу жIаьлех тарбелла гергагIерташ бара мостагIий. Балха араелира Есимат а. ХIинца иза тIеман фельдшер а, санитарни цIерпоштан хьаькам а яра.
Къизачу тIеман кIуьрлахь
1942-чу шеран бIаьстенца немцойн фашисташ Къилбаседа Кавказе кхаьчнера. Немцоша хаддаза деш авиатохарш дара. Чот йина вер воцуш, эшамаш ловш юхадовлуш дара ЦIечу Эскаран дакъош. Алссам бара чевнаш хилларш. Дархой тIеэца масех госпиталь яра Соьлжа-ГIалахь схьайиллина. Юьхьанца Соьлжа-ГIала – Малгобек яра Мазаева Есимат коьртехь йолчу санитарни цIерпоштан маршрут. ТIаьхьа-м Къилбаседа Кавказ мостагIчух дIацIанъян ЦIечу Эскаран бIаьхойн каяьллачу мIаьргонехь дуьйна СоьлжаГIалара Кропоткинан станице кхаччалц яхъелира цIерпоштан маршрут. Аьттехьа дац и некъаш маьрша дара бохург. ТIом иза миччахь белахь а тIом бу. Цул сов, немцой цкъа а ца ларлора шайн буьрса герз санитарни цIерпоштана кхетарх. МостагIий къаьсттина чIогIа къизалла лелош бара Кавказера шаьш юхатоха болийча. Цундела денна совбуьйлура цIерпоштаца кхерам боццуче дIабига беза дархой. Де-буьйса ца лоьруш кхерамечу некъаца яра Мазаева Есимат хьаькам хилла цIерпошт а, кхийолу цIерпошташ санна. Лоьраша новкъахь дIадоладора дарбанаш лелор. Чевнаш йоьхкура, лазар дайдеш, молханан буьртиг лора, маха тухура, багара йолучу кIеда-мерзачу Iаьнарца бIаьхойн дог оьцура, дарба хирг хиларх тешабора.
1943-чу шарахь Кропоткинехь, чевнаш хилла салтий цIерпошта чуоьцуш, немцойн нуьцкъалчу авиатохарна буха нисбелира хIорш. Дукха адам хIаллакьхилира, царна юкъахь лоьраш бара. Еза чевнаш хилира Есиматана. Авиатохарна кIелхьаръяьллачу цIерпоштаца госпитале бовдийра дийна бисинарш. Масех кIиранах метта ца йогIуш, госпиталехь Iиллира медицинин службин капитан Мазаева Есимат. Вайн махкахочун хьуьнар тидаме эцна, Iедало дукха совгIаташ дира цунна. Масех мидал яра цуьнан. Делахь а, бIаьрзечу герзо ца къаставо-кх мидалш ерг а, йоцург а. Иштта, госпиталехь цхьа-ши бутт баьккхира нохчийн турпалчу йоIа Мазаева Есимата. Чевнаш яккхий яра. Делахь а, уьш эгIаза хилира вайнехан йоьIан нуьцкъала амал кагъян, цуьнан синъондалла хьаша. Чевнаш йирзина дукха хан ялале, шен балха араелира тIеман фельдшер. ТIеман буьрса некъаш гездеш, Есиматан жима йоI хуьлу санитарни цIерпошта тIехь. Е.Мазаева тешна яра советийн халкъо фашисташна тIехь толам боккху болу де герга хиларх. Цо шен са а, дегI а ца кхоадора и толам гергакхачорна. Амма, ирча гIан санна, йогIий схьакхочу 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-гIа Iуьйре. Сталинан хьадалчаша махках доккху дерриге а нохчийн халкъ. Шен жима йоI марахьарчайой, къена нана оьций, оцу къаьхьачу новкъа йолу Есимат а. Цуьнан нанас дена вина ваша Маташ турпала воьжна тIеман арахь. Иштта, тIеман арахь, кхиболу нохчийн кIентий санна турпала воьжна Есиматан хIусамда а. Даймехкан дуьхьа хьанал къахьоьгуш яьхнера Мазаева Есимата орденш, мидалш. Амма оцу Iуьйранна уьш тергалъеш стаг вацара. Дерриге а нохчийн къомах «халкъан мостагI» хиллера. Цунах дика кхетара 24 шо кхачаза йолу нохчийн йоI. Оцу чолхечу муьрехь Есимат уьш дагадогIучохь яцара. Даймехкан турпалхо кхиийна шен нана, луьрачу тIеман арахь доьналлица да воьжна жима йоI мацалла ца ялийта напха лаха дезара медицинин службин капитанан чинехь йолчу Мазаева Есиматан хийрачу махкахь. ХIорш уггаре а шийлачу метте кхаьчнера, уллехь гергара стаг воцуш. Акмоленск гIалина юххехь яра уьш юьхьанца дIатарбина юрт. Шелонан а, мацаллин а гIело ца лайна, карара жима йоI дIаелира. Дуьйцийла доцуш, хала лайра Есимата и эшам. Дуьненчохь яккха йисинчу ханна бодане кхоларш яьхкина, кхин цкъа а маьлхан зIаьнарша дог хьостур доцуш, шен къона дахар гIорийна хетара мисканна. ХIинца къеначу ненаца йисинера иза хьалха ваккха верас, тIетовжа накъост воцуш. Делахь а, дагахь доцуш, Хастам хиларан АллахIДелан комаьршачу къинхетаман орца-м кхиира кхарна тIе.
Хийрачу махкахь
ЕсиматгIар дIатарбеллачу юьртахь а хиллера тIеман турпалхо Мазаев Маташ вевзаш, цуьнца тIом бина, нохчийн яхь йолчу кIентан башха доьналла девзаш цхьа казах. Еза чевнаш хилла, дукха хан йоццуш, цIавирзина хиллера иза. ТIеман накъостан нана, йиша шайн юьрта кхаьчний хиинчул тIаьхьа казаха Есимат а, цуьнан нана а схьалехна, царна юучуьнца-молучуьнца чIогIа гIо-накъосталла дина хиллера. ТIаьхьа ЕсиматгIеран гергара нах схьалехна, уьш болчу Алма-Ата дIабигна хиллера. Есимат шен корматаллица балха дIахIотто гечо карийна хиллера цунна. Лоьран болх нохчех тешо хIуттур волуш стаг вацара хIетахь а, иштта цхьа доккха орца хьалха ца даьлча. Муьлххачу къомах велахь а, ша верг адамалла, доьналла, къонахалла йолуш хуьлу, иза миччахь Iаш велахь а. Алма-Атан 12-чу куьпара больница яра Мазаева Есимат фельдшеран болх бан дIайолаелларг. Дукха хан ялале говзачу лоьран санна цIе дIаяхара вайн махкахочун. Кхечу куьпашкара дархой а богIура кхунна тIе, кхуьнгарчу лоьралле сатесна. Шен хан ца лоьруш, Есимата тIелоцура дархой, шегахь йолчу таронца царна гIо-накъосталла дора. Алма-Атахь а, цуьнан йисташца а мел Iаш волчу нохчичунна хаьара 12-чу куьпахь йолчу больницехь болх беш нохчийн йоI юйла, цуьнан дарбанечу куьйгаша мел хала лазар а эккхадойла. Иштта дуьйцура фельдшерна Мазаева Есиматана тIекхача ирс хиллачу дархоша. Массара хестайора цуьнан деган комаьршалла, тайна амал, багара йолу кIеда-мерза Iаь.
1948-чу шарахь шолгIа маре йоьду Мазаева Есимат Шеларчу Асхабов Мохьмаде. Иза а вара блокадни Ленинградехь тIом бина цу заманан турпалхо. Цуьнан ваша Асхабов Ахьмад Брестан гIопехь тIом беш хилла. Асхабов Ахьмадах дерг нохчийн вевзачу яздархочо Ошаев Халида язйинчу «Слово о полку Чечено-Ингушском» цIе йолчу книги тIехь ду. Асхабов Мохьмад Мазаева Есиматана вовзар ларамаза хилира. ХIокхо болх беш ерг тIеман заьIапхойн больница яра. ТIеман арахь хилла чевнаш лазаевлча кхечира больнице Асхабов Мохьмад. Цунна дагахь дацара хIора дийнахь елалойекхалой палати чу йогIу фельдшер нохчи хир ю аьлла. Амма Мохьмад нохчи вуйла хиъча иза ша йистхилира ненан маттахь. Дай баьхначу лаьтта тIе ша кхаьчча санна цунах чIогIа самукъадаьллера Мохьмадан. ТIаьхьа безамо зIийдиг тесира, зевнечу ирсан заза хийцира. Дукха хан ялале и шиъ цхьаьна чудирзира. ШолгIа маре яханчохь а Есиматан йоI хилира. Цунна Тамара цIе тиллира. Делан къинхетамца, Тамара хIинца а йолуш ю Эна-Хишкарчу юккъерчу школехь хьехархочун болх беш. Дай баьхначу лаьтта тIехь Мазаева Есимата а, цуьнан хIусамдас Асхабов Мохьмада а 1957-чу шарахь, вайнахана Кавказе цIаберза бакъо яьлча, дай баьхначу лаьтта тIе богIу некъ юьхьарлоцу.
1957-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 7-чу дийнахь Соьлжа-ГIала схьакхаьчча вайн гIиллакхашца догIуш ма хиллара, цкъа хьалха Шела дIагIоьртира хIорш. Амма Шеларчу хIусамашка кхаьрга дог ца дохуьйту. АсхабовгIеран хIусамашкахь Iаш жIайхой бара. Ков-керт Асхабов Мохьмадан дех-ненах дисина дара аьлла, цIавеанарг Даймехкан сий лардина тIеман турпалхо вара аьлла, ур-атталла уьйтIа ца буьту хIорш. Мел халахеташ делахь а, Iедало а хIумма а ца дира тIеман турпалхо шен хIусаме чуверзорхьама. ТIаккха Эна-Хишка дIабоьлху уьш. Цу хенахь 37 шо дара вайн турпалхочун. Цкъа мацах ша къинхьегаман дуьххьарлера гIулчаш яьхначу больнице балха йоьду Есимат. Иза жималлехь санна каде, хьуьнаре яра. Доггах дархой безаш а, церан гIуллакхе хьожуш а яра. Хьегначу халонаша, текхначу Iазапо ца хьаьшнера цуьнан нуьцкъала амал. «Хьегнарг дIадолу, – олура цо, – халкъалахь юьсуш ерг стеган цIе ю!» Мазаева Есимата, мел луьра хало, харцо, шело, мацалла дуьхьалъяларх, къар ца луш, зуламечу мехашка ша гора ца хIоттайойтуш, ларйина шен цIе.
1992-чу шеран гIуран (декабрь) бутт тIекхаччалц хьанал къахьегна цо, шена дукхабезачу юьртахойн могашаллина гIаролехь лаьтташ. Болх дика барна Iедало дина алссам совгIаташ дара цуьнан. Делахь а, уггаре а доккха совгIат ду халкъалахь яьккхина дика цIе.
2008-чу шеран асаран (июнь) беттан 23-чу дийнахь бакъдуьнена йирзина, вай массара шех дозалла дан хьакъйолу турпалхо, нохчийн къоман тоьллачу мехкарех цхьаъ хилла Мазаева Есимат. Дала гечдойла цунна! Тахана тIекхуьучу чкъурана доккха масал ду Е.Мазаеван турпала дахар. Цуьнан цIе карлаяккхар, цуьнан сирла амат иэсехь латтор вайн декхар ду! Даймехкан маршонна гIаролехь лаьттинчарех цхьаъ ю иза.
ГАЗИЕВА Аза
№70, шинара, товбецан (сентябрь) беттан 18-гIа де, 2018 шо