Куьйга йинчу тайнигийн гайтам

_2l-W7mvkRU

Соьлжа-ГIаларчу Кхузаманан искусствон марказехь хIора а гайтам башха, шатайпа хуьлу. Уьш оха шуна хIоразза бовза а бовзуьйту. ДIадаханчу шарахь хиллачарна юкъахь бара «Кехат а, сурт хIоттор а» цIе йолу гайтам, «Ламберд» клубан суьрташдахархойн кIайн-Iаьржачу басехь даьхначу (лакхалла а, шоралла а цхьацца метр долчу) суьртийн гайтам, бегемотописан жанрехь дехкинчу суьртийн гайтам, иштта Тайсумова Тамарин, Заураев ВахIидан, Муситова Заремин, Газиева Мадинин, Даудова Фатимин, Пашаев Абун  абстракцин, живописан, графикин жанрашкахь башха дехкинчу суьртийн гайтамаш а, кхиберш а.

IMG_1339

2015-гIа шо а башхачу гайтамца дIадоладелла Кхузаманан галерейн дахарехь. Бакъдолуш, вайн республикехь цу тайпа хIумма а хилла дац ала хьакъдолуш бу кху деношкахь кхузахь схьабиллина болу автора куьйга динчу тайнигийн гайтам. Пхьагалан, мукхадехкан, кхидолчу дийнатийн васташ кхуллуш башха дина Эльдарханова Еленас шен тайнигаш. ХIора а болх шатайпа хаза бу цуьнан. ХIора стагана а шен деза васт карон тарло кхузахь  муьлххачу а цхьана тайнигехь. Дийнатийн суьртакшкахь  дина делахь а, адамийн васт, хатI, синхьаамаш, амал – дерриге го гайтаме даьхначу белхашкахь. Дахаран халонаша гIелйина, цхьалхалло кIелйитина йолу, жима тIоьрмиг каралаьцна гIийла лаьтташ зуда го цхьанхьа. БIаьрга куьзганаш доьхкина, тIома кIел лаьцна книгаш йолуш, хааршна тIаьхьаваьлла жимха лаьтта сехьа. ГIайгIа-бала бовзаза, дахаро човхоза йолу йоI ю, каралаьцна ловзорг а йолуш. Тускара чохь зезагаш дохьуш йогIу цхьаъ… Иштта кхин дуккха а ду кхузахь башха тайнигаш.

Гайтаме даьхначу белхийн автор Эльдарханова Елена Прибалтикехь йина а, кхиъна а ю. Таханлерчу дийнахь диъ беран нана ю иза, шен доьзал лелош цIахь Iаш ю. Пхи шо хан ю Елена шен доьзалца цхьаьна Соьлжа-ГIала схьакхелхина. Итт шо ду цо куьйга тайнигаш йо. Автора дийцарехь хIора а тайниг еш 20  сохьтера 50 сохьте кхаччалц хан йолу. Гайтаме яьккхинарг дерриге а 30 тайниг ю. Уьш кечъеш ахшо хан яьлла говзанчин. Цуьнан цхьадолу белхаш доларчу коллекцешкахь а ду. Ткъа дукхахдерш безачарна, бевзачарна совгIатна дIасаделла цо.

Уггаре а хазахеташ тайниг муьлхарниг аьлла, шега хаттар дича:– «Уьш ерриге а цхьатерра хазахета суна. Царех хIора а дукхаезаш ца хилча-м, соьга уьш ян а лур яцара», –  жоп ло автора.

Дала шатайпа похIма делла стаг ю Эльдарханова Елена. Ша санна тайнигаш еш болчу гIарабевллачу говзанчийн белхашка хьоьжуш дог-ойла гIотту цуьнан. Цул тIаьхьа  ша хьежна суьрташ  дахара дIа а дохий, шен коьртехь керлачу тайниган васт кхуллу. Цул тIаьхьа безамца, самукъадаларца шен болх дIаболабо цо.

Еленин говзалла, шеко а йоцуш, башха а, исбаьхьа а ю. ХIинц-хIинца бен кхузаманан искусство кхуьуш йоцучу вайн республикехь цу тайпа белхаш, гайтамаш вуно мехала а бу. Искусство евзаш, езаш болчеран февраль бутт юккъе баххалц лакхахь дийцинчу тайнигашка хьовса таро ю Соьлжа-ГIаларчу Кхузаманан искусствон марказехь – Путинан цIарах проспект, № 20 йолу цIа.

А.МУСАЕВА

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: