Россин Президента В.Путина тIедиллина федеральни долаллехь хилла йолу «Чеченнефтехимпром» ОАО Нохчийн Республикин долалле дIаялар. Цу хьокъехь долчу указана куьг яздина товбецан (сентябрь) беттан 18-чу дийнахь. Мехкан Правительствос ши бутт балале цуьнан акцеш республикина дIаяларна кхачоян еза.
Карарчу хенахь «Чеченнефтехимпроман» долахь мехкадаьттан 1 эзар скважина (царах 270 гергга болх беш ю), 4 мехкадаьттан база, 500 километр сов мехкадаьттан а, газан а (проводаш) биргIанаш ю. «Чеченнефтехимпроман» 100 процент акцех пайдаоьцуш, царах гIуллакхдеш, «Россимущество» ю.
«Чеченнефтехимпромо» Нохчийн Республикин Правительствоца цхьаьна кечйина компани кхиоран стратеги. Иза тIехьажийна ю, 800 белхан меттиг а кхуллуш, литий-ионни аккумуляторш еш йолу кхузаманан производство вовшахтохаран йоккха проект кхочушъярна.
Проект кхочушъян йолийна. Нохчийчоьнан инвестицийн коьртачу проекташна юкъаяхийтина иза. Пачхьалкхо гIо дийр ду иза кхочушъярехь. «Чеченнефтехимпром» республикин долалле дIаяларо аьтто бийр бу мехкадаьтта даккхарна, цунах гIуллакхдаран заводаш ярна, кхитIе а белхан меттигаш кхолларна инвестицеш юкъаозорна. Цо банне а эшам бийр бац комплексан бахам аренде эцначу «Роснефтана».
Россин Президентана В.Путинна баркалла элира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Р.Кадыровс «Чеченнефтехимпром» ОАО регионан долалле схьаяларна.
«Тахана Россин Президента Путин Владимира куьг яздина Нохчийн Республикин экономикина мехала маьIна долчу указана. «Чеченнефтехимпром» ОАО-н 100 процент акцеш Нохчийчоьнан долалле схьалуш ю. ЧНХП-н долахь хиллачу бахамах, латтанех хIинццалц кхачам боллуш эвсаре пайдаоьцуш бацара. Иза доьзна дара ОАО-н нуьцкъаллаш меттахIитторна алссам инвестицеш юкъаозо езаш хилла хиларца», – яздина Р.Кадыровс шен Телеграмканалехь.
«ТIемаш хилале хьалха хиллачу «Чеченнефтехимпромах» кIезиг хIума дисина. Хьалха хилла заводаш, комбинаташ, мехкадаьттан промыслаш, бIеннаш километраш мехкадаьтта кховсу биргIанаш яц. Амма уьш, баккъал а дай а хилла тIедирзича, меттахIитталур ю инвестицеш юкъа а ийзош. Инвесторшца хIинцале а цхьаболу барташ бина. Къаьсттина хьашт-дезар долуш ю кхузахь Чинера а, Герггарчу Малхбалера а фирмаш а, компанеш а», – яздо цо.
Р.Кадыровс дийцарехь, хIинца баккъал а таронаш ю «Роснефто» пайдаоьцуш хилла бахам а, латтанаш а инвестицеш юкъаозорна юкъадало.
«ЧНХП-н долахь 2 эзар гергга лаьттан каппаш ю, юкъара майда 7 740 гектар йолуш, 1 100 скважина, кхин бахам бу. Дукхах йолу скважинаш болх беш яц. «ЧНХП-н» 100 процент акцеш Нохчийчоьнна схьаяларо керла таронаш схьайоьллур ю социальни-экономикин кхиорна, керла производствош схьаелларна, делахь-хIета, белхан керла меттигаш кхолларна», – билгалдаьккхина республикин Куьйгалхочо.
Д.АНАДЕВ
№71, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 21-гIа де, 2018 шо