Вайх лаьцна хIун дуьйцу кхечу къаьмнийн Iилманчаша

Нохчий муьлш бу хаа лууш дукха талламаш язбина кхечу къаьмнех болчу академикаша а, Iилманан туьшаша а (центраша). Цу талламашкара цхьаболу хаамаш оьрсийн хьостанашна тIетевжина язбина бу, кхиберш – Нохчийчохь хиллачу Iилманчашна. Оцу талламашкахь вайх лаьцна иштта дуьйцу: «Нохчий а, малхбузехьа болу церан лулахой гIалгIай а, шатайпа ши къам ду, шатайпа мотт а болуш, амма вовшашна дукха гергара а ду и ши къам, цхьаъ ду аллал. «Чеченцы» аьлла цIе оьрсаша тиллина ю нохчашна. Вуьшта, цара шайх «нохчий» олу».

1989-чу шеран бахархой дIаязбаран жамIаша гойту нохчий цхьа миллион гергга хилла хилар. Нохчий уггаре а доккха къам ду Къилбаседа Кавказехь.

Талламхоша нохчийн пачхьалкхан доза а, уьш Iаш болу меттигаш а юьйцу. Вайна ладаме дерг а, вай сагатдеш дерг а ду церан талламашна юкъахь: нохчийн мотт. Нохчийн, гIалгIайн, бацойн меттанаш цхьана орамера даьлла хилар а, вайнах цхьа къам хилла хилар а тIечIагIдо Iилманчаша. Вайнехан мотт цхьана а кхечу маттана тIера тIеэцна бац, кхечу цхьана а маттах дIакхеташ а бац. Кавказехь 30 сов мотт бу, амма вайнехан мотт къаьста царах, 5–6 эзар шо хьалха дуьйна Кавказехь хилла бу иза. Нохчийн, гIалгIайн мотт цхьаъ хилла тIаьххьалц.

Юккъерчу бIешерашкахь бен вовшахбаьлла (къасто болийна) бац вайнехан мотт. ХIетте а, Кавказерчу бакъ къаьмнийн мотт бу иза, кхидолчу къаьмнийн меттанаш санна, арара тIебеана а боцуш.

Нохчийн мотт йоккха хазна йолуш, дуккха а мукъа элпаш а, мукъа аьзнаш а, мукъаза аьзнаш а, легашкара олуш элпаш а долуш кIорга мотт бу. Вуьшта, аьзнийн онда низам ду цу меттан. БархI декъе легалуш цIердешнаш а, масех класс а ю нохчийн маттахь. Таллам бинчара дукха дуьйцу вайн меттан лардах (грамматикех) лаьцна: классаш цIердешнашца хийцаялар а, хандешнаш масдаре дерзар, и.дI.кх.а.

Дукхахболчу нохчаша (97%) нохчийн мотт шайн хьалхара (ненан) мотт лору, амма дукхахболчара оьрсийн мотт а шерра буьйцу.

Кавказерчу кхидолчу къаьмнаша санна, нохчаша а уггаре лахара а ши-кхо мотт буьйцу.

Вайн маттах лаьцна къамел чекхдоккхуш талламхоша иштта вари а до, кхерам а тосу: «Оьрсийн матто тIеIаткъам беш нохчийн мотт тIаьххьара а цхьацца хIусамашкахь бен буьйцуш хир бац, тIаккха дIабер бу иза, нохчаша само ца яхь».

Вайн исторех а, ламастех а дехха дуьйцу талламхоша. Кавказехь цара бинчу талламийн жамIаша а, карийначу ширачу билгалонаша а гойту вайн нах 6 000 шо хьалха вайн Даймахкахь хилла хилар.

Иштта дуьйцу цара: «Нохчий цу лаьтта тIехь бехаш хилла 6 000 шо хьалха, кхин а дуккха хьалха хилла хила а мега. Карийначу (археологин) цхьайолчу ширачу лараша 8 000 шо хьалха хилла хилар а гойту».

Иштта, вайн динах а, юкъараллех а, экономикех а, вайн дайша лаьмнашкахь латтийначу низамах а, къоман кхелахойх а дуьйцу талламашкахь.

Вайн къомах боцучара дикка къахьоьгуш бина талламаш бу вайх лаьцна. Вайниг шира къам хилар а, вайн мотт дукхахдолчу меттанел хьалха дуьнен тIехь хилла хилар а гойту цара. Иштта талламаш хилар вайна дозалла ду. Вай ваьш тидаме а лоцуш, вайн матте баха а беза и талламаш.

БАКИР Iабдул-Хьамийд

КхидIа деша луучунна талламийн хьостанаш иштта ду:
● Lesley. 1960. The Sabres of Paradise. New York: Viking. Лесли. 1960. «Ялсаманин тарраш». Нью-Йорк. Викинг.
● Comrie, Bernard. 1981. The Languages of the Sovie. Комри, Бернард. 1981. «Советийн меттанаш».
● Conquest, Robert. 1970. The Nation Killers: The Soviet. Конквест, Роберт. 1970. «Къаьмнаш дойурш: Советаш».
●The Economist, November 28, 1992, p. 60. Blanch, Union. «Экономист» журнал, лахьанан (ноябрь) беттан 28-гIа де, 1992ш., агIо 60. Бланч Юнион.
● Cambridge: Cambridge University Press. Deportation of Nationalities. London: Macmillan. Critchlow, James. 1991. Камбридж университетан зорбанан хьоста. «Къаьмнаш суьргин дар». Лондон: Макмиллан. Кричло, Джеймс. 1991.
● Николас, Джоана. 1994. «Нохчий», «ГIалгIай», «Кавказан меттигера меттанаш».

№72, шинара, товбецан (сентябрь) беттан 25-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: