Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин иэсан Ерригроссин «Кавказан аз» цӀе йолчу VII-чу радиофестивалан толамхой билгалбахаран гӀуллакх дӀадаьхьира хIокху деношкахь Дагестанерчу ХӀинжаГӀалахь (Махачкала).
Цигахь дакъалоцуш хиллачу Нохчийчоьнан къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата тидам тIебахийтира оцу радиофестивалан гурашкахь Россин дукхахйолчу субъекташкара аьзнаш хезаш хилар.
Мероприяти ХӀинжа-ГӀаларчу банкетийн «Камелот» зала чохь дӀаяьхьира.
Жюрин декъашхоша билгалдаккхарехь, хӀокху шарахь радиофестиваль-конкурсе 40 субъектера 250 болх баийтинера.
Ерригроссин «Кавказан аз» VII-чу радиофестивалан толамхой хилларш хIош бу:
«Iуьйренан шоу» номинацехь:
I-ра меттиг – Ё.Виолетта а, М.Старовойтов а, «КАЗАК ФМ», Краснодар;
II-гӀа меттиг – О.Ершов а, И.Преображенская, «РадиоВерсия» 100.3FM, Добрянка;
III-гӀа меттиг – Х.Мазгарова а, Р.Юсупова а, РПВК «Дагестан», ХӀинжа-ГӀала.
«Хаамийн программа» номинаци:
I-ра меттиг – Т.Полунин, радио «МИГ», ЯНАО, Ноябрьск;
II-гӀа меттиг – ПТРК «Нижний Новгород», Нижний Новгород;
III-гӀа меттиг – Ж.Абросимова, ПТРК «Липецк», Липецк.
«Тематикин программа» номинаци:
I-ра меттиг – З.Грязева, «Радио Губерния», Воронеж;
II-гӀа меттиг – Р.Загаев, НПТРК «Грозный», Р.Джаватханов, ПТРК «Вайнах»;
III-гӀа меттиг – С.Ханова а, Л.Бабаниязова а, радиоканал «Вятские волны», ГӀезалойчоь, Мамадыш.
1) «Тематикин программа» номинацин леррина совгӀат – Н.Джамалодинова, радио «Ватан», ХӀинжа-ГӀала.
2) «Iуьйренан шоу» номинацин леррина совгӀаташ – А.Хаджаев а, А.Глебова а, радио «ФМ-на Дону», Дона-тӀера-Ростов.
3) «Хаамийн программа» номинацин леррина совгӀат – И.Храпова, МАУ «Муравленко Медиа», ЯНАО, Муравленко.
Мероприяти хӀора а шарахь дӀахьош ю Нохчийчоьнан къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствос а, Къаьмнийн гӀуллакхашкахула йолчу федеральни агентствос а.
Фестивалана гӀо-накъосталла деш ю Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарах йолу юкъараллин фонд а, хаамийн «ТАСС» агентство а, «ТРАКТ» а, «ЭМПИКС» а юкъараллаш а.
И.ИСЛАМОВ
№72, шинара, товбецан (сентябрь) беттан 25-гIа де, 2018 шо